ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин №14 йолчу гимназехь дIаяьхьира 1998–2000-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь Республикехь хьалхеяккхаран турнир.

Турнирехь дакъалоцуш вара РДЮСШ, ДЮСШ, ШВСМ-ра 68 спортсмен.
Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира. Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь толам баьккхира: Юсупов Абу-СаIида (62 кг.), Бахарчиев Адама (68 кг.), Дадаев Мохьмада (75 кг.), Хаджиев Рамзана (82 кг.).
ШолгIачу меттехь бара: Мачаев Зелимха (57 кг.), Дадаев Абубакар (62 кг.), Салихов Рамзан (68 кг.), Азимов Ахьмад (82 кг.).
КхоалгIа меттигаш ехира Арсамирзаев Iумара (57 кг.), Мунаев Мохьмада (62 кг.), Хильдахороев Сайхана (68 кг.), Макаев Iаьрбис (82 кг.), Тутаев Юсупа (90 кг.).
Спортсменаш къийсадаларшна кечбира церан тренерша: М.Таиповс, Х.Эскерхановс, А.Гусиговс, А.Макаевс.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№31, шинара, оханан (апрель) беттан 24-гIа де, 2018 шо