«Шен дикчу кIенташка дIаала боху цо…»

Тахана ахь караийци «Даймохк» газетан дуьххьарлера номер. Хьуна тIекхача гIерташ беха некъ би кхуо. Цуьнан ойла елахь. Даймехкан косташ хьоьга дIакхачо хьаьгна, хала некъ би кхуо. Цуьнан а ойла елахь. Хьоьга хIара схьакхачо гIевттинчохь некъаца эгна бисина хьайн халкъан хийла дика кIентий дагахь латтабелахь. Хьуна тIе кхуо некъ бина хан итт шо я бIе шо хилла ца Iа хьуна, хIунда аьлча, Даймохк гуттар а хилла бу, хир болуш а бу. Даймехкан зама ю азаллера абаде кхаччалц.

Газетан шира номерш

Вай бинарг-м беха некъ бай. Гуттар а Даймахкехьа а бина и. Вай-м хIинц-хIинцалца а цIа кхачаза дара, хIунда аьлча, шахьар, юрт хиларх а ца тоьу, хьан Даймохк хила, я хьан ков-керт хилар а ца тоьу цунна. Хьан уггаре а курачу ойланан бохь а дIахьакхабелла, хьан букара сетта дезар доцуш, Даймахкана тIехула леккха стигал хила еза.

Ахь къобал винарг бен хьаша воцуш, ахь лаьцнарг бен доттагI воцуш, ахь леринарг бен мостагI воцуш, хьайн безамна, цабезамна хьо маьрша хила веза Даймахкахь.

«Вай цIадохуьйту ца боху?», – олий, вай хоьттуш хилла заманаш дагайогIий хьуна? Вай хIинца цIа даьхкина. Тахана баккъал а цIа кхаьчна вай.

Эзар хало, эзар харцо эшийна, маьршачу Даймахкахь дерг бен дахар доцу дела, маьршачу вешан махка цIадирзина вай. Ден, ненан юкъ чIагIъян дуьнен чу долу бер санна, вешан цIахь вайн арадолу «Даймохк» газет. Цхьана а къомаца гамо йоцуш, тIаьхьабисина бекхамаш бан Iалашо йоцуш, маьршачу нахана гуттар а маьрша хила вай Iамо арадолу иза. Деза декхар ду кхуо шена тIеоьцург, амма иза дIакхехьалур ду кхуьнга, хIунда аьлча, кхуьнан ницкъ а, хьекъал а хIара кечдан гIертачу масех стагехь хилла ца Iа, вайн дийнна халкъехь и каро сатуьйсу «Даймахко». Шена шу ма-деззара, шуна ша а дезаре, эшаре догдоху.

Делахь вай новкъа девли-кх. Лам баккхал хиллачу вешан дайн собар, мостагIчун а сийдеш хиллачу церан оьздангалла, гIиллакх, – и дерриге а меттахь латтийна церан яхь схьаоьцур вай оцу новкъа. Къаьмнаш а, тайпанаш-тукхамаш а ца къестор вай – стаг верг стаг ву. Динаш а, вирдаш а ца дуьйцур вай – Дела цхьаъ ву. Девнах шура ца йолу баьхна вайн дайша. Тоьур бу бина тIемаш а, девнаш а, къахьоьгур вай. Дала а аьлла боху, бахьана леладе. Цхьацца бахьаница схьахир ду рицкъ а. Дала ларвойла стаг ша-шен сиэхьа валарх!

Цкъацкъа вай цу зила тIе кхача дохку техьа олий а, хета. Амма адаман хьекъалх, кхетамах болу тешам боккха бу. Дала мукъ лахь, вай вешан адамаллех девр дац.

Бакъ, харц къастош хила деза. Амма чучча ца гIиртича а, къасталур ду и. Къовсам дашца хила беза. Цхьанна хетара, цхьанна иштта хета лаьара аьлла доцуш, хьекъале, нийса дерг толо беш хила а беза и къийсам. Цу тайпанарчу дашна тахана а, массо ханна а дIайиллина ю «Даймохк» газетан агIонаш. Язде хIета. ТIаьхьенашна хьалха вай юьхьIаьржа хIуьттур доцуш хьулда-кх вай тахана олу, дIаязде хIора дош, ишттачу дашца йогIуш – вайн хIора гIулч а!

Юха а… Баркалла, «Ленинан некъ»! Хьуна тIера юхадовлуш дац тхо. Амма дерриге некъаш а Даймахкехула ду-кх. Цундела… Марша догIийла «Даймохк»! ТIаьхье беркате хуьлда хьан!

№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: