Оханан (апрель) беттан 13-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь шен болх дIаболийра Къилбаседа Кавказан федеральни округан IT-школо.
IT-школа – иза ерригроссин «IT-Start» программин мур бу. Нохчийн Республикин къинхьегаман а, белхан меттигаш нисъяран а, социальни кхиоран а министерствехь дIадаьхьира IT-школин болх дIаболоран официальни дакъа. Цигахь дакъалецира министран хьалхарчу заместитела Умаров Эльдара, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитела Усманов Ахьмада, республикин транспортан а, зIенан а министран заместитела Эдиев Iалихана, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан Iилманан балхехула а, инновацешкахула а волчу проректора Гайрабеков ИбрахIима, Инновацийн кхиаран агентствон куьйгалхочо Сахаров Станислава.

IT-школин балхах лаьцна дош а олуш вистхилира Умаров Эльдар:
– Дешаран учрежденешца хIара тайпа болх кест-кеста вовшахтоьхча дика хир дара аьлла хета суна. Студенташна лерина иштта форумаш а, тайп-тайпана семинараш а дIахьош хилча, церан ойла дешарна кхин а чIогIа тIейоьрзур ю.
IT-школа вайн республикехь схьаеллар мехала гIуллакх хилар билгал а доккхуш шен къамелехь Эдиев Iалихана элира:
– Вайн студенташа пайдаэца беза цара лучу мастер-классех а, лекцех а. Шаьш дахарехь хаьржинчу новкъахь а, оцу хаарша царна гIо дийриг хиларх тешна ву со.
– Дешаран а, Iилманан а министерствон цIарах баркалла ала луур дара суна Сахаров Станиславна а, цуьнан накъосташна а. Цара арабаьккхина некъ чIогIа пайдехь бу. Вайна ма-хаъара, кегийрхой – вайн кхане ю. Ткъа царна хаарш даларехь вовшахтухуш долу муьлхха а гIуллакх жамI доцуш довр ду аьлла ца хета суна. Иштта, форумаш а, муьлхха а кхидолу цхьаьнакхетарш а бахьанехь, вайн студенташа а, кхечу къаьмнийн студенташа а вовшашна зеделларг довзуьйту. Вайн кегийрхойн дуккха а проекташ хуьлу. Кхузаманан технологешца уьш йогIуш хилча, уьш кхочуш а ялур ю. Цара пайда а бохьур бу. Проект дагалаьцча цу тIехь чекхболуш бац цуьнан болх. Проект вовшахтохарал сов, цуьнан дакъалацархой а, вуьшта аьлча, команда къасто еза, хIоранна а шен-шен декхарш билгал а дохуш. ТIаккха бен кхиаме хир бац оцу проектан болх, – бохура Усманов Ахьмада.
Иштта, Гайрабеков ИбрахIима студенташна дийцира, IT-школин проект маьIне а, оьшуш а хиларх лаьцна.
– Со тешна ву, кхузахь тахана гулбелла студенташ шайн идейш а йолуш, шайн проекташна тIехь къахьега а, уьш кхочушъян баккъал боккха лаам а болуш хиларх. Кхузахь дIаяхьа леринчу программех аш пайдаоьцийла а лаьа, – элира Сахаров Станислава.
Циггахь прикладни хаамийн технологийн институтан директора Алисултанова Эсмирас йовзийтира кхаа денна лерина программа. Ткъа Сахаров Станислава IT-школин балхах лаьцна дийцира.
Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, цхьаьнакхетар Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан коьртачу корпусехь дIадаьхьира. Цигахь эксперташа Д.Ханин а, Ш.Кармос а мастер-класс дIаяьхьира. Цигахь йийцаре йинарш хIара теманаш яра: «Что такое предпринимательство. Путь стартапера», «Технология принятия решений на основе данных».
Университетан Спортан цIийнехь вакансийн ярмарка дIаяьхьира шолгIачу дийнахь. Хаамийн технологешкахула а, телекоммуникацешкахула а, энергетикехула а хаарш карадерзош болчу студенташна лерина яра и ярмарка.
Цул тIаьхьа IT-школин дакъалацархой, шина команде а бекъабелла, шайн-шайн проектийн бизнес-планашна тIехь къахьега буьйлабелира. Эксперташа Ш.Кармос а, Д.Ханина а бизнес-идейш кечъярехь нийсачу новкъа бохура студенташ. Нийса дерг хьоьхура царна.
Оханан (апрель) беттан 15-чу дийнахь хIора а командо шайн-шайн проектийн презентаци йира. ХIора а командин проекте дукха лерина хьаьжначул тIаьхьа, жюрин декъашхоша жамIаш дира.
Церан жамIашца, хьалхара меттиг яьккхира мехкадаьттан университетан студентийн Сардалов Iийсан а, Минкаилов Расулан а «Masternode safe deal» (гарант-сервис для кооперации криптоинвесторов) проекто; Альсултанов Исламан а, Альсултанова Альбинин а, Муслимов Сайд-Мохьмадан а, Басаев Муслиман а «Darba» (использование технологии интерактивного ввода в ЛФК) проекто яьккхира шолгIа меттиг; кхоалгIа меттиг Къилбаседа Кавказан пачхьалкхан гуманитарни-технологин академин студентийн Джатдоев Алиман а, Гемсакурова Аминин а «Лангетирование» проекто яьккхира.
Мехкадаьттан университетан студентийн Бециев Iимранан а, Гудаев Илисханан а, Даутаев Мохьмадан а, Бециева Хедин а «Smart gate» (автоматизация въезда на частную территорию с помощью сканера гос.номеров автомобилей) проекто йоьалгIа меттиг яьккхира. Оцу конкурсан толамхошна вайн республикин дозанал арахьа (Испани, Израиль, Ирланди, царах цхьаъ хIинца а къастийна яц) стажировка ян а таро хуьлуьйтур ю. СовгIатан меттигаш яьхначарна совгIаташ дира.
IT-школин болх берзош, Экспертни Советан декъашхоша хаийтира студентийн маьIнечу проектех шаьш гIеххьачул цецдевлла а, дозалла деш а хилар. Сахаров Станислава Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан ректорна Таймасханов Хьасанна баркалла элира IT-школа лаккхарчу тIегIанехь вовшахтохарехь а, дIаяхьарехь а гIо-накъосталла дарна.
Цу тIехь берзийра Къилбаседа Кавказан федеральни округан IT-школин болх.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: IT-школин дакъалацархой
№31, шинара, оханан (апрель) беттан 24-гIа де, 2018 шо