Церан цIерш техкина урамашна

IMG_2078

Т1аьхьарчу хенахь Соьлжа-Г1аларчу дуккха а урамашна керла ц1ерш техкина. Царна юккъехь г1арабевллачу юкъараллин г1уллакххойн, политикийн, яздархойн, турпалхойн ц1ерш ю. Оцу г1уллакхо воккхавево. Къаьсттина дагна там хуьлу вайн къоман векалан ц1арах урам гича. Республикин куьйгалло а, меттигерчу администрацеша а доккха г1уллакх дина цу декъехь. Мехала ду т1екхуьучу чкъурана дахарехь йоккха лар йитина нах бовзийтар. Оха юьхьарлаьцна  урамашна шайн  ц1ераш техкина нах  бовзийтаран 1алашо.

Соьлжа-Г1али юккъехь юх-юххехь ду Нурадилов Ханпашин, Шерипов Асланбекан, Ной Буачидзен ц1арах, Пионерски, Московски, Кавказски урамаш. Шерипов Асланбек а, Нурадилов Ханпаша а нохчийн халкъан турпалхой хилар хууш ду. Кхиазхошна юккъехь уьш  муьлхачу т1емийн турпалхой хилла цахуурш а бу.  Цундела  ишттачарна дуьйцур вай царех цхьадерг.

Шерипов Асланбек  1917-чу шеран граждански т1еман турпалхо ву. Ахархойн доьзалехь кхиъна иза.  Жима волуш дуьйна вара харцонна дуьхьал. 1917-чу шарахь хиллачу революцин байракх к1ела х1оьттинчарех ву.  1918-чу шеран февраль баттахь Теркан халкъан 2-чу съездан делегат хаьржира иза. Цигахь А.Шериповна вевза г1араваьлла большевик Киров Сергей. Цуьнца тасаделлачу гергарлоно кхин а ч1ог1а г1аттайо к1ентан ойла. «Нохчийн халкъо  Советан 1едал цхьа а шеко йоцуш къобалдийр ду», олу цо Съездехь къамел деш. Цигахь А.Шерипов Теркан Халкъан Советан декъашхо хоржу, цул т1аьхьа, Теркан Республикин къаьмнийн г1уллакхашкахула волу комиссар х1оттаво. Шен 20 шо долуш  т1еман отрядана коьрте х1утту иза. Оцу хенахь белогвардейцийн инарлин Деникинан эскарш  Теркан Республика Россих д1акъасто г1ерта. Халкъан комиссаран Орджоникидзе  Сергон т1едилларца Шериповс Ц1ен Эскар а кхуллий, дуьхьало йо паччахьан эскаршна. Лаьмнийн ярташкахь дуккха а революционераш къайлабоху цо.

1919-чу шеран март баттахь паччахьан инарлаша шега уьш схьабехча, Шериповс ондда дуьхьало йо царна, иттаннаш адамаш х1аллак а деш. Оьрсий а, нохчий а цхьаьна летира мостаг1чунна дуьхьал. 1919-чу шарахь Чехкара г1али йистехь хиллачу т1амехь А.Шериповс т1еийцира турпалаллин 1ожалла. Революцин  дуьхьа дахар д1аделира цо. Турпалхо а хилла, гуттаренна а халкъан иэсехь висира иза.  Цунах лаьцна дуккха а иллеш, эшарш.

Соьлжа-Г1аларчу Нурадилов Ханпашин ц1арахчу ураме кхаьчча карлайовлу цуьнан дахарера  цхьайолу  аг1онаш. Нурадилов Ханпаша 1941—945-чуй шерашкахь хиллачу Даймехкан Сийлахь-боккхачу т1еман турпалхо ву. Цуьнан доьналла, майралла юьйцуш ю нохчийн г1араваьллачу драматурга Хамидов 1абдул-Хьамида язйина «Лийрбоцурш» ц1е йолу  пьеса. Цу т1ехь нохчийн драматически театран актераша х1оттийна спектакль а яра. Цуьнан дахар доца хиллехь а, доьналлех дуьзна хилла.

IMG_2032

Нурадилов Ханпаша вина 1920-чу шарахь. Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа, мехкадаьтта доккхучохь  масленщикан болх бина цо. Ц1ечу Эскаре вахана 1940-чу шарахь.  Даймехкан Сийлахь-боккха т1ом болабелча 34-чу дошлойн полкехь – дошло, цул т1аьхьа пулеметчик хилла иза. Ханпашас дуьххьара шен майралла гайтира Захаровка  юьртахь. 1941-чу шеран 6-чу декабрехь  цигахь хиллачу т1амехь, чевнаш хилла, ша воллушшехь, Нурадиловс  юхатуьйхира фашистийн эскаран доккхачу декъан т1елатар. 7 мостаг1 йийсаре а лоцуш, шегарчу пулеметаца б1еннаш фашисташ х1аллакбира цо. 1942-чу шеран январь  Нурадиловс шен пулеметаца хьалха а волий, некъ боккху вайн эскаршна. Оцу латарехь цо х1аллакво 50 гергга фашист. И майралла гайтарна  Нурадиловна сержантан ц1е а, Ц1ечу Седанан орден а елира.1942-чу шеран февраль баттахь, юха а чевнаш хилла воллушехь, шен пулеметаца 200 сов мостаг1 х1аллакво цо. Цо вийнарг верриге а 920 фашист ву. Цуьнан т1аьххьарлера латар хилла Волга  хин аьрру бердайистехь. Х.Нурадилов вийна 1942-чу шеран 12-чу сентябрехь Сталинградехь. 1943-чу шеран 31-чу мартехь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указца Х.Нурадиловна Советски Союзан Турпалхочун ц1е тиллина.

Соьлжа-Г1алара Пионерски урам 1930-г1а шо т1екхаччалц Поселянски  ц1е лелош хилла.  Оьрсийн  «поселиться» бохучу дашах кхоллаелла цуьнан ц1е.

Н.Буачидзен ц1арах болчу ураман истори иштта ю. Самуил (Ной) Буачидзе г1араваьлла большевик хилла. Цул сов, цуьнан дахар доьзна хилла Соьлжа-Г1алица. 1905—1907-чуй шерашкахь Чеховн ц1арахчу библиотекехь  паччахьан 1едалх лечкъина 1ийна иза. Къилбаседа Кавказехь Советан 1едал х1отторехьа латтийначу къийсаман куьйгалхо а лаьттина иза.

Н.Буачидзе вина 1882-чу шарахь ахархойн доьзалехь. Юьртабахаман академи а, хьехархойн курсаш а яьхначул т1аьхьа, 1902-чу шарахь Россин социал-демократически партин декъа воьду иза. Москвахь, Ростовехь, Гуьржийн махкахь д1акхехьна цо революцин декъехь долу г1уллакхаш. 1917-чу шарахь Владикавказан Кхеташонан Президиуман декъашхо, цул т1аьхьа,  Россин социал-демократически партин республикин комитетан председатель  а хилла иза. 1918-чу шарахь Н.Буачидзе Теркан  Республикин Халкъан Комиссариатан кхеташонан председатель х1оттийна. Иза митингехь вийна. Ной цуьнан псевдоним хилла, бакъйолу ц1е Самуил ю.

 

Б.ДУДАЕВА 

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: