«Даймохк» газет а, нохчийн мотт а

Оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь билгалдоккхучу Нохчийн меттан дийнан а, Нохчийн къоман «Даймохк» газетан 95 шо кхачаран а гурашкахь республикин бахархоша йовзийтира нохчийн меттан а, Нохчийн къоман «Даймохк» газетан а хьокъехь йолу шайн ойланаш.

Юнусов Хьамзат – Шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой кечбаран а, юхакечбаран а школин директор: «Нохчийн маттах а, «Даймохк» газетах а лаьцна дийца Iаламат дукха ду. Делахь а, тахана суна газетан хьокъехь ала луур дара масех дош. Соьга хаьттича, нохчийн халкъан тIаьххьарлера 95 шеран истори ю «Даймохк» газет; нохчийн халкъан сатийсамаш а, лехамаш а, лаамаш а, сингаттамаш а бу иза; нохчийн халкъан амалан а, ламастийн а туш ю иза; нохчийн халкъан кхетам а, эхь а ду иза; халкъан кхерчан бIаьхьо ду и; нохчийн халкъан мотт а, историн куьзга а ду иза. Кханене болу некъ а хьоьхуш, кхидIа а дехар ду «Даймохк» газет халкъаца».

Хаджимурадова Залина – «Вайнах Телекоман» Call-туьшан хьаькам: «Стеган синан куьзга ду аьлла хета суна ненан мотт. Къаноша хIора а тIекхуьучу чкъуре дIакховдош йолу культурин тIаьхьало а ю и. Шен ненан мотт ца хууш волу стаг къен ву, хIунда аьлча, шен халкъаца йолу зIе хадийна цо. Дозанаша цхьа пачхьалкх кхечух къасторе терра, цхьа халкъ кхечарех къасториг а мотт бу. Ткъа «Даймохк» газетан хьокъехь аьлча, иза нохчийн таханлерчу литературин меттан хьоста ду. И хьоста ша хилар цо тахана я селхана ца гайтина… Цо и гойтуш долу 95 шо ду».

Эдисултанов Iабдулхьамид – «Соьлжа-ГIалин дельфинарин» «диноюьртан» урхалхо: «Вайна массарна а хезна «бепиг массо а хIуманан корта бу» олуш. Иза бакъ ду. Амма баьпкаца адам деха. Ткъа къам цунах «ца дузу»! Цунна дуза а, даха а мотт оьшу. Къоман мотт оццу къоман дахаран а, синан а куьзга а хуьлий беха. Цундела, массо а хIуманан корта мотт бу. Делахь-хIета, «хIун ду коьрта – цхьа адам я дийна къам?!», – бохучу хаттаран хьокъехь хIорамма а ойла ян еза аьлла хета суна. Иштта, «Даймохк» газетан хьокъехь а, билгалдаккха догIу иза, 1923-чу шарахь дуьйна, массо а хIуманан корта болчу меттан сурт а хилла, таханлерчу 2018-чу шаре кхаьчна иза».

И.ИСЛАМОВ

№31, шинара, оханан (апрель) беттан 24-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: