Пакистанерчу Кветте шахьарахь террористаша тIекIал масех эккхийтар дина. И бахьанехь маьршачу бахархошна юкъара 8 стаг кхелхина, иттех стагана чевнаш йина. Оцу зуламах долу жоьпалла цхьамма а тIе ца лаьцна. Бакъонашларъяран органийн белхахоша дIахьош ду зуламдай лахар.
***
Iамарк коьртехь йолчу Малхбузерчу пачхьалкхийн коалицин ницкъаша лелош долчу питанечу гIуллакхашка хьаьжна ца Iаш, Шемарчу Малхбален Гутера хьал машаран некъа тIе долуш ду. Цигахь къепе а, низам а хилийтарна тIехь терго латтош ду мехкан Iедалан эскарш. Оцу хьолехь шайн хIусамашка юхабоьрзуш бу маьрша бахархой. Таханлерчу денна юхавирзинарг 62 эзар сов стаг ву.
***
Канадерчу Торонто шахьарахь йогIуш лаьтташехь машен гIашлойн тобанна тIетоьхна. Цигахь 10 стаг кхелхина, 16 стаг лазийна. Зулам динарг схьалаьцна полицин белхахоша. Иза меттигера 25 шо долу вахархо ву. ДIахьош ду талламаш бар. Бакъонашларъяран органаша теракт ца лору машенна урхалла деш хиллачу жимачу стага адамаш дайъар а, лазор а.
***
Индонезерчу мехкадаьтта доккхучу цхьана скважинах цIе яьлла ши-кхо де хьалха. Оцу бохамехь 15 мехкадаьттадаккхархо кхелхина. Iедало леррина комисси вовшахтоьхна и бохам хиларан бахьана къасто. Оцу комиссин декъашхойн юьхьанцарчу жамIашца нийса а догIуш, скважинах цIе яьлла кхерамазаллин бакъенаш кIоршаме талхийна хиларца доьзна.
***
Мисарахь тIаьхьарчу деношкахь чIогIа догIанаш даьхкина. Церан тIаьхье бохаме хилла. Цигахь 6 стаг кхелхина, 50 сов стаг лазийна. Даккхий зенаш дина халкъан бахамна а. Iаламан оцу бохаман тIаьхьенаш дIайохуш бу тахана Iедалан векалш. Билгалдеш ду кхелхинчеран гергарчарна а, лазийначарна а ахчанца гIо дар.
***
Чинин коьртачу шахьарахь Пекинехь хIокху деношкахь йоккха кхеташо дIаяьхьира ШОС-на (ЦхьаьнагIуллакхаш даран Шанхайн организаци) юкъайогIучу пачхьалкхийн оборонийн ведомствийн куьйгалхоша. Цигахь дийцаре дира тахана дуьненахь долу гIоьртина хьал. Леррина тидам тIебахийтира ОвгIанехь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаш алсамйовлуш хиларна. Кхеташонехь дакъалецира Россин оборонин министра С.Шойгус.
***
Эрмалойчоьнан пачхьенехь Ереванехь митингаш дIайоьлхуш йолу масех де ду. Урамашка бевллачара лоьху Iедалан органашкахь реформаш яр, харжамаш барехь озабезамаш бар дIадаккхар, и.дI.кх. Оцу хьолаца доьзна Россин Президентан В.Путинан телефонехула къамел хилира Эрмалойчоьнан Куьйгалхочуьнца А.Саркисянца. В.Путина цуьнга дийхира вовшашна юкъахь маслаIат хин долу некъ лахар.
***
Беларусин Парламенте а, халкъе а хIорашеран кост дина хIокху деношкахь оцу мехкан Президента А.Лукашенкос. Шен костехь цо коьрта тидам тIебахийтина бизнес кхион езарна а, терахьийн экономикин таронаш алсамъяха езарна а, социальни декъана еш йолу харжаш алсамъяха езарна а, арахьарчу политикехь Малхбузенца а, Малхбаленца а доттагIаллин юкъаметтигаш хилийта езарна а.
***
Россин Президента стомара Кремлехь Россин Къинхьегаман Турпалхочун дашо седанаш дIаделира халкъан бахаман тайп-тайпанчу дакъошкахь къахьегарехь шайгара доккха хьуьнар а, говзалла а гайттинчу пхеа стагана. «Россин къинхьегаман Турпалхо» цIе юкъаяьккхина 2013-чу шарахь. ХIетахь дуьйна 27 стагана делла и деза совгIат.
***
Россин Правительствон Председатела Д.Медведевс рогIера кхеташо дIаяьхьира Правительствон декъашхошца. Цигахь, коьртачу декъана, йийцаре йира махкахь кхочушъеш йолу коьрта проекташ. Цу декъехь динарг а, дан дезарг а билгалдаьккхинчул тIаьхьа премьер-министра кхеташонан дакъалацархойн тидам тIебахийтира юьртан бахаман сурсаташ дозанал арахьа дохка йиш йолчу таронех мелла а эвсаре пайдаэца безаш хиларна.
№32, пIераска, оханан (апрель) беттан 27-гIа де, 2018 шо