ТIаккха мотт бехар бу

Тахана Нохчийчохь дезде ду – Нохчийн меттан де. Тайп-тайпана хуьлу деза денош: хьехархойн, лоьрийн, геологийн, студентийн, прокурорийн, баккхийчу нехан, берийн, иштта кхин а, кхин а. Хьенан дезде ду Нохчийн меттан де? И хьан а, сан а, вайн массеран а дезде ду: хIинцца аганара гIаьттинчу беран а, бIешаре ваьллачу къаночун а, артистан а, латталелорхочун а, министран а, могIарерчу белхахочун а, жаIуьнан а, яздархочун а – ша нохчи хеташ, нохчийн мотт буьйцуш волчу хIора стеган а, дуьненан муьлххачу маьIIехь и вехаш хиларх башха а доцуш. Дерриге а къоман юкъара хазна, къам къам хиларан коьртачу билгалонех цхьаъ ю нохчийн мотт.

Шен бийца мотт боцуш къам хуьлийла дац. Къийса йиш йоцуш, дахаран бакъдерг ду иза. Шайн мотт ларцабарна дуьненара дIадевлла дукха къаьмнаш ду. Цундела мотт ларбар, къоман коьрта хьашт ду. Цундела веза а, сийлахь а ву къоман мотт ларбарехь, баржорехь, марзбарехь, Iаморехь кIезиг-дукха дакъа мел дерг.

Тахана оцу сийлаллин дакъа кхочу апрель беттан 25-гIа де – Нохчийн меттан де ду аьлла, дIакхайкхийначу Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а.

«Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» Нохчийн Республикин Закон, куьг яздеш, чIагIдарца а, Нохчийн меттан де кхайкхорца а республикин куьйгалло гайтина маттаца йолу шен юкъаметтиг – и бийца беза, ларбан беза, пачхьалкхан мотт бина, лело беза.

Лакхахь хьахийна Закон дуьззина кхочушдаро а (и иштта хирг хиларх теша лаьа), Нохчийн меттан де дерриге а къоман дезде даро а, цхьа а шеко йоцуш, доккха маьIна лелор ду нохчийн меттан кхане хилийтарехь а, цуьнан сий-ларам айъарехь а.

Меттан хьал деборна, и ларбарна, йозанан мотт кхиорна юкъа уггаре а йоккха хазна юьллучарех бу нохчийн яздархой. Баркаллица дагалаца хьакъ ду тахана нохчийн исбаьхьаллин литературин юьхь йолош къахьегна Нажаев Ахьмад, Дудаев Iабди, Сальмурзаев Мохьмад, Айсханов Шамсудди, Бадуев СаьIид, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби, Ошаев Халид, Арсанов СаьIидбей, Музаев Нурдин, литература кхиорехь кхидIа къахьегна Гадаев Мохьмад-Селахь, Эдилов Хасмохьмад, Сулаев Мохьмад, Ахматова Раиса, Муталибов Зайнди, Хамидов Iадбулхьамид, Айдамиров Абузар, Мусаев Мохьмад, Гайсултанов Iумар, Окуев Шима, Арсанукаев Шайхи, Дикаев Мохьмад, Кибиев Мусбек, Гацаев СаьIид, Махмаев Жамалди, кхин а.

Нохчийн меттан денца доьзна декъалдаран дош шайга кхачо хьакъ бу вайн заманан яздархой: Хасбулатов Ямлихан, Мамакаев Эдуард, Рашидов ШахIид, Супаев Руслан, Абдулаев Леча, Шайхиев Iалвади, Бексултанов Муса, Нунуев Сайд-Хьамзат, Дакаев СаIидбек, Ахмадов Муса, Исмаилов Абу, Цуруев Шарип, Сайдуллаев Хьасан, Минкаилов Эльбрус, Сейлмуханов Муса, Ахматукаев Адам, дуккха а кхиберш.

ХIокху дезачу дийнахь дагалаца хьакъ ду нохчийн мотт толлуш, фольклор гулъеш, нохчийн меттан, литературин учебникаш хIиттош, къахьегна Iилманчаш: Эльдерханов Таьштамир, Гайсумов Соайп, Тазуев Шамсудди, Мациев Ахьмад, Эльмурзаев Сиражди, Арсаханов Исраил, Дешериев Юнус, Вагапов Якъуб, Эсхаджиев Якъуб, Чентиева Марем, Бибулатов Нурди, Карасаев Айсаш, Солтаханов Эльбек, Арсанукаев Iабдулла, Гиреев Ваха, Вагапова Тамара, Джамалханов Зайнди, Али-роев ИбрахIим, Тимаев Ваха.

Тахана а мотт, литература талларан хьаьрмахь беркате къакхьоьгуш бу: Чокаев Кати, Туркаев Хьасан, Навразова Хьава, Халидов Муса, Овхадов Муса, Вагапов Iаьрби, Джамбеков ШаIрани, Сулейбанова Маржан… Дела реза хуьлда оцу декъехь къа мел хьоьгучу Iилманчина, меттан говзанчина.

Диканехь-вонехь даима а халкъа юкъахь болчу Iеламнаха, шаьш маслаIатана буьйцучу маттаца, нохчийн маттахь бечу хьехамашца доккха маьIна леладо нохчийн мотт ларбарехь.

Ишттачарех ву Нохчийчоьнан Iеламнехан кхеташонан коьртехь волу Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжа, Нохчичоьнан муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, Iеламнах Шахидов Адам, Сайдулаев Хьамзат-Хьаьжа, Хабзиев Iаьрби, Куруев Валид, иштта кхиберш.

2000 гергга нохчийн меттан хьехархо ву вайн школашкахь хьанал къахьоьгуш. Тахана уггаре а хьалха шайга декъалдаран дош ала догIурш бу уьш.

Дукха хилла царна юкъахь, тахана а бу шаьш-шайн ца кхоош, дешархошна мотт Iамош, марзбеш, къахьоьгурш: Абуханов Шаид (Веданан кIошт, МахкатIера юккъера школа), Авдорханова Таиса (Нажи-Юьртан кIошт, Зандакъара юккъера школа), Абдуразаков Шертбек (Гуьмсан кIошт, Комсомольскера юккъера школа), Вагапова Асет (Соьлжа-ГIалара коррекционни школа), Докаев Индарбек (Шелан кIошт, Дуби-Эвлара юккъера школа), Дудаев Султан (Шуьйтан кIошт, Хьена-Кхьаьллара юккъера школа), Исраилов Iабдул-Хьамид (Шелан кIошт, БелгIатой- Эвлара юккъера школа), Ибрагимова Забунат (Шелковскера №11 йолчу гимнази), Дженаралиев Руслан (Курчалойн кIошт, Майртуьпара №1 йолу юккъера школа), Хаджалиева Лайлаъ (Хьалха-Мартанара №6 йолу юккъера школа), Хамидов Мохьмад (Лаха-Неврера юккъера школа), Эстамирова Зоя (ТIехьа-Мартанара №4 йолу школа), Гайтукаева Зайнап (Соьлжа-ГIалара №29 йолу школа), Хитиев Салахь (Невран кIошт, Гал-ГIалара юккъера школа), Хачукаева Киса (Соьлжа-ГIалара №48 йолу юккъера школа), Идигова Лиза (Грозненски кIошт, Йоккхачу АтагIара №1 йолу юккъера школа).

Мел лиъча а, тхо ларор дац массеран а цIерш яха. Оха даггара декъалбо нохчийн меттан берриге а хьехархой Нохчийн меттан денца.

ГIиллакхна тIаьхьатеттинехь а, хIокху дийнахь вай бицбан йиш йоцучарех бу нохчийн маттахь яздеш а, телерадиопередачаш еш а болу журналисташ. Нохчийн жураналистикехь дика евза Магомаев Салавдин, Кагерманов Доккин, Магомаев Лечин, Дадаев Сайд-Хьасанан, Барзанукаев Ахьмадан, Сумбулатов Денин, Газиева Азин, Умхаев Хьамзатан, Бурчаев Хьаьлиман, Арсанукаев Мусан, Саралиева Табаркан, Эльдерханова Зайнапан, Даудов Нажмуддин, телерадиожурналистийн – Кусаев Iадизан, Эльмурзаева Розин, Баширов Сайд-Мохьмадан, Тухашев Хьамзатан, Исакова Маккин, Садаева Раисин, Муталаева Маликин, дуккха а кхечеран цIерш.

«Орга», «СтелаIад», журналаша а, «Даймохк» газето а мехала хазна юьллу нохчийн мотт ларбарна юкъа.

Оха даггара декъалбо оцу изданийн берриге а белхахой, нохчийн маттахь яздеш болу берриге а журналисташ Нохчийн меттан денца!

Нохчийн мотт баржорехь, марзбарехь маьIне бу Нохчийн театран актераша, ткъа иштта иллиалархоша, эшаршлакхархоша беш болу болх. Оцу декъехь уггаре а хьалха цIерш яха хьакъ бу актераш: Давлетмирзаев IабдулмутIелип, Омаев Дагун, Гичаева Раиса, Джамаев Iимран, Азаев Хьамид, иллиалархой Дагаев Валид, Усманов Iимран, Межидов Сахьаб, Эльмурзаев Бека, йишлакхархой: Межиева Макка, Дадашева Тамара, Кагерманова Раиса, Ташаева Марем, дуккха а кхиберш.

Нохчийн литература йовзийтарехь, делахь хIета, нохчийн исбаьхьалин дош довзийтарехь боккха болх бо библиотекаша. Къасттина билгалъяккха догIу Нохчийн Республикин къоман библиотека, Республикин берийн библиотека, Соьлжа-ГIалин коьрта библиотека.

Шайн белхан говзаллица а, дахаран некъаца а нохчийн маттаца доьзна хIума а доцуш, амма цуьнан хиндолчух доглозуш, шайн ницкъ мел бу цунна орцахбуьйлуш нах хаало. Царах ву физикин-математикин Iилманийн доктор Дадашев Райком, физикин-математикин Iилманийн кандидат Умархаджиев Салавди, лоьраш – Берсанов Руслан, Муцалов Якъуб, технически Iилманийн доктор Курумов Джамалди, историн Iилманийн кандидат Магамадов Супьян, дуккха а кхиберш. Дела реза хуьлда царна!

Оха юьххьехь билгал ма-даккхара, Нохчийн меттан де вайн массеран а юкъара дезде ду. Оцу ойланехь вай хилахь, и де билгалдоккхур ду хIора юьртахь, кIоштахь, хIора доьзалехь.

Оцу ойланехь вай хилахь, вайх хIора а, шен ницкъе, тароне хьаьжжина, сема хир ву цуьнан хьашташна, вай сий-пусар дийр ду и ларбарехь, баржорехь, Iаморехь дакъа мел долчун. ТIаккха иза бехар бу, вайн къоман барт, маршо ларъеш, нохчийн къам хиларан бIаьрла билгало хилла.

Хь.АБОЛХАНОВ

№31, шинара, оханан (апрель) беттан 24-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: