Баркаллех барз хуьлуш хилча

Баркаллех барз хуьлуш хилча дукха лекха хир бара Веданан кIоштарчу Хоттане юьртарчу вахархочун Магомадов Iузайран баркаллийн барз.

Суьрта тIехь: Магомадов Iузайр

1961-чу шарахь дуьйна 2014-гIа шо кхаччалц юьртарчу школехь болх бина цо, дIаволалуш – юьхьанцарчу классашкахь а, тIаьхьо – нохчийн мотт, литература хьоьхуш а. Дагардича – 53 шарахь хьехаран хьаьрмахь къахьегна Iузайра. Тахана Хоттаничохь наггахь стаг хир вац цо дарс далаза, цунна баркаллаш ца бохуш.

Ойла йича, мел собаре, мел къинхьегамна тIера, шен болх безаш хила веза оццул шерашкахь цхьана школехь болх бан хьуьнар кхаьчна хьехархо. И дерриге а шеца долуш ву Магомадов Iузайра.

Бакъдерг аьлча, къахьега-м дукха жима волуш дуьйна Iемина вара хIара. 1944-чу шарахь нохчий кхалхийча, Казахстанан Павлодаран областе кхечира кхеран доьзал.

ДIакхаьчна дукха хан ялале, меттигерчу мачашъяран артелехь болх бан волавелира шен 11–12 шо бен доцу кIант. ТIеман шерашкахь къахьегарна делла «Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман тылан ветеран» тоьшалла а ду Iазайран. Жимма ша андаваьлча, «Майкоин – золото» дешидаккхаран комбинате балха хIоьттира. Болх хала хиллехь а, ша хьуьнаре белхахо хилар гайтира цо комбинатехь.

Тахана а хазахетарца дагалоьцу Iузайра хIетахь дика болх барна шена маьхза (предприятин чоьтах) мотоцикл ялар. Болх а беш, суьйренан школехь деша а ларийра кIант. Цхьа ларамаза санна нисделира школе балха хIоттар. Республика метта а хIоттийна, Даймахка юхадирзинчу хьалхарчу шерашкахь школашкахь, къаьсттина ламанан ярташкарчу школашкахь, тоъане тоьаш бацара хьехархой. Цундела цецволийла дацара, леррина дешар дешна вацахь а, йоза-дешар дика хууш а, гIеххьа дахаран зеделларг а долу Iузайр школе балха эцарх.

Бакъду, хIетахь кхунна ца хаьара хьехархочун балхах шен кхидIа долчу дахаран некъ хир буй. И иштта нисдаларна цхьана денна а дохко ца ваьлла. Цхьана шарахь школехь болх бинчул тIаьхьа Iузайр кхийтира, шен хаарш кхачаме цахиларх.

1962-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училище деша воьду. Заочни кепара доьшуш, кхиамца и чекх а йоккху. ХIетахь училищехь нохчийн мотт, халкъан барта кхолларалла хьоьхуш Джамалханов Зайнди хиларх доккха беркат делира шена бохуш, дуьйцу I.Магомадовс.

Цо нохчийн матте, литературе цхьа шатайпа безам кхиорна дара, училище чекхъяьккхинчул тIаьхьа, хIара ша а школехь нохчийн мотт, литература хьеха волавалар. Шен белхан зеделлачух дийцахьара аьлча, Iузайра уггаре а хьалха билгалдоккху хьехархо бераш дезаш, цаьрца эвхьаза ца вийла хууш хила везар. Дешархой хьехархочух кхоьруш хила ца беза, ткъа цунах ийзалуш, эхь хеташ хила беза, вуьшта аьлча, нохчийн гIиллакхца йогIуш хила еза церан юкъаметтигаш.

ЧIогIа мехала ду дешархой ойла ян а, хIуманна шаьш тIаьхьакхиа а Iамор. Иштта маьIне ду хьехархо шен леларца, гIиллакхашца дешархошна масал хилла латтар. Оцу хьежамашца болх бина хьехархо шен хиллачу дешархойн, белхан накъостийн, юьртахойн сий-лараме кхаьчна. Ткъа цо ша дозалла до бIеннаш юьртахошна дахарехь нийса некъ харжарехь шен дарсех а кIезиг-дукха гIо хилла хиларх.

Iедало а лаккхара мах хадийна хьехархочун белхан: иттаннаш Сийлаллин грамоташ, дипломаш, «Къинхьегаман ветеран» мидал, кхин а дукха совгIаташ ду цуьнан. Къаьсттина а Iузайра дозалла до 2010-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указца «Къинхьегамехь билгалваларна» знакаца совгIат дарх.

2014-чу шарахь дуьйна балхара цIахь сецна, садоIуш ву Iузайр, амма юьртан дахарна юьстах ца лаьтта лараме къано.

Хь.АБАЕВ

№30, пIераска, оханан (апрель) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: