Республикин эколого-биологин туьшахь Россин къоначу натуралистийн боламан 100 шо кхачарна лерина къоначу талламхойн республикин конференци хилира.
Конференцин Iалашо яра туьшан дешархойн интеллектуальни кхолларалла кхиор а, церан ойла талламан балха тIеерзор а.
Цигахь дакъалоцуш Ерригроссин конкурсийн региональни муьрийн толамхой а, совгIатхой а бара. Ерригроссин конкурсаш тайп-тайпанчу теманашна лерина яра. Кегийрхошна юкъахь дIаяьхьна «Подрост» конкурс пхеа номинацехула яра:«Хьуьнан бецийн экологи», «Хьуьнан акхаройн экологи», «Iалам Iалашдаран проектийн гIуллакх», «Хьун лелор а, хьун таллар а», «Тоьлла зеран – талламан болх».
«Подрост» конкурсехь дакъалецира Республикин Соьлжа-ГIалин №2 йолчу гимназин а, Гуьмсан, Веданан, ТIехьа-Мартанан, Нажи-Юьртан, Хьалха-Мартанан, Курчалойн, Теркан кIошташкарчу, Устрада-ГIалин а эколого-биологин туьшийн а юкъарадешаран организацешкарчу 12 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолчу дешархоша.
Ткъа хиш Iалашдарна а, хин бахам меттахIотторна а леринчу Iилманан-талламийн а, прикладни а проектийн конкурсехь дакъалецира 14 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолчу 20 дешархочо. Уьш Соьлжа-ГIалин №61 йолчу школин а, Н.Назарбаевн цIарахчу №1 йолчу лицейн а, Гуьмсан, Грозненски, ТIехьа-Мартан, Нажи-Юьртан, Хьалха-Мартан, Курчалойн, Теркан, Шелковски кIоштийн эколого-биологин туьшийн дешархой бара.
Оцу конкурсан ши номинаци яра: «Хи а, дуьне а», «Хи а, климат а».
Москвахь оханан (апрель) беттан 14-чу дийнахь йолаелла 18-гIа де тIекхаччалц дIаяьхьначу Iилманан-талламийн а, прикладни а проектийн Ерригроссин конкурсехь дакъалаьцна Гуьмсан кIоштан эколого-биологин станцин дешархочо Ахматов Вахас. Цо кечйинчу проектан цIе «Ясси хин экологин мах хадор» аьлла ю.
Экологин Ерригроссин «Баьццара дуьне – 2018» берийн XVI-чу форуман региональни муьран ялх номинаци яра: «Iалам – вайн массеран цхьаъ бен доцу совгIат», «Баьццара дуьне берийн бIаьргашца», «Эко – объектив», «БIешерийн ламастийн тайп-тайпаналла», «Вайн зама а, ламаст а», «Iалам. Культура. Экологи».
Цигахь бовзийтира Соьлжа-ГIалин №№ 5, 11, 14, 16, 17, 18, 25, 28, 29, 34, 35, 38, 42, 50, 54, 65, 91, 106 йолчу школийн а, №1 йолчу лицейн а дешархойн а, ТIехьа-Мартан, Веданан, Гуьмсан, Курчалойн, Нажи-Юьртан,
Хьалха-Мартан, Шелковски кIоштийн эколого-биологин станцийн дешархойн а, Устрада-ГIалин къоначу натуралистийн а, экологийн а туьшан а, иштта Шелковски кIоштарчу Харьковскерчу а, Девкар-Эвларчу а, СемаIашкарчу а, Котар-Юьртарчу а, Закан-Юьртарчу а, Аьхкинчу-Борзерчу а школийн дешархойн белхаш.
Конференцехь докладаш йира «Подрост» конкурсан толамхоша: Эдельханов Iусман-Малика (Хьалха-Мартан кIоштан эколого-биологин станцин векал), Салманов Мохьмада а (Нажи-Юьртан кIоштан эколого-биологин станцин векал), Элимханов Тамерлана а (Курчалойн кIоштан эколого-биологин станцин векал), Ахматов Вахас а (Гуьмсан кIоштан эколого-биологин станцин векал), Албасханов Якъуба а (Нажи-Юьртан кIоштан эколого-биологин станцин векал).
Конкурсан региональни муьран толамхойн белхаш Москвахь дIахьочу финальни муьрана юкъабахийтина. Лакхахь йийцинчу проектийн толамхой а, совгIатхой а Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос а, Эколого-биологин республикин туьшо а Дипломаш луш декъалбира.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрта тIехь: конкурсан толамхой
№31, шинара, оханан (апрель) беттан 24-гIа де, 2018 шо