Нохчийчуьра хьеший – Урдунехь

ХIокху карарчу беттан 17-чу дийнахь Урдунан туризман министраллин дехарца Соьлжа-ГIалара «Грозный» телеканалера журналисташ баьхкира Урдунехь хуьлуш болчу говр-берейн къовсаме хьовса а, каналана программа кечъян а.

Дуьненан 25 пачхьалкхера говр-береш бара къовсамехь дакъалоцуш. Вуьшта, арарчу мехкашкара къовсаме хьовса баьхкина дикка нах а бара. Говр-берейн къовсам Урдунан принцан ХIашим Ибн Ал-Хьусенан терго-Iуналлица хIоттийна бара.

Говр-береш говрахь секха-Iодашца пхерчий гIаькхнаш тIе нийса кхетийтарехь къовсалуш бара.

Вайн мотт дуьненаюкъара мотт хилар билгалдоккхуш, и тIечIагIдеш цхьа хIума а дара оцу къовсамехь тидаме эцна. Туризман министралло Россичуьра богIуш болу хьеший Нохчийчоьнан векалш болу дела, нохчийн-Iаьрбийн меттанийн талмаж вийхира меттигерчу нохчашка.

Урдунехь болчу «Даймохк» газетан журналисташна хаза кхаъ хилира цунах (талмаж вехарх), вайн мотт иштта дуьненаюкъарчу хиламехь хьашт хиларх.

Кхин а цхьа хазахетар дира цIерачу хьешаша Урдунерчу нохчашна. Шаьш къовсаме хьовсале, Урдунерчу шайн нохчашца цхьаьнакхета лаарна, ши де хьалха догIур ду аьлла, хаам бина хиллера цара Туризман министралле. Иза доккха маьIна долуш, вайн вовшашка болу сий-ларам гойтуш, ладаме гIулч яра.

Хьешийн лаам кхочушбеш, уьш схьабаьхкинчу дуьххьарлерчу шина дийнахь Нохчийн юкъараллашкахь Урдунерчу вайн нохчийн исторех лаьцна къамелаш деш, Кавказан клубан куьйгалхо волчу лоьраца Раис Iаднанца а, меттигерчу Нохчийн тайпанийн кхеташонан куьйгалхо волчу адвокатца Хьаддад IабдуллахIца а, Урдунехь нохчийн цIарах Парламентехь волчу депутатаца Бено Тамирца а, оццу Парламентехь депутат хиллачу Арслан Мухьмадца а, Урдунан университетехь болх беш волчу профессорца Бено Iадилца а цхьаьнакхетарш хилира хьешийн.

Лакхахь ма-аллара, юьхьанца дуьйна а хазахетта бара «Даймохк» газетаца болх беш болу Урдунера журналисташ шайх цхьаъ талмаж харжарна. Кхин а доккха хазахетар хилира царна, «Даймохк» газетехь зорбан-къамелаш яздаран а, Урдунехь Iашшехь ДегIастанахь долчу газетаца иштта чIогIа уьйр тасаяларан а бахьанаш хоьттуш, Нохчийчуьра баьхкинчу журналисташа шайца интервью йича.

Урдунерчу нохчийн хьал вайн цIахь бехачарна довзийта лаарх бахьана а хилла, цигахь дехаш долчу шаьш Даймахкаца йолу уьйраш чIагIъеш, марзо совйоккхуш, цIеначу нохчийн маттахь арахоьцуш хIокху дуьненахь цхьаъ бен доцчу «Даймохк» газетаца зIе тасарх дерг а довзийтира цара, газетехь болх бар шайна мел доккха сий хета а дийцира. И доцург, газетана зорбан-къамелаш яздеш, шайн нохчийн йоза редакцехь нисдеш шайна хуьлуш болу пайда а билгалбаьккхира.

Материал кечъеш дакъалаьцна БАКИР I.-Хьамийда, БИЙТРО МахIира, ШИРДО Мохьмада (Цхьадолу дешнаш Иорданерчу нохчаша ма-язддара дитина редакцис)

№32, пIераска, оханан (апрель) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: