3-чу декабрехь даздаран хьолехь схьайиллира юхаметтах1оттийна йолу Т1ехьа-Мартан районера Буммат. Оцу юьртарчу бахархошна баккъал а деза де, доккха совг1ат а дара юрт меттах1оттор. Ткъех шо хьалха, Нохчийчохь т1еман компани д1ахьочу хенахь саьлнашка ерзийнера и юрт.
Билгалдаккха дог1у, Буммат меттах1отторан хьокъехь сацам Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана карарчу шеран октябрехь т1еэцна хилар, х1еттахьехь цигахь белхаш д1а а болийнера. Юрт меттах1отторан харжаш т1елаьцнера республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу региональни фондо.
Даздарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Правительствон председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев 1ийса, экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министр Хучиев Муслим, Нохчийчоьнан чоьхьарчу г1уллакхийн министр Алханов Руслан, Соьлжа-Г1алин мэр Кадыров Ислам, иштта ерриге а ведомствийн, г1алийн, районийн администрацийн куьйгалхой.
Цхьаьнакхетар д1адолош къамел динчу Хучиев Муслима дийца Буммат меттах1оттош бинчу балхах лаьцна.
- Х1ара юрт меттах1оттош кхузахь 22,5 эзар гергга стаг вара къахьоьгуш, пайдаоьцуш лелош 2 эзар сов техника а яра. 150 эзар кубически метр нехаш д1аяьхьира кхузара. 1ер-дахаран таронаш ледара йолчу юьртахошна 30 ц1а дина, шайн х1усамаш меттах1итто лаам болчу ши б1е сов доьзална г1ишлошъяран коьчалш елла ши г1ат долчу хьехархойн ц1енна ремонт йина, маьждиг, берийн беш, почтан г1ишло, администраци, амбулатори йина. Иштта юьртахь массанхьа а газ, хи, электричество ялийна. Доцца аьлча дахарна оьшуш долу дерриге а хьелаш кхоьллина.
Цигахь къамел динчу Кадыров Рамзана элира:.
— Х1ара юрт меттах1оттош вайн республикерчу дуккха а наха г1о а дина, цу т1ехь дакъа мел лаьцначунна даггара баркалла ала а лаьа. Кху юьртарчу бахархошна хьалха г1о дина, дуккханна а компенсацеш делла. Делахь а кху юьртахь тахана схьагуш долу сурт кхин ду — хьеннан а б1аьрг бузор болуш. Кху юьртара д1абахана нах а х1инца шайн юьрта юхабог1ург хиларх теша со. Х1унда аьлча, х1ара юрт къаьсттина хазачу меттехь 1уьллуш ю а, 1ен-ваха хьелаш дика долуш ю а. Сан цхьа дехар дара вайн республикерчу берриге а бахархошка, вайн регион тахана ерриге пачхьалкхехь а уггаре хаза 1алам долуш а, кхуьуш йолчех а цхьаъ ю, х1орамма а шайн дай баьхна юрт, кхерч ларбахьара аш…
Юьртан ц1арах Кадыров Рамзанна а, иштта юрт меттах1оттош дакъа мел лаьцначарна а даггара баркалла элира Т1ехьа-Мартан районан куьйгалхочо Хаджаев Беслана.
Цхьаьнакхетар д1адирзинчул т1аьхьа хьешашца цхьаьна юьртахула чекхвелира республикин Куьйгалхо. Керла динчу маьждига чохь малхбуза ламаз динчул т1аьхьа, юьртахойн 1одика а йина, д1абахара хьеший.
Р.МУСИПОВ
АВТОРАН СУРТ
