Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос дIакхайкхийна республикин «Нохчийн маттахь журналистийн тоьллачу материалийн конкурс». Иза лерина ю оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь билгалдоккхучу Нохчийн меттан денна.
Нохчийн халкъан ламасталлин лехамаш ларбарехь нохчийн матто дIалоцучу меттиган мехалла йовзийтар ю конкурсан Iалашо.
Конкурсехь дакъалаца йиш ю 2018-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнера оханан (апрель) беттан 23-чу дийне кхаччалц болчу муьрехь шайн материалаш зорбане евллачу авторийн.
Материалаш кхаа декъехь толлур ю: 1) говзалла, 2) язъяран хатI, 3) нийсаязъяран бакъенаш а, культура а йовзар.
ДIакхайкхийна ю кхо номинаци: 1) телевидени, 2) радио, 3) зорбанан изданеш а, интернет а.
ХIора а номинацехь толаман а, совгIатан а кхоккха меттиг ю билгалъяьккхина.
Конкурсана лерина материалаш схьаоьцуш ю оханан (апрель) беттан 16-23-чуй деношкахь хIокху адресца:
Соьлжа-ГIала, Дудаевн бульвар, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство, Зорбанан а, интернетан а изданийн отдел (Радион цIа, 4-гIа гIат).
Телефон: +7(8712) 29-57-96.
Конкурсан жамIаш Нохчийн меттан де даздаран гурашкахь довзуьйтур ду.
№30, пIераска, оханан (апрель) беттан 20-гIа де, 2018 шо