Нохчийн пачхьалкхан колледжан выпускникаш – хикеманаш дечу заводехь

Нохчийн пачхьалкхан колледжан хьалхарчу выпускан студенташ кестта балха хIитто лерина хикеманаш даран «Звезда» комплексе. Цунах лаьцна хаам бина белхан гIуллакхца Соьлжа-ГIала баьхкинчу Генарчу Малхбален хикеманаш даран а, царна ремонт яран а туьшан (ДЦСС) а, хикеманаш даран «Звезда» комплексан а векалша.

Киранан хикема (хIордкема)

Нохчийн пачхьалкхан колледжан студенташца делегацин векалша дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийчоьнан Правительствон вице-премьера Ахмадов ШахIида а, дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала а.

ДЦСС-н персоналан урхаллин хьаькама Кондратенко Иринас билгалдаьккхира «Звезда» комплексе Нохчийчуьра билггал балха буьгур болчу выпускникийн барам тесташ ярца къастор болуш хилар.

Иштта, цо дийцира оцу Комплексе балха буьгуш болчу выпускникех, уггаре а хьалха, Къилбаседа Кавказан федеральни округеранаш хиларх лаьцна.

«Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу субъектех Нохчийчоь дуьххьарлерниг ю. Тхуна къаьсттина оьшурш, шайн болх а бевзаш, болх бан а лууш болу сварщикаш бу. Карарчу хенахь Комплексехь болх беш 1 200 белхало ву. Амма предприяти кхуьуш йогIуш хиларе терра, карарчу шарахь кхин а 1 800 белхало а, 2023-чу шарахь 7 400 белхало а оьшур ву тхуна», – элира цо.

Нохчийн пачхьалкхан колледжах лаьцна а элира цо масех дош.

«Колледжехь дика хьелаш кхоьллина. Деша лаам болчу студенташна Нохчийн пачхьалкхан колледжо хаарш а, говзалла а лур ю. Ткъа студенташ деша лаам болуш хиларх тхан цхьа а шеко яц, хIунда аьлча, кхаьргарчу гIиллакхо а, кхарна лела хааро а цецдаьхна тхо. Ишттачарна деша ца лууш хуьлийла дац!», – билгалдаьккхира Кондратенко Иринас.

И.ХАСАХАНОВ

№30, пIераска, оханан (апрель) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: