Хьомсара махкахой!
Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Ненан мотт вайн халкъан, цуьнан историн, башхаллин, культурин дакъа ду, цунах дIакъасто йиш йоцуш долу. Шен ненан мотт безаш ца хилча, шен халкъе а, шен Даймохке а безам хуьлийла дац. Оцу дезачу дийно, хIинца 11 шо кхаьчна цуьнан, къаьсттина сий-лараме меттиг дIалаьцна вайн республикин хиламийн а, рузманехь долчу дезачу денойн а могIарехь.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин даима а шатайпа экаме юкъаметтигаш яра нохчийн мотт а, йоза а Iалашдаран, кхиоран гIуллакхашца. Цунна тIехдика хаьара масех мотт. Делахь а, ненан маттаца къаьсттина ларам бара цуьнан. Иза коьрта а лорура цо. Цунах ас даима а дозалла а дора, цунах со воккха а вера.
Со теш хилла республикина уггаре а чолхе яьхкинчу хенашкахь Ахьмад-Хьаьжас нохчийн мотт бовзийтарехь, кхиорехь, баржорехь, цуьнга марзо кхолларехь къахьоьгуш болчу лингвисташна а, яздархошна а гIо накъосталла деш. Цо гIо дора нохчийн маттахь газеташ, журналаш, книгаш, телепередачаш, радиопрограммаш арахеца. Тахана вай кхидIа а дIахьош ду цуьнан дIадолораш. Оцу дакъошкахь керл-керла кхиамаш а боху.
Вай леррина тидам тIебохуьйту кегийрхой ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхетош-кхиорна, къоман культура кхиорна. ХIора шарахь республикехь дIахьо нохчийн мотт Iалашбарна, кхиорна тIехьовсийна йолу бIеннаш конкурсаш, фестивалаш, форумаш, хIунда аьлча, нохчийн мотт вайн халкъан коьрта билгало а, вайн башхаллин, шатайпаналлин чIагIо а ю.
ХIора а нохчичун сийлахь декхар хета суна шен мотт ларбар, Iалашбар, кхиор, историна муьтIахь хилар, цуьнан хьостанийн сий-ларам бар.
Лараме махкахой! Лаьа шу ирсе хуьлийла, шун могашалла, аьтто хуьлийла, ненан матте доза доцу бокха безам шун хуьлийла!
№31, шинара, оханан (апрель) беттан 24-гIа де, 2018 шо