Нохчийн халкъо а, нохчийн матто а таханлерчу замане а, таханлерчу хьоле а кхачале эзарнаш шерашкахь некъ бина. Оцу некъан бохаллехь дуккха а баланаш, эшамаш ган а, лан а доьгIна хилла нохчийн халкъана а, нохчийн маттана а. Цунах аьлла а, яздина а дукха ду,хIинца яздан а, тIейогIучу заманахь ала а, хьахо а шорта ду.
Делахь а, цунах лаьцна вайна хетарг хьахор вай.
Кавказе кхачале, Iилманчаша дийцарехь, «Аранца-хинний (оьрсийн маттахь – Тигр-река) Арацанний (оьрсийн маттахь – река Евфрат) шахьарара, меттигара хьалхалерчу заманахь керла-керлачу меттигашка кхелхаш, баха ховшуш хилла вайнах.
ХIинцалерчу Эрмалойн, Фалистинийн (Палестина), Гуьржийн (Иберия) мехкашкахь бехаш-Iендезна хилла церан. ТIемаш беш, кхерамза меттигаш лоьхуш, кхечу къаьмнех шайн гIиллакхаш, Iадаташ дIаэрна кхоьруш, нохчийн мотт барна кхоьруш, шайн тIаьхьенех, нохчий болчуьра дIабевлла, кхечу къоман адамаш хиларна кхоьруш, царах дIаэрна кхоьруш баьхна вайнах.
Кхечу къомах дIаийначунахах а, церан тIаьхьенех а дIаболуш хилла шайн мотта, гIиллакхаш а, Iадаташ а. И тайпа меттигаш, масалш дукха хааделла Iилманчашна. Цундела цунах лаьцна доцца аьлла дуьту вай.
Кавказехь Iаш-бехаш хиллачу нохчийн шен-шен хенахь тайп-тайпана цIерш йохуш хилла кхечу къаьмнаша. Масала: гуьржаша вайх «кистины» аьлла, эрмалойн географи тIехь «кусты» цIе йоккху нохчех. ХIокху заманан ворхIалгIачу бIешарахь «аухаш» цIе йоккху вайх, схьахетарехь, гIумкаша (кумыки) аьлла хила герга ду. Иштта «мичигазянцы», «орстхойцы» (я карабулакаш) цIераш техкина а хилла нохчашна.
Цхьацца меттигийн цIераш а тохкуш хилла вайн халкъана. Хьалхалерчу «Шубута» (хIинца йолу Шуьйта) тIера «шубутяне» аьлла вайх.
Iилманан белхаша чIагIдарехь, нохчех иштта׃» ауховцы», «буртели», «дзурдзуки» («дурзуки»), «джейраховцы», «бацбийцы», «макхалоны», «нохчаматьяне», «панкиссы», «тушины», «цори», «шатоне», «сим-симы»олуш хилла. ТIаьхьуо, XVIII-чу бIешарахь оьрсаша нохчех «чечен», «чеченец» аьлла, и цIе тIехь йисина вайна.
Карладаккхархьама а, дицделлачарна дагадаийтархьама а далор вай Ю.Д.Дешериевн дешнаш׃» Петр хьалхарчун омрица «Сулак-хи тIехь йина йолчу «Еза жIар» цIе йолчу гIопера 1732-чу шарахь нохчийн махка хьажийна хилла тIемалойн тоба. Чечана эвла и салт тIекхаьчча, царна вуно чIогIа тIамца дуьхьало йина хиллера Чечанарчу бахархоша.
Цхьана тIеман бIонан куьйгалхочо шел лакхарчу хьаькамашка тIом барх лаьцна бахьийтинчу хаамехь яздина хиллера чечанхоша (чеченцы) тIамца йинчу дуьхьалонах лаьцна. Цигара дуьйна таханалерчу дийне кхаччалц оьрсаша а, кхечу къаьмнаша а нохчех «чеченец», «чеченцы» олу. Иштта и цIе вайна тIечIагIъялар хоуьйту Iилманчаша.
Кхечу къамнийн меттанаша санна, шен халкъана хьанал «бецаш», нохчийн матто инзаре дукха беха некъ бина, халонаш а, эшамаш а ловш.
Генара схьа, заманан йохалле диллича, дехаш-Iаш схьадогIуш ду нохчийн халкъ. Оцу белхан, хьолан тешаллаш до дуьненна гIарбевллачу историн меттанийн Iилманчаша.
Нохчийн схьадовларх, вайн Iер-дахарх, меттан башхаллех лаьцна дийцинарш, яздинарш кIезиг бац. Уьш дукха бу, церан массеран а цIераш яьхна а, царах лаьцна дийцина мухалле а вер вац хIокху цхьана йозанан балха тIехь. Делахь а, даггара баркалла ала догIу царна шайн мехалчу талламаш тIехь нохчичун, нохчийн Iер-дахаран кепаш, суьрташ ма-дарра хIитторна, нохчийн маттах бакъдерг дуьненан халкъашна дIакхачорна.
Цара аьлларг, яздинарг шеконе дуьллуш а, хIоттош а ца хилла адамаша. Буьйцур вай уьш: Страбон, желто, хIара зама тIеяле хьалхарчу бIешарахь ваьхна волу, мехкийн талламхо (географ); Геродот, желто, хIара зама тIеяле пхоьалгIачу бIешарахь ваьхна волу, Iилманчаша шайн заманахь «Историн да» ву аьлла, билгалваьккхина волу; Плиний, румахо, яздархо, хIокху керлачу заманан хенан 61–113-чуй шерашкахь ваьхна волу; Плутарх, желто, яздархо, мозгIар, шен заманахь математикин Iилма дика хууш хиларна, гоьваьлла хилла иза.
«Дахаран дустарш» цIе йолу болх язбина цо. Цу балха тIехь вуьйцург гIарваьлла 46 желто а, румахо а хилла, цара лелийначуххий, церан дахархий лаьцна хилла Плутарха яздинарг, цо бинчу хаамо хаийтина адамашний, халкъашний Кавказах а, Кавказан къаьмнех а керланиг. Масала, иштта яздина цо: «Стелан (оьрсийн-бог грома и молнии или Зевс) оьгIазаллех кIелхьаравалархьама Хронос цIе йолу стаг лекхачу лаьмнашкахь къайлаволу. Оцу Хроноса Кавказ цIе йолу маьрша беж-Iу воь, вийначу маьршачу бежIуьнан сийнна Стелас (Зевс) «Кавказ», аьлла цIе туьллу оцу лаьмнашна»; Маштоц Месроп, эрмало, Iилманча, байтанча(поэт), хIокху тIееанчу керлачу заманан 361-чу шарахь вина волу иза, гIеххьачулхууш хиллехь а, тIеIамош хилла желтойн, шемахойн, гIажарийн меттанаш.
Цхьаболчу талламхошна «Эрмалойн географи» цо язйина аьлла хета, кхечу талламхоша Моисей Хоренскийна кхачайо иза; Мровелий Леонтий, гуьржи, хIокху керлачу заманан II-чу бIешарахь ваьхна, «Гуьржийчоьнан дахар»цIе йолу талламан болх язбина цо. Тахана а Iилманчаша мехала лору цу тIера хаамаш.
Мровелис дийцарехь:
1) Кавказан да Таргамос хилла. Иза Таргиман воI ву, ткъа Таргим – Яфетан кIентан кIант ву. Яфет – Нухь Пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) кхаа кIантах цхьаъ ву.
2) Турпалчу Таргамоса шен тIаьхьенах волчу Лекана а, Кавкасана а боькъу боккха мохк – Кавказан лаьмнаш тIера, ХIинжа-хIордатIера (оцу заманахь кхин цIе хилла «Дорубанское море» – хIинцаболу – «Каспийское море») «Ломехи» тIе кхаччалц (хIинца долу «Терк» ду и хи).
Кавказан тIаьхьенах хуьлу Дзурдзукъ (Дурзукъ). ТIаьхьо, уьш дебча, доккха тайпа я халкъ хуьлий дIахIутту. Онда, ницкъ болуш, майра, де долуш тIемалой хиларна Картвелин (Иберин) паччахьаша шайна гергарло а, гIо а лоьхуш хилла цаьргара.
Вай хьахийна волчу Нухь Пайхамарх (Делера салам хуьлда цунна) лаьцна хаамаш беша а, карлабаха а таро хир ю «Нохчийн къинхьегамах лаьцна дешнаш», цIе а йолуш, 2011-чу шарахь арабаьллачу хIокху могIанийн авторан балха тIехь.
Кхузахь ала догIу, яханчу заманан йохаллехь йозанехь (зорбанехь) вайнахах дуьххьара хIокху заманан VI-чу бIешарахь «Нохчматьяне» аьлла, хила ма-еззара нийса, бакъйолу цIе яьккхина вайн эрмалойн Iилманчас Анани Ширакис я Маштоц Месропа «Эрмалойн географи»тIехь.
Дуьненан халкъашна и дIакхайкхор бахьанехь массарна а хиъна «Нахчматьяне» дашо шен маьIнехьа, чулацамехь а буьйцурш вайнах (нохчий) буйла. Иза (кхайкхор, дIахаийтар) нийсонан боккха толам хилла.
Р.БАТАЛОВ, филолог
(Чаккхе – тIейогIучу номерехь)
№32, пIераска, оханан (апрель) беттан 27-гIа де, 2018 шо