БIаьрла кхиамаш

ХIокху деношкахь Черкесск гIалахь (Кхарачойн-Чергазийчоь) дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула 2003–2004-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь Къилбаседа Кавказан федеральни округехь хьалхеяккхаран турнир.

Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира вайн махкахоша: Закриев Аьрзус (32 кг.), Хакуев Ибрахима (35 кг.), Эскерханов Iусмана (38 кг.), Исаков Асламбека (41 кг.), Ирисханов Ислама (48 кг.), Алиев Iамрана (52 кг.).

ШолгIачу меттехь бара: Беков Имам (35 кг.), Шамсаев Мохьмад (48 кг.), Асхабов Iалавди (62 кг.).

КхоалгIа меттигаш ехира: Берсанукаев Билала (35 кг.), Исраилов Адама (38 кг.), Ташаев Умалта (52 кг.), Хаджиев Казбека (58 кг.), Джалилов Висхана (62 кг.), Мальцагов Мохьмада (75 кг.), Ибрагимов Мохьмада (100 кг.), Гигаев Альтемира (110 кг.).

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: Б.Исраилов, Г.Данилян, Т.Эскерханов, А.Мусаев, Т.Дугучиев, Б.Исраилов, Б.Тулаев, Р.Гулаев.

Цигахь толамаш баьхначу спортсменаша дакъалоцур ду хIокху шеран хIутосург (май) баттахь ГIалмакхойчоьнан Элиста гIалахь хинйолчу кегийрхошлахь Россехь хьалхеяккхаран турнирехь.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№30, пIераска, оханан (апрель) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: