Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал цхьаьнакхийтира Ерригроссин «Педагогический дебют – 2018» конкурсан толамхошца а, лауреаташца а.
Соьлжа-ГIалин №60 йолчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочо, Нохчийн Республикин къоначу хьехархойн Ассоциацин декъашхочо Тепсуркаева Залинас конкурсан «Юные управленцы» номинацехь толаман меттиг яьккхира, ткъа Соьлжа-ГIалин №7 йолчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Салтукиева Радимхан а, ТIехьа-Мартанан №1 йолчу школин юьхьанцарчу классийн хьехархо Астамирова Асет а, Устрада-ГIалин №5 йолчу школин директор Асхабов Iумар а лауреаташ хилира.
– Ерригроссин конкурсашкахь дакъалаца, толаман меттигаш яха шен болх безаш, бевзаш къона хьехархой болуш воккхаве со. Россин хIокху заманан дешаран система дика евзаш а, тIекхуьучу дешархошна иза дIахьеха хаар а вайн массеран а кхиам бу. Хууш ма-хиллара дешарна тIехь терго латтайо вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ХIора шарахь керл-керла школаш ю еш, хIокху заманан технологешца кечъеш а ю уьш. Цуьнца доьзна говзачу хьехархошка хьашт а совдолуш ду. Дешархошца юкъара мотт каро а, церан хаарш тIедуза а школин куьйгалло шена хьалха хIиттош долу декхарш кхочушдан а (конкурсашкахь дакъалаца) ларо везаш ву хьехархо, – элира Байханов ИсмаьIала.
Цхьаьнакхетар дерзош И.Байхановс Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Сийлаллин грамоташ елира хьехархошна.
ВЕГИЕВА Макка
№31, шинара, оханан (апрель) беттан 24-гIа де, 2018 шо