Иштта цIе йолу къаьмнийн меттанех лаьцна керла книга йовзийтира А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь хIокху деношкахь.
Вайн бахархошна хаза кхаъ хилла оцу книги юкъа вайн республикин финансийн министран Тагаев Султанан болх а бахана хиларх.
Книга йовзийтарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитела Жамалдаев Шаида, республикин Iилманийн академин президента Гапуров ШахIрудис, республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, кхоллараллин а, интеллигенцин а векалша, студенташа.
Книга йовзийтар дIахьош вара республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта.
– Вайна ма-хаъара, дуьнен чохь дуккха а къаьмнийн меттанаш ду. Вайн мотт башха бу. Иза вайн къоман мотт хиларна бохуш дац ас иза, иза иштта хиларна боху. Вешан мотт Iалашбар, иза бийцар вайн декхар ду. Тахана Нохчийн меттан де хиларца доьзна ас даггара декъалдо шу, – элира цо.
Нохчийн меттан денца гулбелларш декъал а беш, меттанех лаьцна зорбане яьллачу книги тIехь Тагаев Султанан болх хилар маьIне хиларх лаьцна дош а олуш вистхилира Гапуров ШахIруди:
– Цхьа хан яра, юкъара дIабала кхерам болчу меттанашна юкъахь нохчийн мотт а болуш. Цул тIаьхьа мелла а хан елира. Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн меттан де юкъадаккхарца доьзна, хIора а шарахь билгалдоккхуш ду и де. ХIора а стаг декхарийлахь ву шен къоман мотт хаа а, бийца а. Шен мотт хууш а, иза буьйцуш а велахь, тIаккха мегар ду кхечу къаьмнийн меттанашка кхийда. Амма, шен къоман мотт дIа а тесна, кхечу къаьмнийн меттанаш Iамо гIерта мегар дац. Меттанех лаьцна йолу книга вайна вуно оьшуш а, пайдехь а ю. Суна баркалла ала лаьа книга вовшахтухуш а, иза арахоьцуш а дакъа мел лаьцначарна.
Цул тIаьхьа вистхилира Дааев Хож-Бауди:
– Ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца. ХIора а мотт шен къоман бахам бу, иштта вайн мотт а бу вайн бахам. Вайн Нохчийчоьнна тIе мел хIиттинчу киртигех шен къомаца чекхбийлина вайн мотт а. Иза бийцар а, Iамор а вайна тIехь ду.
– «Меттанийн дуьненахь – дуьненахь меттанаш» Iилманан-довзаран проектехь дакъа а лаьцна, вайн маттехула Iилманан болх дIаболийра ас. Оцу балхана къаьсттина доккха дакъа юкъадиллира Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан говзанчаша. Меттанех лаьцна книги юкъахь вайн нохчийн мотт хилар а, хаза кхаъ а, совгIат а ду вайн халкъана. Дуьненан, къаьмнийн мотт хилла ца Iаш, мотт иза халкъан истори а, хIора халкъан мехала тIаьхьало хилар чIагIдеш ю.
Со тешна ву, и книга дуккха а нахана пайдехь хирг хиларх, къаьсттина меттанаш талларехь къахьоьгучарна оцу книги тIехь пайдехь дерг карориг хиларх, – дийцира Тагаев Султана.
Иштта, шен ларам а бина, оцу суьйрене баьхкинчарна баркалла элира цо.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрташ тIехь: книга йовзийтаран суьйренехь
№32, пIераска, оханан (апрель) беттан 27-гIа де, 2018 шо