Кху деношкахь Аргун гIалин Культурин цIийнехь хилира «Синмехаллаш» конкурсан шолгIа тур. Къийсадаларшкахь дакъалоцуш яра Курчалойн районера а, Соьлжа-ГIалин Мэрин культурин Департаментера а тобанаш. Дакъалацархоша шайн говзалла гайтира нохчийн халкъан иллешца, хелхарца, ткъа иштта забар постановкашца.
Тобанаша кечбинчу белхийн мах хадо веанера Нохчийн Республикин куьйгалхо Кадыров Рамзан, Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Ислам, Республикин культурин министр Дааев Хож-Баудди, Курчалойн районан администрацин куьйгалхо Черхигов Идрис.
Шина а тобано дика кечам бинера. Делахь а конкурсан чаккхенгехь жюрис билгалъяьккхира финале яьлла Соьлжа-ГIалин культурин департаментан тоба.
Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана нохчийн гIиллакхаш, хелхарш, иллеш довзийтарехь дакъалацарна конкурсан шина а тобанна а, проект вовшахтоьхначарна а, иза дIахьош волчу Шамсудинов Эзар-Iелина а баркалла элира.
З.САГАЕВА