Дахаран халачу хьелашкахь долчу берийн гIолацаран фондо дIакхайкхийна «Тидамехь – бералла» цIе йолу журналистийн белхийн Ерригроссин IX-гIа конкурс дIайолаелла хилар.
Конкурс тIехьажийна ю юкъараллехь доьзалан а, берийн а, ден-ненан жоьпаллин а мехаллаш чIагIъярна а, юкъараллин кхетамехь буоберашца а, ден-ненан терго йоцуш дисинчу берашца а дика ойланаш а, уьйраш а кхоллаялийтарна а, берийн а, доьзалан а аьтто бацаршна профилактика яран Iалашонца доьзалшца болх баран тоьлла практика а, белхан зеделларг а юкъараллина довзийтарна а.
Конкурс регионийн а, федеральни а шина турехь дIахьур ю. Хьалхарчу турехь дIаяла йиш хир ю регионийн а, муниципальни а шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь йовзийтина материалаш. Тоьлла материалаш къастор ю регионийн вовшахтохараллин комитеташа.
Федеральни турехь яла йиш ю хьалхарчу турехь регионийн вовшахтохараллин комитеташа схьакъастийна йолу тоьлла материалаш а, федеральни шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь йовзийтина йолу материалаш а.
Конкурсехь билгалйина кхо номинаци ю:
- «Доьзал» цIе йолу дуьне» (доьзалан а, бераллин а гIолацаран а, доьзалан а, берийн а аьтто бацаршна а, социальни боллина а профилактика яран а, буобераш доьзалшка дIадаларан а, бераш доладаьхначу доьзалийн кхиамечу зеделлачун а тоьллачу практикашна лерина материалаш»;
- «Йистйоцчу таронийн новкъахь» (кхиаран а, могашаллин а шайн башхаллаш йолчу берийн кхиамечу социальни адаптацих а, иштта и тайпа бераш кхиочу доьзалийн гIолацарх а лаьцна йолу материалаш);
- «ГIалаташ тIехь болх» («Хала» бераш а, кхиазхой а, закон талхийна кхиазхой а юкъараллина юкъаозорах лаьцна йолу материалаш);
Иштта билгалйина ю ворхI кхин тIе йолу номинаци. Царна юкъахь ю «Тешаман 11 хьаьрк (цифра)» (берашна а, кхиазхошна а, церан дай-наношна а лерина йолчу Россин юкъарчу берийн тешаман телефонан балхах лаьцна йолу материалаш), «Да-нана» (дайн-нанойн берашна хьалхахь долчу жоьпаллах а, берашца къиза хилар дIадаккхарх а лаьцна йолу материалаш), «Башхачу адамийн дахар» («Шеран доьзал» Ерригроссин конкурсан жамIех лаьцна йолу материалаш), кхийолу номинацеш а.
Материалаш йовзийтина хила еза федеральни я регионийн шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь 2017-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 1-чу дийнера 2018-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 1-чу дийне кхаччалц болчу муьрехь.
Мелла а шуьйра хаамаш бовза йиш ю дахаран халачу хьелашкахь долчу берийн гIолацаран фондан сайта тIехь.
Контакташ: +7(495)606-71-02, kcj_fond@mail.ru (Дахаран халачу хьелашкахь долчу берийн гIолацаран фондан зIенийн департамент).