2014-2020-чуй шерашна леринчу Пачхьалкхан «Нохчийн Республикера региональни политика а, федеративни юкъаметтигаш а» программин юкъара «Нохчийн Республикехь къаьмнийн кхиар а, къаьмнашна юкъара юкъаметтигаш а» подпрограмма (Нохчийн Республикин Правительствон 2018-чу шеран оханан (апрель) беттан 9-чу дийнахьлера №62 йолу Сацам) кхочушъяран а, Къоман политикин департаментан белхан планан а гурашкахь, къаьмнашна юкъахь къестамаш боцу кхетамаллин бахархой кхиоран декъехь юкъараллин организацийн болх бан дог даийтаран Iалашо а йолуш, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос дIахьош ю Халкъийн этнокультурин кхиарна а, къаьмнашца юкъара уьйраш кхиорна а, махкахойн цхьаалла чIагIъярна а леринчу юкъараллин дIадолоршна грантийн гIо-накъосталла даран республикин конкурс.
Оханан (апрель) беттан 20-чу дийнера дIа хIутосург (май) беттан 20-чу дийне кхаччалц йолчу ханна дIакхайкхийна ю конкурс.
Заявкаш хIтосург (май) беттан 15-гIа де кхаччалц схьаоьцу хIокху адресца: Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство (Соьлжа-ГIала, Дудаевн бульвар, Радион цIа).
Цу юкъахь дакъалаца луучу организацийн хIара кехаташ гайта деза:
- Конкурсехь дакъалаца лаам хиларан хьокъехь долу дIахьедар.
- Организацина регистрации йина хиларан тоьшалла.
- Юкъараллин организацин куьйгалхо куьг яздина а йолуш, грантаца гIо-накъосталла оьшуш йолу проект.
Заявки тIехь билгалъяьхна йоцчу мероприятешна хьажо мегаш яц гранташ!
Конкурс дIаяхьаран къепе http://minnac-chr.ru сайта тIерачу «Пресс-Центр/Мероприятия» тIетовжарца карор ю.