Оьрсийн драмаш – нохчийн сцени тIехь

1967-чу шеран асаран (июнь) беттан 4-чу дийнахь Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театран сцени тIехь «Бехк боцуш бехкениш» спектаклан премьера хилира.

ГIараваьллачу оьрсийн драматурган Островский Александран изза цIе йолчупьеси тIехь режиссера Хациев Лом-Iелас хIоттийна яра иза. Тахана нохчийн халкъан дозалла хилла дIахIиттина актераш бара спектаклехь дакъалоцуш: Омаев Дагун, Хаджиева Неля, Идаев Юсуп, Дениев Iальви, Минкаилова Зоя, иштта дуккха кхиберш.

Шовкъечу безамах Iехаеллачохь жималлехь къизачу ямартлоно къинхетамза Iовжийначу йоIах яра
спектакль. ТIаьхьо цунах массарна евзаш оьрсийн сийлахь актриса хуьлу. Делахь а, къоналлехь шегара даьллачу гIалато синтемах яьккхина иза, хаддаза шийла гIайгIа хьерча цунах. Хьовсархошна чIогIа дезаделла актрисин Кручинина Еленин и чолхе васт къеггинчу басаршца кхуллуш яра Хаджиева Неля.

Дуьнен тIе ваьлча цхьана ханна аьлла, бевза-безачех хьулвина, къайлаваьккхинчу кIентан Незнамов Гришин васт кхуллуш вара Омаев Дагун. Нене-м кIант хIеттехь велла аьллера. Кхин дIадерг Еленина хууш дацара. Амма иза ца езачара Гришина дIахоуьйту кхиамийн зIаьнаршлахь зовкх хьоьгуш йолу, хьолана юкъелла зуда цуьнан нана хилар.

Аьрхачу амалехь волчу Гришина къаьркъа маладо, цо иза тIех карзахвоккхий хууш. Дов кIаргделла, кхоччуш гена далийта кега-мерса гIуллакхаш кегадо са кIезигчу наха. Уьш шайн Iалашоне а кхочу. Амма актриса хазахетарца цецйолу шен кIант дийна вуй хиъча. Цо бIаьрхишца марахьарчадо дех а, ненах а хьоьгуш, 17 шаре даьлла бер. 17 шарахь кIантах хьегначу ненан бIаьргашкара Iанадахана Iаш дацара хиш оцу спектаклехь. Берриге хьовсархойн бIаьргаш а дара хих дуьзна, спектаклан тIеIаткъам хилла. Вайн башхачу актераша Iаламат дика ловзийра спектакль.

Островский Александр могIарера драматург хилла Iаш вац. Иза оьрсийн театр кхиорехь доккха дакъалаьцна ву. 50 сов пьеса ю цо язйина. Уьш ерриге а, ша дийна волуш, Москварчу театрийн сценаш тIехьган ирс хилла а ву иза.

Островский Александр дуьнен чу ваьлла 1823-чу шеран оханан (апрель) беттан 12-чу дийнахь Москварчу Малая Ордынка цIе йолчу меттехь. Цуьнан да Островский Николай хьал долуш стаг хилла, кхачам боллуш дешна а хилла. ХIусамехь йоккха библиотека хилла. Александран нана Саввина Люба дешна хилар бахьана долуш, цо шен бераш хьалххе книгаш еша Iамадо. Александр воцург а, кхин а диъ бер хилла церан доьзалехь. Уьш дерриге а йоза-дешарца уьйр-марзо йолуш хилла.

Александран 9 шо кхочуш, тIера нана дIаяьлла дисина бераш. Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, дас кхин зуда ялайо. Шведахойн баронан Тессин Андрейн йоI Эмилия яра Островский Николайс шолгIа ялийнарг. Нана дага йоуьйтуш, дика хилла иза шен меран берашца. Сема ладугIуш хилла цо берашка дешар тIехь ледарло ца яйта. Гимнази чекхъяьккхина ваьлла Александр, ден лаам хьалха баларна, 1840-чу шарахь Москварчу университете деша воьду, юристан корматалла караерзо.

Бакъду, йозанашкахьа ваьллачу студентан университетехь дешар ледара долу. Цуьнан самукъа ца долу юристан корматаллех.

Эххар а, 1843-чу шарахь университетера дешар дIатосу цо. Делахь а, кхунах юрист хила лууш волчу дас шена бевза-безачаьргахула суьдан канцеляри балха дIахIоттаво ткъа шо кхаьчна жима стаг, диъ сом алапа а долуш. Цу замане ладоьгIча и кIезиг дац…

Островский Александран цIе йовзийтинарг «Свои люди – сочтемся» пьеса яра. Иза зорбане яьккхира «Москвитянин» цIе йолчу журналан агIонаш тIехь 1843-чу шарахь. Хьарам-хьанал ца къесточу совдегарех лаьцна яра пьеса. Самукъадаларца йоьшуш яра Москварчу бахархоша. Бакъду, итт шо гергга зама дIайолу, мел дукха гулъеллехь а, А.Островскийн пьесашна сцена ца гуш, уьш цхьана театро ца хIиттош а.

1853-чу шеран кхолламан (январь) беттан 14-чу дийнахь Москварчу «Малый театрехь» хIоттайо цуьнан «Не в свои сани не садись» пьеса. Спектакло боккха кхиам бохьу авторна а, театрана а. Цул тIаьхьа, хIора шарахь театран керла мур Островский Александран пьесашца дIаболабо Москварчу «Малый», Санкт-Петерургерчу «Александринка» театраша. «Гроза», «Бесприданица», «Таланты и поклонники», «Снегурочка», «Доходное место», «Лес», «Последняя жертва», «Горячее сердце», «Бешенные деньги», «На всякого мудреца довольно простоты» и.дI.кх.

Церан мехалла тахана яза ю, уьш Россин массо а маьIIерчу театрашкахь хIиттош а, хьовсархоша езаш тIелоцуш а ю.

«Бехк боцуш бехкениш» цIе йолу цхьа спектакль хIоттийна Iийна яц нохчийн къоман театр а. Вайн театро хаддаза кхоллараллин гергарло дIакхоьхьу оьрсийн драмин классикашца. Ткъа Островский Александр царна юкъахь коьртачарех цхьаъ ву.

1980-чу шарахь дуьйна нохчийн къоман театран сцени тIехь ю цуьнан «Женитьба Бальзаминова» пьеси тIехь Россин Федерацин халкъан артиста, Россин Федерацин пачхьалкхан совгIатан лауреата, режиссера Хакишев Руслана хIоттийна изза цIе йолу спектакль, коьртачу ролехь Нохчийн Республикин халкъан артист Джамаев Iимран а волуш. Самукъане спектакль яра ХХ-гIа бIешо чекхдолучу муьрехь къоман театро хIоттийнарг. Вайн махкарчу хьовсархоша хазахеташ тIелацарал сов, дуьненна бевзачу театран критикаша лаккхара мах хадийнера цуьнан.

Островский Александран драматургина лерина Москвахь дIаяьхьначу ерригсоюзан фестивалехь дакъалецира вайн махкахоша говза хIоттийначу спектакло. Режиссеран къеггина похIма, актерийн хьуьнарш тидаме а эцна, РСФСР-н культурин министерствон Сийлаллин грамоташ елира Хакишев Русланна, Джамаев Iимранна, Азаева Луизина.

ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталуш вайн махкахь хьаьвзинчу бохамаша дерриге а нохчийн халкъана санна, онда тохар дира нохчийн къоман театрана. Даккхий зенаш хилира адамашна, хIусамашна. Йохийра къоман театран гIишло, хIаллакйира декорацеш, реквизит. Амма Нохчийчохь баьржинчу бохамийн ницкъ ца кхечира къоман театран кхоллараллин тобанан амал кагъян, иза къилбанах тило, безачу балхах дог даккха.

Буьрсачу тIеман кхийсарш лахъелча театро дIаболийра шен болх. Кечйира керла спектаклаш. Карлаехира хьалха хилларш. Карлаяьхначарна юкъахь яра «Женитьба Бальзаминова» спектакль. Тохара санна, коьртачу турпалхочун васт кхуллуш Джамаев Iимран вара. И спектакль кхин цхьана бакъдолчунна теш хIуьттура: оьрсийн драматурган А.Островскийн кхолларалла вайна хийра цахиларна, иза заманан йохалла нур ца довш, вайца ехаш хиларна. Кху деношкахь драматург вина 195 шо кхаьчна. Иза дуьнен чуьра дIавахана 130 (1886-чушеран асаран беттан 14 де) шо сов хан дIаяьллехь а, вайца еха цуьнан маьIне кхолларалла. И тайпа адамаш дицдан вайн бакъо яц. А.Островскийн пьесаш дукха шерашкахь къоман театран афишаш серлайохуш седанах лепаш ю.

Сийлахьчу оьрсийн драматурган хьаналчу къинхьегаман беркат ду иза, боккхачу Даймехкан сирлачу кханенах дегайовхо чIагIъеш, серладуьйлуш.

ГАЗИЕВА Аза

№30, пIераска, оханан (апрель) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: