Мотт акхабаьлча…

Доккхачу дуьненахь
Бистхила цхьаъ бен кхин боцу,
Нохчийн мотт ца бита
Дола дан, вала да воцуш,
Вайн дайша заманан
Шуьйрачу кийрара луьттуш,
Кхиийна, денбина,
Синхишца лийчабеш буьттуш,

Бийцарехь дIовш дина,
Багара ара ца туьйсуш,
Сий дойъуш, къарбина,
Лестабеш юьстах ца кхуьйсуш,
Дийцинарг харц хилла,
ЮьхьIаьржа ца хIуьттуш баха,
Цара и ларбина
Доьналлин лакхенаш яха.

Iамийна цара и,
Дог оьцуш, доьхна де хьаста,
Иллешка йиллина,
Даймехкан хазалла яста;
Диканна воьссинарг
Вазвина, везаш тIелаца;
Мокхачу зуламан
Хорам беш, логан шад лаца.

Стигланаш, кегъелла,
ТIеелхарх окъамаш хилла,
Нохчийн мотт хьарчийна,
Хьулбина некха кIел билла,
Дайша и Iамийна
Даймехкан сий долчу лаьттахь,
Къонахийн амалехь
Ца бужуш, лам санна латта.

Дайша и Iамийна,
Пе тоьхна, ца лаьтташ юьстах,
Юкъ йоьхкуш гIаьттина,
Дош аьлла, вуон-дика листа.
Iамийна, кхиийна
Цара и, ма-дарра аьлча,
Хаийта, къам делла
ДIадолий мотт акхабаьлча…

ДАКАЕВ СаIидбек

№31, шинара, оханан (апрель) беттан 24-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: