1923-чу шеран оханан (апрель) беттан 23 де. ХIай, ирс-яI-кх нохчийн маттахь духхьарлерчу газетан хьалхара лоьмар араяьллачу цу дийнан марзо эца йиш хиллачун! Баккъал а, ма де а хилла-кх и хила!

Советан Iедал вайн къоман мостагI хила кхиъна дац хIетахь. Iаьрбийн йозанан буха тIехь нохчийн маттахь газет арадалар цо вайна хир бу баьхна дика белхаш кхочушхила болабаларан билгало ю. Iаьрбийн йозанах ша хердан цагIортар динан маршо хилар санна тIеэцна хир ду вайн къомо. Ткъа шен маттахь газет арадалар – шен культура кхиоран некъ схьабеллар санна.
Шен йозанан мотт ца лелачу историн новкъахь къомо йита цхьа а лар яц. Цунах кхеташ, Нажаев Ахьмада, Сельмурзаев Мохьмада, Дудаев Iабдис, Бадуев СаьIида, Айсханов Шамсуддис, кхечу а вайн къоман йозанан мурдаша цу дийнахь йинчу ойланехь хила везара тахана!
Нохчийн дуьххьарлерчу оцу «Серло» газетан агIонаш тIехь билла болабо нохчийн меттан Iилманан, литературан бух. Дукха хан ялале стамдала дуьйлало нохчийн Iилманчийн, яздархойн могIарш. Царах хуьлу вайн духхьарлера журналисташ а. Церан хIораннан цIе яккха воьлча, вайна меттиг а тоьар яц. Тилкхаздевлла, цхьаъ ца хьахош висарна а кхоьру. Ткъа хьахо царах хIора а хьакъ ву.
«Серло», «Ленинан некъ», ткъа 1990-чу шарахь дуьйна – «Даймохк». Оцу хIора цIарца вайн къоман 1923-чу шарахь дуьйна тахханалц йолчу историн цхьацца мур бу. Дуьххьара Iаьрбийн, юха латинийн, эххар а кириллицин йозанан буха тIехь зорбане дийлина вайн газет. Вайн меттан ву аьлла мел волу Iилманча, яздархо кху газетехь я кхунна гондIа кхуьу. Нохчийн журналистика кхиоран коьрта пхьалгIа а хIара хуьлу. Цу кеппара, «Даймохк» газетан истори – иза вайн йозанан меттан юкъара истори ю.
1944-чу шарахь вайн халкъ махках даккхарца юкъахбелира газето кхиамца бен болх. Советан Iедал тIедале вайн халкъо кхоьллина бIеннаш жайнаш, тептарш санна, хIаллакьхилира хIетахь газетан архиваш. И дерриге а цхьаьна вайн истори толлучу нахана йоккха тIетевжийла яра. Амма къам шен иэсах дохо арабовлучу наха уггар е хьалха цуьнан мотт-йоза хIаллакдо. ДогIмаш цIера дахарх, мотт-йоза мел ду, къомана тIехь шен толам хир боцийла дика хуучу мостагIаша вайн маттана кхайкхийна тIом а бара и.
Сталинний, цуьнан готтар гергара цIуьхIаршший дийна мел бу, нохчийн маттахь кхин хIума зорбане ца елира. Ткъа тIаьхьо, 1955-чу шарахь, Казахстанехь «Къинхьегаман байракх» аьлла долу нохчийн керла газет арадала доладелларг – и а дара доккха де. Вайн къомана тIера бала дIаайбала гIертаран билгало яра и. Амма кхойтта шарахь сов сецна лаьттира нохчийн дуьххьарлерчу «Ленинан некъ» (мацахлера «Серло», таханлера «Даймохк») газетан болх.
1957-чу шарахь, вайн республика меттахIоттийначул тIаьхьий бен, ца елира цуьнан рогIера номер ара. ХIетахьлерачу вайн пединститутан (таханлера университет) филологин факультетехь къоман отделени схьаеллар а санна, вай баккъал а цIа кхачаран коьрта тоьшалла дара и – «Ленинан некъо» шен болх дIаболор.
Цул тIаьхьа Горбачевн перестройки тIе кхаччалц схьабеънарг нохчий, советан пачхьалкхан гражданийн санна, шайн йохийначу бакъонашкахь меттахIитта гIертаран мур бара. Ткъа дIадаханчу бIешеран 90-чу шераш дIадуьйлалуш, вешан культура кхиош, вешан махкана доладеш, говзанчаш хиларца, юкъара кхетам кхиъна хиларца, къам санна, когадахна дIадаха кийча дара вай. Амма мостагIаша, вайн чуьрчу кхетамбоцчу нахана тIе а тийжаш, и некъ галбаьккхира. Цул тIаьхьа къиэматде хIоттийра хIокху махкахь. И IалгIожа йолалучу хьалхарчу деношкахь дуьйна керла бевллачу «къоман дайша» мостагIалла лецира «Даймохк» газетца.
И кхеташ а дара: иблисан бIоно коьрта тIом адамийн синошца, церан кхетамца беш бу. И тIом цо вайн къомана кхайкхийначу хьалхарчу деношкахь дуьйна «Даймохк» цунна дуьхьал лаьттира. ХIетахь хилла беккъа редакцин белхалой ца буьйцу вай, вайн къоман берриг а кхетаме векалш буьйцу. Церан массеран а дош лелара «Даймохк» газетан «пхьоьгIанахь». ХIетахь цхьана тобанан доцуш, баккъал а къоман юкъара хилла дIахIоьттира «Даймохк».
ХIара мохк зуламах, бохамах ларбан гIиртира. Цу Iалашонгахьа болчу новкъахь, ницкъ ца кхаьчнарг бен, кIел а ца дисийтира. Ткъа ницкъ кхочург дерриг а дира, цхьана а ден кхарда дог доцуш.
ХIокху шолгIачу тIамо кхоьллинчу халонех вай довлучу юккъехь а вайн къоман хьашт долу хIума дуьззина лардеш чекхделира «Даймохк». Цул еза Iалашо тахана а яц цунна хьалха.
Доцца аьлча, чекхдаьллачу 95 шарахь Нохчийчоьно бинна некъ бу «Даймохк» газето бинарг. Ткъа хIокху тIаьхьарчу шерашкахь нохчийн къоман юкъараллин кхетам кхиорехь цо ден гIуллакх хета уггаре мехал. И юкъара кхетам хиларций бен яц цхьана а къоман тIаьхьало. Къоман и кхетам шен ненан маттахь ойла ярций, и ойла йозанехь кIаргъярций бен кхуьуш а бац. Цу белхан уггаре а коьртачех цхьа пхьалгIа ю тахна «Даймохк» газет. Цу пхьалгIахь уггар коьрта пхьар Нохчийн Мотт бу. КхидIа а хир ву и Пхьар коьрта.
Далла бу хастам, тахана вайн республикина доладийраш нохчийниг ненан мотт болу нах бу. Мотт – иза къоман уггаре а йоккха билгало юй хуу нах бу. Нохчийн маттахь ойлаеш, йозанехь и кIаргъеш, вешан динехь, Iадатехь кхиъна, чIагIделла, сийлахь къам хилла вай дIадаха таро юй хуу нах бу. Вайн хиндолчун гIайгIа болчу вайн къоман берриге а векалшца цхьаьна шайн а изза Iалашо йолу нах бу.
Цу бакъдолчо тешаво миллион сов долчу къоман нохчий маттахь цхьаъ бен доцу газет бохучун метта «Даймохк» газет дукха хан ялале нохчийн маттахь арадолучу газеташна юккъехь дуьххьарлера, уггар шира бохучу цIарца хьехорг хиларх. Нохчийн матто вайн махкахь шена йогIуш йоллу меттиг дIалоцур ю. Нохчийчохь иза хьошалгIахь бац, шен цIахь бу. ТIаккха кхиа ма-еззара кхуьур ю вайн литература.
Вайн ерриге а культура кхиам болуш хирг хиларан закъалт ду и. Кхиа ма-еззара кхуьур ю вайн публицистика. Вайн къоман кхетам кхидIа арахьара буьйлучу «имамийн» я церан вайн чоьхьарчу цIуьхIарийн «хьекъалх» тешна хир бац бохучун тоьшалла ду и.
Вайн нохчийн юкъаралла ша хила ма-еззара дIахIуттур ю, чIагIлур ю. Вай-ваьш дийр ду вешан махкана кхидIа дола. ХIинццалц вай Iийшина халонаш, баланаш вайн тIаьхьенашна тIе ца бахкийта вайн ницкъ а, хьекъал а кхочур ду, Дала мукъ лахь! Цу новкъахь Дала ка йокккхийла вайн!
Бусалба вежаралла санна, вайн къоман вежаралла, вайн НОХЧАЛЛА сийлахь дуй, хаа кхетам лойла вайна Веза-Лекха волчу Дала! Нохчалла охьатасахь, вайн бусалбалла а дуьззина хир доций, иза заьIап хир дуй хаа хьекъал кхочийтийла, иза, и вешан НОХЧАЛЛА, Iалашдан ницкъ а лойла!
Дала тIаьхье беркате йойла вайн! Дала Iалашйойла Нохчийчоь!
Абдулаев Леча, Нохчийн журналистикан ветеран
№31, шинара, оханан (апрель) беттан 24-гIа де, 2018 шо