Къоначу хьовсархойн самукъадер ду спектаклех

Нохчийн Республикин Къоначу хьажархочун театрехь тайнигийн «Красная Шапочка» спектаклан репетицеш дIайолийна театран артисташа.

Къоначу хьажархочун театран актерийн репетици

Москвара кхайкхина валийна волу режиссер, Россин Федерацин хьакъвлу артист Домбровский Вадим ву спектаклан постановки тIехь актерашца къахьоьгуш. Иштта, цунна гIо деш ю художник Кашенина Наталья.

В.Домбровскийс Нохчийчохь хIиттийна спектаклаш («Теремок», «Кот в сапогах», Веселые медвежата») кегийчу хьовсархоша дика тIеэцна а, царна дика евзаш а ю.

Вайна ма-хаъара, «Красная Шапочка» туьйра берашна дукхадезаш ду. Перро Шарлан «Сказка о Красной Шапочке и Сером волке» массарна а девза. Бераш экаме а, дог-кIеда а хьовсархой хиларе терра, церан дог цадохорхьама, Домбровский Вадима хIоттийначу спектаклехь борз хир яц. Цу юкъахь вуон турпалхо йолу борз ца хилча-м, «диканиг» бен ца гойтуш, дуьнен чохь «вуо» дан а доцуш санна дIайоьрзур яра и спектакль.

Цундела, оцу агIор берийн ойла а, кхетам а цаIехорхьама, пхьагал юкъайоккху. Амма, иза вуон турпалхо яц, мелхо а, тIехIоьттинчу халонех чекхйоккху цо йоI (Красная Шапочка).

Къоначу хьажархочун театран артисташа гойтуш йолу хIора а спекталь «дика» а, «вуон» а, дика а, вуон а адамаш нислуш хилар берашна хоуьйтуш ю. ТIаккха, дахарехь дерриге а цхьатерра дика хуьлуш цахиларх бераш кхеташ хилча, царна мелла а атта хир ду.

Къона хьовсархой хазахетарца ларъеш бу спектакль.

Кечйинарг – З.ХАСИЕВА

№30, пIераска, оханан (апрель) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: