ЗаьIапалла хIотторан хенаш билгалъяьхна
Россин Федерацин Правительствос кху шеран бекарг (март) беттан 29-чу дийнахь тIеэцначу а, оханан (апрель) беттан 14-чу дийнахь гIуллакх дан болабеллачу а сацамца нийса а догIуш, стаг заьIап лараран Бакъенашна юкъа хийцамаш балийна. Цуьнца чIагIдина, заьIапаллин тобане юха хьовса а ца хьовсуш, заьIапхочун (беран-заьIапхочун) реабилитаци, я абелитаци яран шен-шен программа кечъян, я цунна нисдарш юкъадало таро хилар.
ЗаьIапалла 5 шарна хIоттийна хила декхар ду, дуккха а тIегIанийн реабилитаци ян езаш долчу я еххачу хенахь молханаш мала а, леррина болу кхача баа а безаш долчу хала цамгар токхуш долчу берашна церан дегIехь хуьлуш болчу хийцамийн барамашка хьаьжжина 14 шо кхаччалц йолчу ханна. Иштта билгалдаьккхина муьлха цамгарш, аьрташха лазораш хилча бер ша дуьхьал хIоттийна а доцуш заьIапаллин хенашка юхахьажаран бакъенаш.
Сацам юхакечбан дезар ду
РФ-н УК-н 228-чу статьян 1-чу декъана тIедоьгIна (хаъал баккхийчу барамашкахь бакъо йоцуш наркотикаш эцар, уьш йохка Iалашо йоцуш Iалашъяр) бехкевеш волчу А.Анзоран уголовни гIуллакх Хьалха-Мартан кIоштан ОМВД-н дознавателе юхадахьийтина цуьнга бехкеваран сацам юхакечбайта. Иза доьзна дара цо РФ-н УПК-н 226-чу статьян лехамаш ларбина цахиларца.
Ша аьлча, хьалхалерчу сацамна тIехь бехкеваран кIорггера бух а ца хIоттийнера, зулам деш динчу зенан барам билгал а ца баьккхинера. Бух боцу сацам бохийна Россин Федерацин УК-н 159-чу статьян 3-чу декъана тIедоьгIна (баккхийчу барамашкахь ямартло лелор) Соьлжа-ГIалин УМВД-н талламан урхаллин талламхочо къастош хилла долу уголовни гIуллакх сацоран хьокъехь тIеэцна сацам бохийна регионан прокуратуро. ГIуллакх толлуш гучудаьлла уголовно-процессуальни закон талхийна хилар.
Билггал аьлча, талламхочо ца дина тоьшаллаш гулдарна, уьш нийса хилар чIагIдарна тIехьажийна дан дезаш хилла процессуальни гIуллакхаш, дIа ца яьхна тешам беллачу гайтамашкахь йолу галморзахаллаш, кхечу адамаша динчу гIуллакхийн бакъонан мах ца хадийна.
Нохчийчохь 10 фирмо кхин болх бийр бац
Республикин прокуратуро теллира зуламечу некъаца карадеана ахча гучудаккхарна а, терроризмана ахчанца кхачоярна а дуьхьало яран хьокъехь долечу законодательствон лехамаш муха кхочушбо. Билгалдаьлла Россин ФНС-н № 6 йолчу кIошташна юкъарчу инспекцис жоьпаллина доза тоьхначу «Престиж-Н», «Элит», «ИнкомСтрой», «Сармат», «Гранд», «Вымпел», «Темп» юкъараллашна 2016-чу шарахь юридически адамашна санна регистраци йина хилар, ткъа жоьпаллина доза тоьхначу «Старт», «Мирик», «Идеал» юкъараллашкахь учредителех а, куьйгалхойх а лаьцна болу хаамаш хийцина.
Талламо гучудаьккхира оцу организацеша финансийн-бахамаллин гIуллакхаш деш хилла цахилар. Юридически адресашца уьш йоцуш яра. Церан учредительш а, куьйгалхой а и коммерчески организацеш кхолла а, царна тIехь куьйгалла дан а Iалашо йоцуш хилла харц адамаш дара. Оцу бакъдолчийн буха тIехь дIадолийна уголовни 10 гIуллакх. Билгалъяьхна статьяш а: РФ-н УК-н 173.1 статьян 1-ра дакъа, 173.2 статьян 1-ра дакъа.
ЦIерш яьхначу «цхьана дийнан фирмех» пайда а оьцуш, бакъонна дуьхьал гIуллакхаш лелор дехкаран Iалашонца, налогийн органан сацам бакъо йоцуш ларар доьхуш, Соьлжа-ГIаларчу Ленински кIоштан суьде административни искан 10 заявлени дахьийтина регионан прокуратуро. Уьш къаста а дина, прокуратуро бина лехам буьззинчу барамехь кхочушбина – Цхьааллин пачхьалкхан реестрана юкъара дIаяьхна и фирмаш.
Прокуратуро тIедилларца…
Регионан прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс Нохчийн Республикин МВД-н талламан урхаллина хьалха хIоттийна уголовни гIуллакхаш толлучу хенахь Россин МВД-н ТIехьа-Мартан кIоштан отделан талламан отделехь хилийтина федеральни законодательствон талхораш дIадахар. Цо тIеэцначу сацамна тIехь билгалдоккхуш ду РФ-н УК-н 159-чу статьян 3-чу декъана а, 159-чу статьян 4-чу декъана а тIедоьгIна (баккхийчу а, къаьсттина баккхийчу а барамашкахь ямартло лелор) Ц.Александр а, В.Заур а бехкеваран уголовни гIуллакхехула тIеэцна сацамаш шайна тIехь галморзахаллаш йолуш хилар.
Цул сов, бехкеваран текст шена тIехь грамматикин а, стилистикин а дуккха а барамехь гIалаташ долуш яра. Бух боцу кхиэл иза бакъо йоцуш хиларна Шелан кIоштан прокуратуро апелляци елла М.Исламаца доьзна йина хиллачу бехкеваран кхиэлана. Наркотикаш эцарна М.Ислам бехке а лерина, Шелан гIалин суьдо цунна РФ-н УК-н 228-чу статьян 1-чу декъаца билгалйина хан туьйхира – арахь яккха 1 шой 4 буттий, зеран хан 1 шеран 6 беттан барамехь билгал а еш. КIоштан прокуратуро бинчу талламо гайтира цигахь уголовни а, уголовно-процессуальни а законодательствон дийнна цхьамогIа лехамаш талха а беш кхиэл йина хилар.
Суьдана, ша аьлча ца хиъна билггал муьлхачу меттехь наркотикаш эцна. Цул сов, таIзар деш суьдо хьесапе ца эцна оцу гIуллакха тIехь гIоленаш яран дерриге а хьелаш. Апелляци къастийна. Прокурора бина лехамаш буьззинчу барамехь кхочушбина.
Уголовни гIуллакх долийна
Автомобилийн транспортаца пассажираш дIасабигаран декъехь законодательство муха кхочушдо толлуш Курчалойн кIоштан прокуратурина гучуделира ялх шо кхачаза долчу берийн хьашташ кхочушдар церан дахаран а, могашаллин а кхерамазаллина жоп луш цахилар. Иштта, Курчалой-Эвларчу школе даха хан кхачаза долчу берийн дешаран цхьана учрежденехь, карахь хьокъала йоллу лицензи а йоцуш, шофера бераш дIасадуьгура газобаллонийн гIирсаш хIиттийна йолчу машенахь.
Цул сов, хьалха иза шозза административни жоьпалле озийна вара техникин сакхташ долчу машенахь адамаш дIасалелорна. ХIетте а тояза йолчу машенахь адамаш дIасалелор ца сацадора цо. Талламан материалашна тIе а доьгIна, юьхьанцара таллам баран органна хьалха хIоттийра и гIуллакх. Закон талхийначунна дуьхьал уголовни гIуллакх долийна (РФ-н УК-н 238-чу статьян 2-гIа дакъа). Иза шен тергоне эцна кIоштан прокуратуро.
Белхан алапа дIаделла
Къинхьегаман законодательство муха кхочушдо хьовсуш дIабаьхьначу таллашкахь регионан прокуратурин векалшна гучуделира Соьлжа-ГIаларчу некъаш-тIайш тахкаран гIишлошъяран урхаллин 35 белхахочунна белхан алапа дIаделла цахилар. Кху шеран кхолламан (январь) баттахь царна дIадалаза дисинера 708 эзар соьман барамехь алапа.
ХIетте а, иза шена тIехь и декхар хиларан хьокъехь хаамаш ца бинера организацис пачхьалкхан статистикин органе. Заводскойн кIоштан прокуратуро гIишлошъяран урхаллин куьйгаллина тIедиллира законан талхораш дIадахар. Бехке болчарна дуьхьал РФ-н КоАП-н 5.27 статьян 6-чу декъаца билгалдаьккхина зулам дарна административни гIуллакхаш долийра (шен хеннахь белхан алапа дIа ца далар).
Прокуроран акташ къаста а дина, белхахошна буьззинчу барамехь дIаделла декхар, ткъа бехкенаш низаман а, административни а жоьпе озийна гIишлошъяран организацехь.
Кхин хьийзор вац
Шена дуьхьал уголовни гIуллакх долор законан бух болуш ду-дац таллар доьхуш жоьпаллина доза тоьхначу «Лам-Хи» юкъараллин директора Тепсуркаев Джамалайлас республикин прокуроре дина дехар теллина регионан терго латторан органехь.
Бинчу талламо гучудаьккхина предпринимательца доьзна процессуальни таллам бар законан бух болуш хилла цахилар. Ткъа уголовни гIуллакх долоран хьокъехь сацам тIеэцна РФ-н УК-н 238-чу статьян 1-чу декъаца (хьаштахойн дахаран а, могашаллин а кхерамазаллина жоп луш доцу хьашташ кхочушдар) билгалдина зулам дина хиларан хьокъехь предпринимателан гIуллакхашкахь тоъалчу барамехь карийна доццушехь.
Цул сов, талламан органо бух боцуш маьIна даьккхина юкъараллин директора и хьашташ экспертан хьокъала боллу сацам а боцуш кхочушдеш хилла хиларан хьокъехь. Иза дерриге а хьесапе а эцна, уголовни гIуллакх долоран хьокъехь болу сацам бохийна. Цуьнан гIуллакхашкахь зулам дина хиларан билгалонаш карийна цахиларна кхитIе а бинчу талламийн буха тIехь Тепсуркаевна дуьхьал уголовни гIуллакх долорна дуьхьало йина.
РФ-н СК-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхаллина тIедиллина уголовно-процессуальни законан лехамаш кхочушбарехь гучудевлла талхораш дIадахар а, оцу гIуллакхна бехке болу даржера белхахой жоьпе озор а.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№32, пIераска, оханан (апрель) беттан 27-гIа де, 2018 шо