«Даймохк» газетана хӀинца йолу цӀе тиллале, жимма хьалха нисвелира со редакце балха. Мил-милла а газете хӀотталуш зама а яцара иза. Республикин тӀегӀанерчу газете-м муххале а. Кхин дерг ца хьехийча а, жимма язъян куьг-говза хила везара журналист хила луург. Оцу газетан редакце кхачар бахьанехь, сайна даьллачу беркатах масех хӀума хьахор ас, цига сайга кхайкхинчу Яхъяев Лечиний, балха дӀаэцначу, шу марша, Айдаев ЮшаӀаний баркалла а олуш.
Дуккха а наха кехаташ кхоьхьуьйтуш а, нах шаьш схьаоьхуш а меттиг яра редакци. Царалахь хуьлура махкахь а бевзаш болу, дошлела, цӀеяхна нах. Нохчийн маттаций, гӀиллакхашций, доцца аьлча, нохчи бохучу сийлахьчу дашо чу мел лоцучу хӀуманца ларам болу дуккха а нах лаьттара цигахь. Уьш бевзина суна. Бовзарал сов, цаьрца къамелаш хилла, юкъаметтигаш тийсаелла, балхана а, дахарна а Ӏемина цаьргара. Уьш а, оцу редакцехь бухахь хиллий, тӀаьхьа тӀебаьхкиний дуккха а накъостий а бахьанехь, син бахам а совбаьлла сан. Цаьрца возаваларна, наха тидам бечу нехан тобанах сиха дӀаийна со-суо а. Газетехь волу стаг лоруш, цунах дагадовлуш, цо олучуьнга ладугӀуш зама яра и.
Лаьллина йоьдучу говр-ворданахь волуш санна, сакх-сема хила везаш, сиха бара газетера болх – цхьа материал зорбанна чуелла а валале (я цуьнца цхьаьна), кхин кечъян езаш. Коьртан хье даима «дӀабоьжна» хила безаш болх бара и. Цундела лаа олуш дацара журналисташа – «газето хье бакъабо» бохург. Газетехь яьккхинчу хено гӀо дина суна журналист, публицист хила. Амма литературехь сан хиллачу лехамашна оцу балхо мелла а эшам а бина, суна хетарехь, ма-оьшшу цунна яйа хан тоьуш ца хилла хиларна. Бакъдерг аьлча, ца оьшу, совнах ницкъ а бора ас сайна, газетана язъен материал, иза исбаьхьаллин произведени йолуш санна, цхьацца дустаршца, эпитеташца, метафорашца кечъян гӀерташ. Иза сан белхан накъосташа а соьгахь тергалдина хӀума ду.
Дика а, вуон а – ший а агӀо ю оцу хӀуманца. Хьан мотт кхиабо цо, хазбо. Оцу дикаллица цхьаьна йогӀуш ца хилла дукхалла. Ткъа газетана оьшург – сихха, сихха бохург дара. Тахана а ду моьтту суна изза хьал. Амма сиха динарг дика даима а ца нисло. Кицано ма-баххара, хи а ма ца кхетий, сиха дахча, хӀордах. Доцца аьлча, айса язъечунна тӀехь, сих ца луш, дош даше дуьллуш, болх леррина бан Ӏамийна со «Даймохк» газетехь яьккхинчу хено.
Абдулаев Леча коьрта редактор а хӀоттийна, газетан цӀе а хуьйцуш, доладеллачу хӀуманийн цхьана билгалонех дара, масала, баккхийчеран къамелехь бен ца хезаш, йозанашкара-м хьала-охьа а дайна, дешнаш карладахар. Шу марша, Джамалханов Зайндис хӀоттийначу словара тӀера дицлуш лаьтта нохчийн дешнаш а дара уьш, сих-сиха зорбатухуш хилла долу. Ас хӀинцца далийна «шу марша» бохург а дара, велларг хьахош, газетан агӀонашка деана долу. «Хьайн дош ма дицделахь» боху меттан карчам а юкъабеара интервьюшна – вайн гӀиллакхашца ца догӀу «юккъешхула делахь а» баьхначун метта. Ур-атталла, белхан кехаташ лелор а (делопроизводство) нохчийн матте даьккхира «Даймохк» газетехь. Оцо яхь айина, тӀаьхьо «СтелаӀад» журналан редакцехь а долийра кехаташ нохчийн маттахь лело. Масане дара уьш…
«Даймохк» газетехь волуш словарашца болх бан а Ӏемина суна, цаьрца болх бар марз а делла. Мацах цхьамма ма-баххара, хазачу йоӀе са ца къера а, словарийн агӀонаш тӀехь бӀаьрса сецор хазахета суна… Уьш сайн мел ю хьаьжи со хӀинцца, хӀара могӀанаш юкъах а даьхна. Стоьла тӀехь ерш а, эцца хьалха терхеш тӀехь лаьттарш а сихха ягарйича, терахь ткъе берхӀиттанга хьала кхечи. ДӀо вукху цӀенош чохь кхин а пхи-ялх хила а еза.
Газетан кхолламехь дерриге а дикий, нийсий хилла баха а йиш яц. ТӀехӀиттинчу заманашка хьаьжжина, дика а хьегна цо, вуонаш а лайна. Цуьнан дахарехь тахана а ма даций шадерриг шера. Аьттонашца цхьаьна халонаш а ю, халонаш алсам а йолуш. Делахь а, халкъан, мехкан дуьхьа бохург коьрта ду-кха. Иза хьалха а даьккхина, нохчийн мотт ларбина оха а. Нохчийн мотт ларбеш бу тахана цигахь балхахь берш а! ХӀунда аьлча – нохчийн мотт мел бу, нохчийн къам а хир долу дела, нохчийн мохк а хир болу дела! Дала мукъ лахь!
АХМАТУКАЕВ Адам, яздархо
№31, шинара, оханан (апрель) беттан 24-гIа де, 2018 шо