Соьлжа-ГIалахь кестта схьайоьллур ю дельфинари а, масех «жима-парк» а

Соьлжа-ГIаларчу садаIаран «Соьлжа-ГIалин хIорд» комплексан кертахь еш йолу дельфинари схьаелла лерина хIутосург (май) баттахь. Иза схьаеллар «республикин бахархошна а, Россин кхийолчу субъекташкарчу хьешашна а боккха кхаъ хир бу, эзарнашкахь хьеший а оьхур бу цига шайн доьзалшца», – билгалдаьккхина республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.

Кадыров Рамзан а, Кадырова Медни а, Хучиев Тамерлан а Соьлжа-ГIалахь ечу дельфинарехь

Цу чохь 8 бассейн (шайна юкъахь карантинан бассейн а йолуш) хир ю. Царах цхьаерш чохь лийча а, шоу-программаш дIаяхьа а йиш йолуш хир ю. Амма дельфинари еккъа цхьана бассейнаша дIалаьцна хир яц – проектаца нийса а догIуш, масех футкорт (сиха хIума кхалларан меттиг) а, ангалин бух болу чIерийн ресторан а, интерактиван чоьнаш а хир ю цу чохь.

Дельфинари схьаелларо белхан 300 сов меттиг хуьлуьйтур ю.

Цул сов, «Соьлжа-ГIалин хIордан» кертахь говраш хахка Iаморан «Сира дин» клуб а, динозаврийн «Дино-Юрт» парк а схьаелла лерина. Оцу объекташкара белхаш а чекхбовла герга бахана.

Иштта, берашна а, кхиазхошна а лерина ши-кхо «жима-парк» а, аттракционийн парк а йина ца Iаш, масех объектехула чекхболучу «тайниган» цIерпоштана аьчканекъ а бу буьллуш.

Ерриге а проектех схьакъаьсташ нохчийн ширачу юьртан кепехь йина юрт ю. Иза, проекта тIехь къахьоьгучу говзанчаша билгалдаккхарехь, хьешашна нохчийн ярташкахь Iер-дахар муха хилла довзийтаран а, соьлжагIалахошна шайн халкъан орамех ца хада гIоьнна а лерина ю.

Республикин куьйгалло билгал ма-даккхара, оцу комплексан кертахь кхочуш мел йолу объекташ тайп-тайпанчу инвестицийн а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Юкъараллин гIоьналлин фондан а чоьтах еш ю.

Билгалдаккха догIу «Соьлжа-ГIалин хIорд» комплексан кертахь масех отель а, спортан а, могашалла меттахIотторан а «Аква» туш а, божаршна а, зударшна а лерина пляжаш а, лакхахь хьахийна йолу дельфинари а, говраш хахка Iаморан клуб а, динозаврийн парк а ю. Цул сов, 2015-чу шарахь оццу комплексехь схьайиллина 300 метр еха а, 40 метр шуьйра а йолу чухчари.

И чухчари, цхьаболчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша бечу хаамашца нийса а догIуш, хи чохь йолчу чухчарех дуьненахь а уггаре йоккха ю.

И.АДАМОВ

Архивера сурт

№30, пIераска, оханан (апрель) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: