БегIийлачу хьелашца еана хIокху шеран бIаьсте. Латта Iабош догIанаш ихира. Хенан хIоттам тобаларца аренашкахь дIаболийна бIаьстенан белхаш.

ХIора белхан дийнах кхоамца пайдаоьцу Теркан кIоштарчу латталелорхоша а. Хьалхарчу рогIехь, лаккхара дикалла йолуш, латта кечдина, бIаьстенан культураш дIаен йолийна. Иштта, 800 гектара тIехь горохаш а, 100 гектара тIехь сула а, 500 гектара тIехь мукх а дIабен болийна.
ДIадуьйш дерг дикалла лаккхара йолу хIу ду. ХIокху бIаьста тайп-тайпанчу культурин хIу дIадийна 1 500 гектар майданашка. Цуьнца цхьаьна гIайгIа бо гурахь дIайийначу культурийн а.
Дараш доцуш, алссамчу барамехь ялта чуэца Iалашо хIоттийна шайна хьалха меттигерчу аренашлелорхоша. Кхиочу культурийн барам алсамбаккхархьама баккхархьама 4 000 гектара тIе минералийн удобренеш тесна. Цул сов, культураш садолчу зенечу хIуманех ларъярхьама химобработка а йина 1 600 сов гектар майданахь.
Х.ЖАПАРОВ
№30, пIераска, оханан (апрель) беттан 20-гIа де, 2018 шо