Сапаров Iела Нохчийн Республикин Суьрташдахкархойн союзан декъашхо а, 2007-чу шарахь дуьйна ГIалгIайн Республикин халкъан суртдиллархо а ву.

ХьастагIа, Культурин белхахочун де билгалдоккхучу дийнахь, «Нохчийн Республикин хьакъволу суртдиллархо» цIе елла цунна. Iела вевзачарна массарна а хазахетта цуьнан кхоллараллин а, къинхьегаман а некъан иштта лакхара мах хадийна.
Карарчу хенахь Нохчийн Республикин П.Захаровн цIарахчу Къоман музейхь болх беш ву Iела. Цуьнгара интервью ийцира оха. Иза газетдешархошна мелла а дика вовзийтаран Iалашонца.
– Суртдилларан говзалла маца, хьан марзйира хьуна?
– Тхайн школерчу а, гIаларчу а библиотекашкара туьйранийн книгаш цIа йохьий, уьш ешна ваьлча, сайна хазахеттачу турпалхойн суьрташ дохкура ас. Иштта, школерчу парти тIехь а юьтура сайн «автографаш». Грозненски кIоштарчу Чечанахь дIаяьлла сан бералла. Цигарчу №1 йолчу школехь дийнахь, ткъа суьйранна Соьлжа-ГIалахь доьшура ас. Соьлжа-ГIалахь берийн №1 йолчу исбаьхьаллин школе деша дIавеллера со тхан нанас Залпаа. ХIетахь, хIинца санна, ваха-ван микроавтобусаш, таксеш яцара, пачхьалкхан автобус хуьлура белхалой я студенташ дIасалелош.
Суьйранна юьрта уггаре а тIаьхьа йогIучу автобусан водительна вевзий, цо Чечана цIа вуьгура со. Ас исбаьхьаллин школехь доьшучу хенахь, школин директор Земсков Радион вара. Сан хьехархо вара оцу школехь уггаре а тоьлла лоруш волу Радченко Борис.
Сан суьртийн дуьххьарлера «хьажархо» я критик ненада вара. Стаг куьйгана говза хилар доккха хIума хеташ вара иза, цундела суна цхьажимма дерг Iемича а воккхавевора, наггахь ахча а лора.
Исбаьхьаллин школехь, кхечу школашкахь санна, низам дара, хьехархой шайн белхан говзанчаш бара, школин академин база дика яра.
1980-чу шарахь чекхъяьккхира иза. Цул тIаьхьа эскарехь гIуллакх дан вахара.
– Iела, суртдилларан искусствон муьлха жанраш яра хьуна тайнарш?
– Суртдиллар бен кхин говзалла, гIуллакх дезаш а, гуш а вацара со къона волуш. Эскарехь гIуллакх дина ваьлла, цIа веача Москвана уллерчу Абрамцовехь йолчу В.М.Васнецовн цIарахчу исбаьхьаллин-промышленни училищен дечиг агар карадерзоран отделене деша вахара. Шира, йоккха истори йолуш училище ю иза.
1885-чу шарахь ахархойн доьзалашкарчу берашна дечигах пхьола дан Iаморан Iалашонца схьайиллина йолчу цигахь, гIарабевллачу суьрташдахкархойн В.М.Васнецовн а, И.Е.Репинан а, Е.Д.Поленовн а суьртийн бустамашца дечиг агаран говзалла караерзорна евзина яра иза дуьненахь а.
Цигахь йина йийбар мехала яра. Училищехь доьшуш волуш, суна кхаьчна хьехархо шен похIмица, цIарца Россехь а дика вевзаш волу Колотилов Александр вара. Суртдилларан живописан, композицин къайленаш йовзийтира цо. Цо мел хьехнарг мехала а, оьшуш а дара кхоллараллин балха тIехь.
Юха, 1997-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь искусствон факультетехь исбаьхьаллин-графикин отделени схьайиллича, цига деша вахара. Суртдилларехь ерриге а жанраш а йовза лаьара суна. Портрет, пейзаж, графика, акварель, карикатура, эбру олучу жанрашкахь а къахьийгира.
– Эбру… Оцу жанрах лаьцна а, хьайн дуьхьарлерчу гайтамах лаьцна а ахь мелла а шуьйра дуьйцийла лаьара.
– Йоккха «эскурси» ян деза вайн тIаккха сан кхолламехула.
Хууш ма-хиллара, вайн массеран а дахар а, кхолламаш а, сатийсамаш а дагахь доцучу агIор хийцира 1994-чу шеран гуьйранна дIабуьйлабеллачу хиламаша. ТIом, некъаш, гIело, иэшамаш. Соьлжа-ГIалахь йолу хIусам егира, бан болийна белхаш, гулйина библиотека, коьртачу декъана искусствох лаьцна литература хIаллакьхилира.
Хене вала везара. ДIасадаьхьна дисина суьрташ а кепекех дIадохка дийзира. Беттанаш, шераш дIаоьхуш, юха а шолгIа тIом белира Нохчийчохь 1999-чу шарахь.
Iер-вахарх, балхах-некъах мукъа ваьккхинчу соьга хабар кхечира Польшерчу Краковехь Я.Матейкон цIарахчу исбаьхьаллин академехь деша аьтто бу аьлла. Амма Польше дIакхачар ца нисделира паспорт «нохчийн» хиларна.
Дагахь а доцуш, Хонкарахь сецира. Истамбулехь диъ шо даккха доьгIна хиллера. Делахь а, эрна ца яйра цигахь яьккхина хан.
2001-чу шарахь Истамбул гIаларчу Ататюрк Кемалан цIарахчу библиотекехь дуьххьарлера гайтам хилира сан. Акварель жанрехь 40 болх бара туркойн хьовсархойн кхиэле биллина. Шина-кхаа дийнахь и дерриге 40 сурт дIаийцира цара. Хонкарахь ворхI гайтам вовшахтоха аьтто бира сан Истамбул гIалин мэрин куьйгалло.
Хонкарахь вехачу гIебартойн къомах волчу туркойн вевзаш волчу суртдиллархочо Озель Ахьмада доккха гIо-накъосталла дира. Суна пхьалгIа нисйина ца Iаш, суьрташ дохкуш оьшуш мел болчу гIирсашца кхачо а йира цо.
Иштта, оцу шерашкахь караерзийра, дукха хенахь дуьйна юьйцуш хезна йолу, Эбру олу шира жанр.
Эбрух жанр аьлла а ца Iаш, суртдилларан техникин кеп эр дара ас. Цкъа хьалха ГIажарийн махкахь, юха Османан имперехь гIараяьлла яра эбру. Эбру жанрехь сурт дилла шатайпа кехат а, шатайпа басарш а оьшу. Уьш крахмал, хIоан кIайдарг, хьайбан мутт, мехкадаьтта вовшахъэдеш кечдан дезаш ду. Хи чохь дешаш а ца хуьлу и басарш. Европехь эбру жанрехь суртдилларх «туркойн кехат» яздар аьлла цIе тиллина. XI-чу бIешарахь юкъаяьккхина яра цуьнан технологи. Доцца аьлча, иштта ю цуьнан «рецепт».
Диттан муттанна тIедутту кечдина басар, и, цунах дIа ца уьйш, тIехула лацалой дуьсу, юха оцу басарна тIехь къоламан метта маха а лелош хьайна деза сурт дуьллу. ТIаккха оцу суьрта тIе кехат дуьллу. Сурт кехат тIе долу (зорба тоьхча санна).
Туркойн говзанчас Окйяйем Нежметтином ву и кеп юкъаяьккхинарг. Оцу технологин къайле цхьанна юьйцуш а, гойтуш а яцара цара. Нохчех со дуьххьара ву цара Iамийнарг. Эбрун кхин цхьа йоккха башхалла ю, цуьнца маьждигаш кечдан магийна хилар а.
– Хонкарара цIавар хьайн лаамехь нисделирий хьан?
– Сахьаьвзина, кхидIа Iен ца велла веара цIа. Хонкарахь гуш долчу гIенашкахь со цIахь хуьлура. Цу тIе нана а жима яц сан, 81 шо ду цуьнан. Со цхьаъ кхобуш Iийна ю иза.
– Хьайн суьртех уггаре а дика нисделларг муьлха ду аьлла хета хьуна?
– Цкъачунна, хIинца а довзаза ду суна сайна ма-хетта кхиаме сурт.
– Портрет жанр а яц аттачех. Кхиъна ваьлла, шен гIуллакхан говза пхьар бен ца хIутту портрет дилла. Ткъа хьан гIарадевлла девзаш портреташ кIезиг дац.
– Воккха а хилча, тIемаш, халонаш а гича, дуьнене болу хьежам хийцало, искусстве йолу марзо ца йийцича а. Даймохк, цуьнан кхоллам, сатийсам, вайн халкъан мехаллаш коьрта тема хуьлу сан кхоллараллехь.
«Йоккхачу стеган портрет» а, «Къоначу нохчийн йоьIан портрет» а суьрташ дара ас дехкинарш. Юкъа йоккха хан йоьлла ши зуда елахь а, амма юкъара хIума дуккха а хаало цаьршингахь. Иза – эсалалла, эхь-бехк, синтем хилар ду.
Царна вуонаш ца гина бохург а дац иза. Нохчийн зударийн оьздангаллин васт гайта лиънера суна. Цул тIаьхьа историн тематикехь «Гиххойн Таймасха», «Чеченский Александр», «Шайх Мансур» портреташ дехкира. Искусство езархошна хазахеттера аьлла а хийтира суна уьш.
Иштта, залашна декорацеш а йо ас. Цхьа зал «флора и фауна» аьлла ю. Вайн махкахь йолчу акхаройн, олхазарийн суьрташ, аьзнаш далийна ас оцу инстоляцехь. ШолгIа зал Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамна лерина кечйина ю. Цкъачунна, презентаци яллалц, дIакъевлина ю и залаш.
– Хьайн пхьалгIа, белхан меттиг юй хьан?
– Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Суьрташдахкархойн союзан шен гIишло яц. Музейш ю вайн, амма исбаьхьаллин пхьалгIанаш яц. ХIора суртдиллархо, шена амал бина, хене волуш ву. Со республикин Къоман музейхь залаш кечъяран белхан отделан заведующи ву карарчу хенахь.
Къоман музейн директор волчу Асталов Вахас, музей чохь меттиг елла, пхьалгIа яйтина соьга. Музейн ларма санна йолчу лахарчу гIат тIехь ю пхьалгIин чоь. Маьлхан серло а, хIаваъ а чу кхочуш ца хилча хила ма-еззара пхьалгIа ца хуьлу цунах. Дийнахь, маьлхан серлонехь болх беш санна ца хуьлу чиркхийн серлонехь болх бар.
Делан къинхетам бу иштта пхьалгIа хилла а, сайн белхан а, кхоллараллин а меттиг хилар.
– Iела, тхуна хазахетта хьуна «Нохчийн Республикин хьакъволу суртдиллархо» цIе елла. Дала аьтто бойла хьан дахарехь а, кхоллараллехь а!
Хьан белхаш, кхин а алсамбуьйлуш, дуьненахь а гIараевллачу музейн гайтамашкахь хуьлийла лаьа тхуна.
Интервью дIаяьхьнарг – З.Эльдерханова
Суьрта тIехь: Культурин министр Х-Б.Дааев а, I.Сапаров а
№29, шинара, оханан (апрель) беттан 17-гIа де, 2018 шо