Медицинин организацешкахь керла системаш юкъаялор ю

ХIокху шеран оханан (апрель) беттан 12-чу дийнахь куьг яздинчу омрица нийса а догIуш, Россин Правительствон тIаьхьалонан фондера Россин Федерацин субъекташкарчу могашалла Iалашъяран пачхьалкхан а, муниципальни а (медицинин-санитарин хьалхара гIо даран) организацешкахь медицинин хаамийн системаш юкъаялоран Iалашонца билгалдоккхуш дерг дерриге а 2 миллиард сом ду. Ахча къастийна мехкан 75 регионна.

И кехат кечдина Россин могашалла Iалашъяран министерствос «Электронни могашалла Iалашъяр» маьIне проект кхочушъяран Iалашонца (оцу проектан паспорт тIечIагIдина 2016-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 25-чу дийнахь Россин Президент волчохь стратегин кхиарехула а, маьIнечу проекташкахула а йолчу Советан президиуман кхеташо хиллачул тIаьхьа).

Оцу проектаца нийса а догIуш, хаамийн технологеш юкъаялорца бахархошна медицинин гIо даран эвсаралла лакхаяккхаран Iалашонца могашалла Iалашъяран учрежденешкахь медицинин кехаташ электронни кепехь лело а деза, иштта, электронни хьашташ кхочушдархьама пачхьалкхан хьаштийн юкъарчу порталехь дархочун шен кабинета чохь «Сан могашалла» декъехь пачхьалкхан хаамийн юкъара система юкъаяло а еза.

Медицинин-санитарин хьалхара гIо дечу медицинин организацешкахь хаамийн система юкъаялор бахьанехь таро хир ю:

– медицинин организацешкахь лоьраша дархой тIеэцаран раж электронни кепехь лело;

– бахархойн, генахь боллушехь, пачхьалкхан хьаштийн юкъарчу порталах пайда а оьцуш, лоьрашна тIебаха дIаязбала;

– медицинин кехаташца долу гIуллакхаш электронни кепехь лело (цу юкъахь ду дархойн медицинин электронни карташ лелор, медицинин организацешна юкъахь лелаш долу кехаташ электронни кепехь дIасадахьийтар);

– могашалла Iалашъяран декъехь йолчу пачхьалкхан хаамийн юкъарчу системица автоматизацин кепехь цхьаьнагIуллакхашдан;

– яр тIехь долу медицинин страховани яран меттигерчу фондашка махбалийта, бахархошна медицинин гIо даран чот ян а, оцу фондийн хаамийн системашца автоматизацин кепехь цхьаьнагIуллакхашдан а.

А.ВАХАЕВА

№30, пIераска, оханан (апрель) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: