Сейлмуханов Мусан – 70 шо

А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь Нохчийн Республикин халкъан поэтан Сейлмуханов Мусан 70 кхачар билгалдоккхуш кхоллараллин суьйре хилира.

Поэт, журналист, суьрташдахархо декъалван баьхкинера республикехь бевзаш болу культурин, дешаран, искусствон хьаьрмийн векалш, юбиляран накъостий, гергара нах. Царна юкъахь Нохчийн Республикин хьакъболу журналисташ Аболханов Хьаьким, Дадаев Сайд-Хьасан, Кусаев Iадиз, яздархой Исмаилов Абу, Айдамирова Машар, Iилманчаш Индербиев Гилани, Абумуслимов Iабдул, евзаш йолу нохчийн меттан хьехархо Вагапова Асет, республикин С.Михалковн цIарахчу берийн библиотекин директор Сайдумова Зулай яра.

Иштта, Веданан кIоштарчу Элистанжара, Мусан юьртара а, тIаьхьарчу шерашкахь иза вехачу Невран кIоштара а баьхкина дуккха а хьеший бара суьйренехь.

Суьйре дIахьош историн Iилманийн доктор Гарсаев Ваха вара.

Муса республикехь вевзаш ву дуккха иллийн автор а, суьрташдахархо а санна. Царах цхьаъ – «Безаман дитташ» Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана лаккхара мах хадийна долу илли ду. ТIаьхьарчу хенахь берашна лерина цо шен кхолларалла.

Мусан хьехархо хиллачу Индербиев Гиланига дош делира цкъа хьалха. Цо билгалдаьккхира Муса жимачохь дуьйна гIиллакхца, дешарца къаьсташ хилла хилар. Къоман литература, Даймехкан Iалам, шен юьртахой дукхабезаш оьзда кхиъна ву Муса. Иза оцу суьйренехь хиллачу наха массара а билгалдаьккхира. Леррина Элистанжин юьртан Культурин цIийнера веанчу Везирханов Казбека иллин совгIат дира юбилярана.

Дадаев Сайд-Хьасана, Нохчийн Республикин Журналистийн союзан куьйгалхочун цIарах Сийлаллин грамота луш, декъалвира Муса, цо вайн махкахь уггаре хала даьхкинчу шерашкахь «Даймохк» газетехь болх бина хилар хаийтира.

Республикехь лоруш, безаш болчу яздархоша Кусаев Iадиза, Айдамирова Машара, Бухадиев Мусас, Исмаилов Абус, Невран кIоштан администрацин векала Кушаев Рамзана декъалвира юбиляр.

Республикин Iилманийн Академин векала Абумуслимов Iабдуллас академин куьйгаллин цIарах декъал а веш, Сийлаллин грамота елира М.Сейлмухановна.

Берийн библиотекин директора Сайдумова Зулайс дийцира Муса библиотекин воккха накъост хиларх, оьшучу хIуманна тIехь даима а карош хиларх лаьцна.

Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран департаментера еанчу Шамерзаева Яхас билгалдаьккхира Муса берийн дешарх дог лозуш, шен халкъан патриот хилар.

Леррина Мусан сий дан веанера цуьнан юьртахо, илланча Джабраилов Шарип. Чулацаме, кIорга маьIна долу иллеш элира цо.

Нохчийн Республикин халкъан артиста Межидов Сахьаба а даьккхира кхузахь вовшахкхеттачеран самукъа. Библиотекин къоначу ешархоша Мусан байташ йийшира, ткъа къоначу яздархойн цIарах юбиляр декъалвира поэтессаша Халикова Асета а, Тапалаева Амината а.

Муса оьзда, собаре, нохчийн гIиллакхца вехаш хилар чIагIдора массара. Доккха ирс ду ша нахана веза хаийтар. Хаза чекхъелира Сейлмуханов Мусан 70 шо кхачарна лерина суьйре.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрта тIехь: Сейлмуханов Мусан кхоллараллин суьйре

№30, пIераска, оханан (апрель) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: