«Терек» – «Локомотив» – 0:0

Премьер-лигин командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 17-чу туран матчехь Соьлжа-г1алара «Терек»  «Ахмат аренехь» цхьаьнакхийтира Москварчу «Локомотивца».

Соьлжаг1алахой: Я.Годзюр, Ф.Кудряшов (Ж.Бокила, 77), Д.Кузяев,  А.Феррейра, А.Семенов, М.Рыбус, И.Айссати, Ж.Мауриссио, В.Адилсон, О.Иванов, А.Аилтон.

Ц1ерпоштхой: И.Абаев, Р.Шишкин, В.Денисов, В.Чорлука, Я.Дюрица, А.Самедов, А.Касаев (С.Ткачев, 89), А.Миранчук, М.Майкон (Д.Ндойе, 75), А.Шешуков (Н.Пейчинович, 85), М.Фернандеш.

Коьрта суьдхо Егоров Александр (Саранкс).

Москварчу «Динамоца» а, Краснодарерчу «Краснодарца», оццу Москварчу «Торпедоца» а хиллачу цхьаьнакхетаршкахь шайн чоьте цхьа а очко ца язйира вайн республикин коьртачу командо. Иштта нисделлачу хьелашкахь Соьлжа-Г1алара «Терек» цхьацца меттиг охьайолуш турниран таблицехь барх1олг1ачу метте охьаелира. Оцу кхаа матчехь цхьа а очко ца яккхарал сов, цхьа а буьрка а ца туьйхира соьлжаг1алахоша. Хууш ма-хиллара, тоьхна гол йоцуш толам баккхалуш бац.

Ткъа Москварчу «Локомотивца» хиллачу цхьаьнакхетаран. Хьалхара тайм йолорца шайн т1елатарш д1адолийра вайн республикин коьртачу  командо. Счет схьаелла гергга вара Айссати Исмаил, амма цо тоьхна буьрка Абаев Ильяс лардечу кевна масех сантиметр уллехула елира. Цул т1аьхьа Мауриссио Жозен таро яра матчехь билгалвала, бакъду, цунна цхьа к1еззиг аьтто ца тоьира.

Иштта, кхин тоьхна гол йоцуш сада1а яхара командаш. Шолг1ачу таймехь а дара изза сурт. Соьлжаг1алахоша кхерамаша-м туьйсура «Локомотивана», амма счет схьа ца еллалира. Т1едог1учу шеран 7-чу мартехь 18-чу туран матчехь Соьлжа-Г1алара «Терек» цхьаьнакхетар ю  Москварчу ЦСКА-ца. «Даймохк»  газетдешархошна довзуьйту кхечу командийн матчийн  жам1аш: «Динамо» (Москва) – «Амкар» (Пермь) – 0:1, «Зенит» (Санкт-Петербург) – «Краснодар» (Краснодар) – 4:0.

А.АБДУЛАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: