«Иерусалим – Палестинин даиманна а йолу пачхье»

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллехь муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас пресс-конференци дIаяьхьира республикерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца. Иза дIаяхьар доьзна дара дукха хан йоццуш шайн коьртехь муфти Межиев Салахь-Хьаьжа а волуш, Нохчийн Республикерчу Iеламнехан делегаци Иерусалим гIала яхарца а, Палестина пачхьалкхан куьйгаллица а, Iеламнахаца а, юкъараллин гIуллакххошца а цара цхьамогIа маьIне цхьаьнакхетарш дIадахьарца а. Цунах лаьцна дара журналистийн дукхахдолу хаттарш.

Межиев Салахь-Хьаьжас дийцира бусалбанашна еза йолчу оцу меттигашка ша вахарх а, «Иерусалим – Палестинин даиманна а йолу пачхье» цIе йолуш дIаяьхьначу Дуьненаюкъарчу исламан конференцехь ша дакъалацарх а лаьцна.

– И форум Палестинерчу Рамалла гIалахь дIаяьхьира. Цига баьхкина бара 57 пачхьалкхан векалш. Бусалбанел сов, цигахь иштта жуьгтийн а, керстанийн а динийн векалш бара. Израиль пачхьалкхан Iедало шайн пачхьалкхана дуьхьал дIахьош ду аьлла, дIакхайкхийра и цхьаьнакхетар, конференцин дакъалацархой цига ца бахкийта массо а кепара новкъарлонаш а йира цара. И бахьанехь, форуме ваза висира 80 сов стаг, –элира цо.

Нохчийн делегацех хьакхаеларий, форуме бахарца а, цигахь дакъалацарца а йоьзна халонаш?

ДIакхача а, дIадаха а атта дацара. АллахI-Делан къинхетамца тхо дIа а кхечира, къамел а дира. Сайн къамелехь ас цигахь дийцира Иерусалим Израилан пачхье цахилар а, США-н Президентан Трамп Дональдан Iамаркан Израилехь йолу векалалла оцу гIала дехьаяккхаран хьокъехь болу сацам нийса цахилар а, дуьненаюкъарчу берриге а барташ- на бIостанехьа хилар а.

Хьан коьрта кхайкхам а, ахь аьлларг а хIун дара оцу конференцехь?

Сайн къамелехь ас довзийтира Нохчийн РеспубликинКуьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна КадыровРамзанна хетарг: Иерусалим бусалбанийн къилба хилар а, иза Палестинин пачхье хилар а.

Салахь-Хьаьжа, и конференци хIора шарахь дIахьош ю я пачхьалкхийн векалаллаш Иерусалиме дехьаяха США-н а, Израилан а хиллачу сацамца доьзна дара иза дIаяхьар?

Iамаркан векалалла Иерусалиме хIокху шеран хIутосург (май) баттахь дехьаяккха дагахь бу уьш. Цундела дерриге дуьненна а США-н а, Израилан а мекарлонаш йовзийтаран Iалашонца дIадаьхьна и доккха цхьаьнакхетар палестинхоша. Суна билгалдаккха лаьа, Палестина пачхьалкхан Президентаца Iаббас Махьмудаца а, Иерусалиман муфтица Ахьмад Хьусейни Мухьаммадца а сан хиллачу цхьаьнакхетарехь цара Кадыров Рамзанна а, нохчийн халкъана а шайн гIо лацарна даггара баркаллаш баьхна хилар.

Форуман жамIашкахула хилла цхьа а сацамаш а, магораш а дуй?

Лакхахь вай дийцинчул сов, цигахь гулбеллачара бусалбанашка кхайкхам бира Иерусалимерчу а, кхечу а езачу меттигашка уьш баха лааран хьокъехь. Палестина бусалбанийн а, жуьгтийн а, керистанийн а еза меттиг лоруш ю. Бусалбанашна хаа деза, сийлахь-еза Макка а, Мединат а санна, Иерусалим а бусалбанийн къилба хилар. Байтул-Мукъаддис маьждиге вахар хIора а бусалба стеган декхар хета суна. Цунах боккха пайда хир бу Мухьаммад Пайхамаран (АллахI-Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматна.

Иштта, Нохчийчуьра цига зерат деш баха луучеран тобанаш вовшахтоха дагахь а ду вай, программа а кечйина.

Ахь элир-кха, оцу конференцехь дакъалоцуш жуьгтийн а, керистанийн а динийн векалш а бара аьлла. Церан муха хьежамаш бу США-с а, Израило а дIахьочу политикин хьокъехь?

Уьш дуьхьал бу оцу политикина. Оцу маьIнечугIуллакхехь бусалбанашца белшех белш тоьхна лаьтташ бу керистанийн а, жуьгтийн а динийн векалш тахана.

Салахь-Хьаьжа, вайн ма-хаъара, Израилехь йолчу Абу-Гош юьртахь Iаш XVI-чу бIешарахь цига дIакхелхина болу нохчий бу. Муха ю церан Израилан Iедалца юкъаметтигаш?

Юкъаметтигаш церан дика ю. Абу-Гош исбаьхьа меттиг ю. Бахархой нохчий гIиллакхаш а, ламасташ а лар а деш, шаьш дика нах бу. Цара дика хьошалла а дира тхуна. Цигахь долчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долчу маьждигехь ламаз а дира оха, мовлад а дийшира, дуьненахь болчу берриге а бусалбанийн маьрша дахар а, беркат а, ирс а, аьтто а хилар доьхуш Деле доIа а дира.

I.МУРТАЗОВ

№30, пIераска, оханан (апрель) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: