Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн а, юкъарчу филологин а институтан педагогикин а, психологин а кафедрин лакхарчу хьехархочо Миназова Венерас дIадолорца юкъаяьккхина йолу студенташна-мехкаршна лерина проект кхочушъян йолийна. Оцу проектах лаьцна Венерас иштта элира:
– Массо а цхьатерра вац. Цхьаболчеран шайн бераллехь дуьйна сатийсамаш а, шайн цхьа туьйранан дуьне а хуьлу. Бералла дIаяьлча, цхьаволчунна-м доха а тарло ша шена диллина дуьненан сурт , ткъа кхечо къар ца луш, некъ бо шен лаамна тIекхача йолчу Iалашонца. Мехкаршна лерина проект юкъайоккхучу хенахь дахарехь шайн некъ лаха а, шайн сатийсамашна юьстаха бисинчу мехкаршна психологин гIодан а ойла яра тхан, – бохура Венерас.

Нохчийн пачхьалкхан университетера а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетера а хьалхарчу курсехь доьшуш долу зудабераш къастийра цара цкъа хьалха. Тахана уьш цхьана говзаллина Iемаш а, иза караерзош а делахь а, шаьш къастийнарг шайн некъ ца хеташ а, я хаьржинчу говзаллин хьокъехь цхьацца шеконаш кхоллаллуш а хуьлу.
– Вайна массарна а хаьа, хIора а адамехь шен цхьа гIайгIа-бала хуьлу. Масала, цхьаболчу доьзалшкахь шайн йоI хьехархо я лор хуьлийла лууш хуьлу да-нана, и говзаллаш йоIехь товш хиларна. Цхьа а шеко а йоцуш, вайна оьшуш говзаллаш ю уьш. Делахь а, цхьайолу говзалла йоIаца ца йогIу олий, шайн йоьIан лааме, цуьнан ойлане кховдо а ца хьовсу цхьаболу дай-наной. Говзалла цхьана шарна хоржуш яц. Дерриге а дахар корматаллех доьзна хилча, муха къастор яц шен даго къобалъеш йолу говзалла?! – дийцира цо.
Зударшна юкъахь доьзалан дукъ шайна тIе а лаьцна, дуккха а халонаш хьоьгуш зударий а нисло. Зударий шайн-шайн проблемаш йолуш хуьлу. Церан проблемашка ладогIа а, церан дог-ойла гIатторхьама а юкъаяьккхина проект маьIне а, оьшуш а хилар гучуделира проект кхочушъян йолийна дукха хан ялале.
Проект вовшахтоьхна дукха хан ялале, цунах дерг шайна хезча, курсашка баьхкира, психологин гIо оьшуш болу мехкарий. Венерас дийцарехь, мил-милла а схьаоьцуш яцара оцу курсашка. Вовшех дагабовла хьаьгна болу мехкарий схьа а гулбина, дIайолийра курсаш. Шайн хуьлучу цхьаьнакхетарех а, шайн хьешех а лаьцна, иштта, элира психолога:
– Юкъадоккхуш долу муьлхха а керла хIума хала хуьлу. Проект юкъайоккхучу хенахь а, кега-мерсачу хIуманна а дуккха а ойла а еш, мехкаршна леринчу курсашка тхаьш мила кхойкхур ву а хьовсуш, тхаьш дIадолийначу гIуллакхо мелла а психологин гIо дийриг хиларе а, церан дог ира-карахIотторе а дог дохура оха. Курсийн хьалхарчу деношкахь кхийтира тхо (тхо тхаьш а цецдевллера, оццул йоццачу хенахь, тхо шайна дикка девзаш а доцушехь, шайгахь болу бала а, шайн къайлаха йолу ойланаш а, сатийсамаш а бовзийтира мехкарша тхуна) билгалъяьккхина проект вайн мехкаршна баккъал а оьшуш хиларх. Тхо кхийтира тхаьш арабаьккхина некъ эрна цахиларх. Иштта болабелира мехкарийн проектан беркате некъ.
Проектан курсашка суртдиллархо, я яздархо, я гIишлошъярхо, иштта кхечу а говзаллица кхиаме гIуллакхаш а деш схьавогIуш волу стаг кхойкху. Веанчу говзанче-эксперте шайна луург хатта аьтто хуьлу мехкарийн.
Венерас дийцарехь, цигахь мехкарша уггаре а йийцаре еш ерг, вуьшта аьлча, царна лазаме дерг – иза шайна дукхаеза говзалла къасторехь нислуш йолу чолхенаш ю.
Ша дийцинчунна тIетевжаш цхьа масал далийра цо:
– Оха психологин гIо деш болчу студенташна юкъахь яра хьекъал ира долуш а, дика а йоI. Иза хьехархойн университетехь доьшуш ю. Жимачохь дуьйна а архитектор хила сатийсина хиллачу йоIана цуьнан лаамца йогIуш йолчу хьехархойн говзалла «кочатесна» гергарчара. Шена ца оьшучу некъа тIехь волчу стага шена ницкъ бина ца Iаш, шена гуонахарчарна хало йо. Цул а дика хир дацара вайх хIорамма а шен дагна хьаам беш йолу корматалла а, болх а хаьржича.
Проектан гурашкахь, кхиамечу нахаца цхьаьнакхетарш дIадаьхьна ца Iа. Вайн республикин дозанал арахьа бехаш болчу цхьаболчу зударшца, мехкаршца семинараш дIаяхьа лерина а ду. Къаьсттина дагахь лаьттинарг Нью-Йоркехь дIаяьхьначу семинарехь дакъалацар ду.
– Цхьа а шеко а яц, вайн нохчийн зударий даима а къахьега Iемина а, тIехIоьттина муьлхха киртиг лан доьналла долуш а бу. Кхечу къаьмнийн зударийн дог-ойла, цаьргахь йолу проблемаш вайна ца евза. Ойла йича, шайн доьзалш кхаба гIерташ къахьоьгуш, тIехIоьттинчу киртигех чекхбовла доьналла долуш зударий бу уьш а. Вай цхьа наной, цхьа зударий ду. Нью-Йоркехь хиллачу семинарехь тхуна иза билгал а делира. Цигахь семинаран дакъалацархоша шайгахь йолу гIайгIа, шайн ца нисделла дахар, доьзалшна сагатдар – и дерриге а ма-дарра схьадуьйцура. Тхо, гIеххьачул, цец а девллера. Оцу зударшкахь баккхий баланаш бара. Ткъа зударий цхьаьна а кхетта, вовшашка шайн-шайн кхолламех лаьцна а дуьйцуш, дага а бовлуш, вовшашех дог а лозуш хилча, хIораннан а бала байло. Шел гIийланиг гича, шегахь дерг кIезиг хIума дуйла хаьа. Цигарчу зударшка ладоьгIначул тIаьхьа, вайн мехкарша докладаш йира (проектан дакъалацархошна юкъахь конкурс а кхайкхийна, оцу конкурсехь билгалъяьлла йолу 3 йоI яра Нью-Йоркехь хиллачу семинарехь дакъалаца йигнарг). Царах хIорамма дийцира, шаьш сатуьйсучух а, шайна хазахеташ йолчу говзаллех а, дахарехь шаьш дан дагалаьцначух а. Гуш дара шайн лааме кхача хьуьнаре уьш хилар. Цара докладаш йинчул тIаьхьа, Нью-Йоркехь бехачу зударшца дехха къамелаш дар хилира тхан. Семинар пайдехь хилар хааделира тхуна, иза чекхъяьллачул тIаьхьа, цигарчу зударша тхайна баркалла аьлча, – дийцира цо.
Нахана юкъахь лела а, адамашца мотт бийца а, нехан нус а хилла, церан кертахь яха хиъча, цаьрца лело дезачу гIиллакхашна а Iамабо мехкарий. Шайн бизнес схьаелла лууш а нисло къона зударий.
Цхьаболчарна хета тарло, йоIа бизнес лелор нийса дац, аьлла. Амма иза иштта цахилар чIагIдеш, бизнес йоIе а лелалуш хилар гойтуш, къоначу предпринимательшца цхьаьнакхетарш а дIахьо.
Проект юкъаяьккхина дукха хан яц. Цундела, дан кхиъначул дукха ду дан дагалаьцнарг. Цхьана дийнахь кхочуш ца хуьлу хIумма а. Венерас дийцарехь, царна уггаре а коьртаниг шайн меттиг а, говзалла а лоьхучарна психологин гIо дар ду.
З.ЛОРСАНОВА
№30, пIераска, оханан (апрель) беттан 20-гIа де, 2018 шо