Дагалецира Даймехкан турпалхой

IMG_0598

Даймехкан турпалхойн денна лерина зезагаш дехкира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун  Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу «Сийлаллин Аллейрчу» х1олламна хьалха.

Билгалдаккха дог1у, «Даймехкан Турпалхочун де» – 9-г1а декабрь Россехь 2007-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш хилар.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министр Жамалдаев Шаид, иштта оцу министерствона чуйог1учу хьукматийн куьйгалхой, кхиберш.

Дакъалацархоша массара а зезагаш дехкира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин синна х1оттийначу мемориалан х1олламна хьалха.

9-чу декабрехь  махкахь д1адаьхьира Советски Союзан, Россин Федерацин турпалхой, Сийлаллин Сийлахьчу Георгийн орденийн  кавалераш ерриге а Россехь дагалоцуш, декъалбеш г1уллакхаш.

Р.МУСИПОВ

Авторан сурт 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: