Нохчийн меттан де билгалдаьккхира

Соьлжа-ГIаларчу театран-концертийн залехь

Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан театран-концертийн залехь Нохчийн меттан денна лерина даздарш хилира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикин Правительствон декъашхоша, Парламентан депутаташа, кIоштийн куьйгалхоша, юкъараллин а, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин а векалша, кхечара. Даздаршкахь дакъалоцушберш нохчийн къоман духарш дуьйхина бара.

Концертан зала хьалхарчу майданахь дIахIиттийначу нохчийн халкъан ширачу заманахьлерчу Iер-дахаран гIирсийн, кхачанийн гайтаме хьаьжира республикин Куьйгалхо. Кхуззахь, хелха а бовлуш, ловзар хIоттийра даздаршка баьхкинчара.

Цхьаьнакхетар дIадолош вистхиллачу Дааев Хож-Баудис Нохчийн меттан дийно мехкан дахарехь дIалоцучу меттигах лаьцна дийцира.

«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIанта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2007-чу шарахь шен Указаца дIакхайкхийна 25-гIа апрель Нохчийн меттан де ду, аьлла. Цул тIаьхьа 11 шо даьлла. Тахана вай тешна ду нохчийн къоман мотт цхьана хорша а бирзина кхидIа кхиаран новкъа баьлла хиларх. Шеко йоццуш, Нохчийн меттан де уггаре а дезачу денойх цхьаъ ду», – элира цо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо даздарийн официальни дакъа дIадолош хьеший дезачу денца декъалбира. Халкъан дахарехь Нохчийн меттан дийно лелош долу маьIна билгалдаьккхира цо.

«ХIара дезде халкъ дендаларан, цуьнан культура, къоман кхетам, шатайпаналла меттахIоттаран билгало ю. Нохчийн мотт бахьанехь тахана а, къам долуш, дехаш ду вай. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хIоразза а билгалдоккхура вай нохчийн мотт кхиош хила дезаш хилар. Цундела, ненан мотт кхиоран, баржоран дуьхьа вайн ницкъ кхочург дерриге а дан деза вай», – бохура цо.

Цул тIаьхьа нохчийн мотт кхиорехь билгалбевллачу цхьамогIа Iилманчашна, журналисташна, хьехархошна совгIаташ дира республикин Куьйгалхочо.

Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театро спектакль гайтира.

А.АЛИЕВ

…Радион цIийнехь

Оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь республикехь билгалдоккхучу Нохчийн меттан денна лерина даздарш дIадаьхьира Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь.

Цигахь дакъалецира Министерствон куьйгалло а, белхахоша а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша а, меттан говзанчаша а.

Цхьаьнакхетар дIадолош вистхиллачу Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима гулбелларш нохчийн рузманехь уггаре а дезачарех цхьаъ долчу Нохчийн меттан денца декъал а беш, халкъан дахарехь а, кхетамехь а, иэсехь а ненан матто лелочу маьIнах лаьцна дийцира.

Цул тIаьхьа сцени тIе кхайкхира Нохч-ГIалгIайн культурин хьакъволу гIуллакххо, Нохчийчоьнан хьакъволу журналист, Россин Яздархойн союзан декъашхо Кагерманов Докка.

Шен дахарца а, нохчийн маттаца а доьзначу зеделлачух дийцира Доккас. Леррина цуьнга ладоьгIуш Iачеран яххьашка хьаьжча хаалора, уьш ойланашка «эгна» ца Iаш, цо мел олу дош шайн сих а, кхетамах а чекхдохуш хилар.

Доккас шегарчу къамелан говзачу кепаца хестийна нохчийн мотт, махкахь а гIараваьлла волчу иллиалархочо Межидов Сахьаба иллешца а хестийра.

Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт лелорна тIехь терго латторан комиссин куьйгалхочо Дадаев Сайд-Хьасана таханлерчу нохчийн меттан хьолах а, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь цунах пайдаэцарх а, нохчийн мотт журналистикехь а, кхидолчу дакъошкахь а лелон йолчу таронех а лаьцна а дийцира.

Ламаст а хилла дIахIоьттина ма-хиллара, нохчийн маттахь болх барехь тоьллачу журналисташна а, меттан говзанчашна а Министерствон цIарах ахчанан совгIаташ дира.

Иштта, оццу цхьаьнакхетарехь совгIаташ дира республикерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна юкъахь дIаяьхьначу конкурсехь толамаш баьхначарна.

И.ИСЛАМОВ

…Республикехь

Баккъал а нохчийн дерриге а халкъана уггаре мехалчех цхьаъ долу Нохчийн меттан де республикин ерриге а кIошташкахь, школашкахь, дешаран кхечу заведенешкахь, культурин учрежденешкахь билгалдаьккхира.

Цигахь дакъалецира вайн бевзаш болчу Iилманчаша, яздархоша, поэташа, журналисташа, дешан говзанчаша. Къаьсттина воккхавевеш дара оцу даздаршкахь дакъалоцушберш, коьртачу декъана, кегийрхой а, мехкарий а, дешархой а, студенташ а хилла хилар.

Кхеташ а ма-хиллара, массанхьа а кхача ца ларийра тхан журналисташ. Делахь а, церан тидамза ца йисира цхьа а кIошт. Иштта, Шелан кIоштахь хиллачу тхан журналиста дийцира дийнна кIоштахь а, къаьсттина кIоштарчу №9 йолчу школехь а Нохчийн меттан де даздарх лаьцна.

Цигахь дакъалоцуш вара Шелан кIоштан дешаран урхаллин куьйгалхочун заместитель Зармаев Жабраил, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо Исраилов Iабдул-Хьамид, кхиберш.

Цу тайппана даздарш дIадаьхьначу школийн могIарехь яра Соьлжа-ГIалара №20 йолу школа а. Дог-ойла гIаьттина, самукъадаьлла, яххьаш екхаелла бара кхузахь вовшахкхетта хьехархой а, дешархой а. Уьш оцу дийнахь вовшашца къаьсттина гIиллакхе а бара. Нохчийн меттан дийнахь кхечу кепара хуьлийла а ма дацара. Ерриге а школашкарчу дешархоша шайн даздаршкахь санна, нохчийн матте йолу шайн марзо гайтира кхузарчу дешархоша а байташ ешарца, иллеш аларца, эшарш лакхарца, цхьацца сценкаш хIитторца.

БIаьргаш белош, дог хьоьстуш дара и сурт. Тхан журналисташна кхечу кIошташкахь а, школашкахь а гина даздарш а дара иштта дика ойла кхуллуш, къоначарна шайн ненан мотт бевзаш хилар, уьш иза Iамош хилар гойтуш. ТIаккха вайн массеран а дегнашна хьаам ца хуьлийла дац.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА, З.ЛОРСАНОВА

№32, пIераска, оханан (апрель) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: