Нийсса цхьайтта шо хьалха, бIаьста, вайн республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана шен указаца тIечIагIдира Нохчийн меттан Де. Мотт хIора а къоман культурин, синкхетаман бух бу. Цундела, къоман сий, вайн мотт ларбан Iалашо йолуш юкъадаьккхина ду и указ иза. Сайга хаьттича нохчийн меттан сий даран даздарш хIора а дийнахь хуьлуьйтур дара аса. Кест-кеста хуьлу гоьбевллачу яздархойн, поэтийн, культурин векалийн сий-ларам баран цхьаьнакхетарш.
Дукха хьолахь цхьаьнакхетарш нохчийн маттахь дIахьо. Боккха кхаъ, шен ненан меттан сийдешчарна хазахетар ду иза. Советан Iедалан заманахь ишттаниг нислур ду ала ур-атталла гIан-набаршкахь а тIе ца дуьтура. Ткъа шо сов хьалха вайн махках «йозуш йоцу пачхьалкх» кхуллуш нохчийн маттана тIе куьйгаш кхийдон, иза хийца гIиртира цхьаболу «Iилманчаш».
Латинин йоза юкъадалон гIерташ шайн ницкъ ма-кхоччу телевиденехула, радиохула, зорбанан гIирсашкахь къам шен йоза-маттанах къасто гIиртира. Церан аьтто ца хилира. Со Iилманча вац, амма нохчийн яздархошца а, меттан говзанчашца а дуккхаза а цхьаьнакхетарш нисделла сан. Иттаннаш шерашкахь нохчийн мотт кхиорехь, цуьнан башхаллаш йовзийтарехь Iаламат мехала белхаш беш къахьегна бакъболчу Iилманчаша: З.Джамалхановс, Ю.Мачиговс, И.Арсахановс, К.Чокоевс, И.Алероевс, Я.Эсхаджиевс, Я.Вагоповс, А.Мациевс.
Суна дагадогIуш Соьлжа-ГIалахь цхьана а школехь Iамош а, я хьоьхуш а бацара нохчийн мотт. ХIинца а нисло-кх оцу шерашкахь гIалин школашкахь дешна нохчийн меттан цхьа элп а я хьаьрк а цадевзарш. Шайн доьзалашкахь а оьрсийн мотт хьалхатеттина, цунах шайн бахам бина Iаш дуккха а бу. Меттанаш хаар а, пайдехь а ду, амма, ша мила ву хаа деза хIоранна а.
Документашна тIехь нохчи ву аьлла яздарх цатоьа шеца нохчалла яцахь. Шен къоман гIиллакх, лардеш, дайн ламасташца вехаш вацахь иза нохчи а, вац. Нохчийн мотт юкъара дIабала тарлучех лерина ЮНЕСКО-с а. Цхьа бух боцуш дац и ойла кхоллаялар. Вайн мотт кхиор деккъа Iилманчашна тIедожийна, церан белхан декхар лерина сапаргIатдевлла вай. Цхьаболчара цхьа нохчи дийна а волуш къоман мотт бовр бац олий хададо. ТIехулара йина ойла ю иза.
Дуьненаюкъарчу организацешна вайн меттан бала кхаьчна хилча цуьнан ойла хIунда ца йо-те вай-ваьш. Нохчийн мотт ларбарна, кхиорна республикин Куьйгалхочун корта лазар тоьаш дац. Шен ма-хуьлла нохчийн оьзда гIиллакхаш, ламасташ дендан гIерташ воллу вайн мехкан Куьйгалхо. Нохчийн мотт дуьненчуьра дIабала йиш йолуш бац, амма, иза барах шек бовлуш бац вайн цхьаболу хьаькамаш.
ХIора а хIусамехь телевизорш, радиоприемникаш ю. Даккхийчу даржашкахь болу гIуллакххой а, хьаькамаш а кхойкху телевидени. Нохчийн маттахь передачаш дIахьош болчарна а дастаме цахета нохчин маттана юкъа а оьрсийн дешнаш кхийса. Ткъа кхайкхина балийначара оьрсийн-нохчийн маттахь хуьлу луш долу жоьпаш. Цу тайпана передачаш оьшу аьлла хеташ вац со. Шаьш бийцахь цхьа мотт бийца беза. ХIуьттаренна а, гамонна а ца боху аса.
Де-дийне мел дели толуш, хазлуш, кхуьуш ю вайн гIаланаш, кIошташ ярташ. Массанхьа а схьайоьллуш ю махлелоран а, кхачанан а предприятеш. Царна цIераш тохку. Масала, Соьлжа-ГIала къарзйина ингалсан йозанца кечйинчу баннерша. Ша-ша билгалвала гIерташ цабевзачу маттахь техкина цIерш ю уьш церан долахоша. Цхьа наггахь хаало нохчийн маттахь язйина цIе. Моьттур ду вайна дозанал арахьара хьеший тIететтабелла. Ур-аттала оьрсийн маттахь ерш а гIалатех «йоьттина» хуьлу. Нохчийн мотт боцург муьлхха а мотт тIеэца кийча бу-кх вайн цхьаболу йижарий, вежарий.
Газетехь белхаш бечу муьрехь алссам нохчийн маттахь язйина аса. Цхьацца болу хьаькамаш реза ца хуьлура шаьш дина къамел аса нохчийн маттахь зорбатоьхча. РогIерчу цхьаьнакхетарехь соьга нохчийн маттахь язъярна шаьш реза цахилар даррехь схьахьедора. Доьзало тIеоьцург де-ненан гIиллакхаш ду. Цара ца бийцича церан доьзалша а ца буьйцу нохчийн мотт.
Дозанал арахьа болчу вайнехан цхьа йолчу хIусамашкахь долчу берашна оьрсийн мотт хаар-м хьехочохь а дац, царна нохчийн цхьа дош ца девза. Суна гина а, со теш волу бакъдерш ду-кх уьш. Арахьара цхьа а вогIур вац вайна шайн мотт ларбе аьлла тIедожош. Вайн ваьш хила деза вешан меттан дай.
Цкъачунна иза буьйцуш ду вай. Кхечу къаьмнийн меттанел а эшна ма бац нохчийн мотт. Нохчийн маттахь доьху вай Деле диканаш, къинхетам. Нохчийн маттахь хеставо ва Сийлахь Элча – Мухьаммад – пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Ша безачунна даима а бийца бехар бу шовда санна цIена болу нохчийн мотт. Дала мукъ лахь!
ЖАПАРОВ ХИЗИР
Россин Федерацин Журналистийн союзан декъашхо
№30, пIераска, оханан (апрель) беттан 20-гIа де, 2018 шо