Дукха хан йоццуш, гергара стаг дIаваьллачу тезетахь Iаш, ларамаза шина зудчо дечу къамелан тидам хилира сан. Газа дукха хан яьлла, тезетахь вовшахкхеттачу цаьршимма цIерачеран хьал-де а, могашалла а хоьтту вовшашка. Бераш даккхий хиллий хьан, доьшуш дуй аьлла, цхьамма хаьттича, шолгIачо жоп ло, воккхах волу кIант 8-чу классехь доьшуш ву, математикина, физикина, школехь хьоьхучу кхидолчу Iилманашна чIогIа дика тIаьхьакхуьуш ву, олий. «Единственное, чего он не знает, это чеченский язык», – боху цо кхидIа.
ТIаккха хаттар динчо тIетуху: «ДIаяккхахь, и чеченский-м оьшуш яцара».
Деана вон дицдаллал дог а Iовжадой, арахь, хьошалгIахь, некъаца мел хезна долу цу кепара къамелаш карладовлу. Ткъа уьш-м хеза денна…
«ХIай, нах! Баккъал а, Оха кхоьллина шу боьршачу стагах а, зудчух а, шух халкъаш а, тайпанаш а дина, шу вовшашна довзийта. Шуна юкъахь уггаре а сийлахь верг – уггаре а чIогIа Делах кхоьрург ву. Баккъал а, Дела Хуушверг, Девзашверг ву», – боху вайга Дала Шен Сийлахьчу Къуръанехь (49-гIа сурат, 13-гIа аят).
Тайп-тайпана къаьмнаш дина кхоьллина вай Дала, дуьне мел ду даха а ховшийна. Дозадоцчу Шен кхетамца, хьекъалца, комаьршаллица, къинхетамца вай нохчий кхоьллина Сийлахьчо. Ша саннарг кхин боцу нохчийн мотт а белла цо вайна, дуьненахь уггаре а хаза долу гIиллакхаш а делла.
Дала вайна динчу совгIатана хастам беш, баркаллаш бохуш, вайн ненан меттан а, нохчаллин а сийдан декхарийлахь дара вай. Иштта Iийнера вайн ворхIе да. Цара хьакъ ма-дду лардинера АллахIа шайна дина долу совгIат – мотт а, гIиллакхаш а.
БIешарера бIешаре, тIаьхьенера тIаьхьене шен исбаьхьалла ца йовш, дуьненан балех, зерех чекхбуьйлуш, вайн дайша, наноша Iалашбеш таханлерчу дийне схьакхаьчна нохчийн мотт. Ур-атталла, дин бахьанехь, хIижрат дина, Iаьрбийн мехкашка шаьш дIакхелхича а ца бицбина нохчаша ненан мотт. Ткъа тахана, мотт кхио, ларбан, баржо массо а кепара таронаш йолчу хенахь, ца оьшучу хьоле баьлла сийлахь нохчийн мотт.
Кегийрхошлахь наггахь бен карор вац иза бийцарна тIера верг. ЦIена нохчийн мотт буьйцурш-м тахана бисина а бац, ала мегар ду.
Бер дуьнен чу даьллачул тIаьхьа, доьзалера дуьйна схьа бехха некъ бо цо: берийн бешахь – 4–5 шо, школехь – 11 шо, университетехь – 5–6 шо, цул тIаьхьа балхахь йоккху билггал йоцу хан. Оцу бехачу новкъахь массо а мур ларбан безаш бу. Аганахь долуш дуьйна ненан маттахь илли хезаш, дас-нанас ненан мотт буьйцуш бер кхиорах тоьаш дац, тахана керла зама хиларе терра.
КхидIа, иза берийн беша, цул тIаьхьа школе дахча, цуьнца ненан мотт буьйцуш нах ца хилахь, доьзалехь цуьнца къахьегар хи чу кхоьссича санна ца дахь а, оцу гIуллакхан тIаьхье кхиаме хир яц. Нохчаша берийн бошмашкахь оьрсийн мотт бийцийта маггане а мегар дацара.
Наггахь волчо бен ойла а йийр йоцуш, доккха зулам ду кхетош-кхиоран кхерчашкахь вайн къоман тIаьхьенна хуьлуш дерг – уггаре а коьртачу хенахь, беран синкхетам, дог-ойла, дуьнедовзар кхоллалучу муьрехь, оцу бере хийра мотт бийцар, иза цунна марзбар, оцу маттахь ойлаян Iамор.
ХIора Iуьйранна схьадогIуш – «Здравствуйте!», арадала лиъча – «Можно выйти?», цIадаха арадолуш – «Можно домой?.. Спасибо, до свидания» ала Iамадо берийн бешахь массо бер.
Цул сов, дийнан дохалла а цаьрца оьрсийн мотт буьйцу кхетош-кхиорхоша. Изза хьал ду школашкахь а. Ткъа университеташкахь, кхидIа цхьамма а къахьега а ца оьшуш, кегийрхоша шаьш буьйцу оьрсийн мотт. Стенна оьшуш ду иза? Цхьамма хIуьттаренна, гамонна юкъадаьккхича санна долу и хIума, нуьцкъах леладойтуш хилча а тIелоцийла дацара, вайн кханенан ойла еш вай делахьара.
Шен чохь цIена нохчийн мотт буьйцуш кхиийна бер а «галдолу» ишттачохь. Оцу оьрсийн меттан шен хан, билгалдаьхна сахьташ хилча, оцу хена чохь Iамийна бита мегар дара иза. Ткъа вай, пачхьалкхан тIегIанехь чIагIбина болу вайн мотт а битина, кхин мотт цул хьалха а баьккхина лела.
Чохь цкъа а цхьамма а оьрсийн мотт буьйцуш боцчу доьзалерчу беро мотт буьйцуш ладоьгIна ас… Ша нохчийн мотт буьйцу а моьттуш, нийсса ах, кхин сов дацахь, оьрсийн дешнаш даладо цо. ТIаккха кхоччуш мах хадабало дешаран учрежденешкахь оьрсийн мотт бен цалелоран къаьхьачу тIаьхьенийн.
Орца дахарх, мохь беттарх, бIаьрхиш Iенадарх нислун доцу хьал хIоьттина тахана вайн матте. Цхьамма, шимма, иттамма къахьегарх хIумма а хийцалур дац. Республикин пачхьалкхан учрежденешкахь нохчийн мотт бийцаран, лелоран хьокъехь закон тIе а эцна, пачхьалкхан тIегIанехь баккхий хийцамаш а ца бахь, хIора а нохчичо, дуьненан муьлххачу маьIIехь а, дахаран муьлххачу хьолехь а ша хиларх башхалла йоцуш, шен синкхетаме кхевдина, шен ненан меттан ойла а ца яхь, иза Iалашбарна само а ца яхь, вайн мотт бехар бац, кхуьур бац.
Ненан матто цхьана стеган дахарехь а, дийнна халкъан кхолламехь а лелочу маьIнин ойла ян еза хIораммо а. Вайн мотт беза декхарийлахь ду вай, иза бийца, Iалашбан, кхио, баржо декхарийлахь а ду.
Нохчий ду бохуш, нохчийн латта хьоьшуш лелачу вайна а ца эшахь, хьанна оьшур бу вайн мотт?!..
А.МУСАЕВА
№31, шинара, оханан (апрель) беттан 24-гIа де, 2018 шо