«Ненан мотт – сан къоман Седа!»

«Дайх бисна Ненан мотт,
Хьо оьшу денна,
Ца хазахь сагатло,
Хьоь болу сан безам,
Синмеха хета,
Сан сица, сан цIийца хьо беха,
Сан къоман – Седа!»

Оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь вайн республикехь билгалдоккху Нохчийн меттан де. Цу хьокъехь Нохчийн Республикин Президентан №207 Указ зорбане даьлла «Даймохк» газетехь 2007-чу шеран хIутосург (май) беттан 11-чу дийнахь.

Указ арадаккхарца вайн республикин лакхарчу Iедало гайтина нохчийн маттаца йолу шен юкъаметтиг: вай цуьнан сий-пусар дан дезар, Iамо безар, цунах билггал пачхьалкхан мотт хиларе кхача дезар. Нохчийн мотт буьйцуш а, Iамош а, и бийца лууш волчунна дезде хилла дIахIотта деза иза, дуьненан муьлххачу маьIIехь вайн къомах стаг велахь а.

Къам кхетош-кхиорехь а ондда гIирс бу мотт. Ненан матто Iамадо вайна Даймохк беза, вайна нохчийн оьзда гIиллакхаш, ламасташ, дуьненан а, адаман а хазалла йовза.

«Даймохк безаш, хьайн къам лоруш,
Нохчийн мотт а ларбелахь!
Меттан сийдеш, дада лоруш,
Ненан дог ахь хьасталахь!»

Дуьненна а хууш ду, къам ненан матто латтош хилар. Хийла дика кIант ваьлла вайн къомах, вайн Ненан мотт хестош, цунах лаьцна дуккха а яздина, яздеш а ду.

Нохчийн меттан хазаллех, цуьнан сийлаллех, дозаллех, мехаллех дош олуш яздархой, хьехархой, бахархой дуккха а бу вайн. Иза иштта хила деза, сийлахь ду. Муьлххачу къоман а уггаре коьрта билгало, иза кхечу къаьмнех къастош дерг, цуьнан шатайпаналла гойтург мотт бу. Шен ненан мотт бицбина вахар – иза маьттаза вахар ду.

1944-чу шарахь, вай махках даьхначу хенахь, 13 шарахь кхечу къаьмнашна юкъахь Iийна вай. Амма хаа ма-беззара нохчийн мотт хууш бара кхузара дIабигна кхиазхой а, цигахь дуьнен чу бевлларш а. Цул сов, кхечу къаьмнийн меттанаш а хаьара царна. Инзаре, тамаша баллал боккха болх хилла иза. Ткъа бахьана хIун ду? Дера ду, шаьш мел халачу, чолхечу хьолехь баьхкинехь а, вайн дай шайн меттан доладан доьналла долуш баьхна хилар.

Нохчийн халкъах, нохчийн махках хаьдча, амал дац-кх вайн. Вахар, валар шайн Даймахкахь лоьхуш, баьхна оьзда дай. Мотт – иза гIиллакх-оьздангаллин бух бу, иза вайн истори ю. Нохчийн маттаца ду вайн къоман иэс, гIиллакх-оьздангалла а.

«Нийса а, хаза а, говза а дийцархьама, мотт кIорггера хаа беза. Цуьнца цхьаьна ойла нисъян а, хIуманах бакъонца кхета а, литературин меттан бакъенаш дика йовза а, меттан Iилманан законех кхоччуш кхеташ хила а веза. Къамелан оьздангалла мотт нийсий, хазий, оьздий бийца хаарх йозу» – аьлла меттан говзанчас, профессора Джамалханов Зайндис.

Литтина деши санна, мотт цIанбинарг, мазал марзбинарг а вара иза. Нохчийн мотт ша, ламанан хьоста санна, цIена, исбаьхьа, безамехь товш буьйцуш бара вайн нохчийн гIарабевлла яздархой, поэташ: Ш.Арсанукаев, Б.Саидов, А.Айдамиров, М.Мамакаев, I-Хь.Хатуев.

Доцца аьлча, вайн нохчийн литературин бIогIамаш дара уьш. Дала гечдойла царна! Ткъа ламанан хьоста иза лардеш, доладеш хила дезаш ма-ду, цунна тIедоьлху некъаш ширдала, тишдала йиш ма яц! Иштта, Ненан мотт а, вай ларбан безаш бу! Бийца а беза, беза а беза, Iамо а беза берашна.

Нохчийн меттан мотт шен туьшахь латто ницкъ тахана болуш бу вайгахь. Арахьара юкъатийсина сакхталлашший, вайн вешан бехкенна вайна юкъахь дебна ледарлонашший, мало йоцуш къахьегахь, вайга иэшалур ю. ТIаккха вайн кхане а хир ю, ткъа вайн халкъ, шен сибатах, вастах доьхна а лелар дац.

ХIора дас шен доьзалхо Нохчаллин гурашкахь кхиавахь, вайх вайн мехкан дай хир ду, вайна юкъара харцонаш дIаевр ю ткъа нохчех, лаккхара кхетам а болуш, къам кхуьур ду.

Дала аьтто бойла вайн!

Абдырашитова Маьлх-Аьзни, Шелан юккъерчу №9 йолчу школин ненан меттан хьехархо, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо

№31, шинара, оханан (апрель) беттан 24-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: