Нохчийн Республикерчу Оперативни штабан а, Антитерроризман комиссин а 2018-чу шеран оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахьлерачу №4/41 йолчу кхеташонан протоколан 1-чу пунктан 1.11.1. подпункт кхочушъяран хьокъехь долу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун Израйилов IабдулкъахIиран тIедиллар кхочушдаран гурашкахь, хаам бо!
Эккхаран я шеконан хIума гича а, карийча а, дан догIург (ца догIург а):
- Маггане а мегар дац цунах куьйгаш Iитта я дIасатетта.
- Мобилан телефонаш я радиозIенан кхиболу гIирсаш а лело мегар дац цунна юххехь.
- Шеконан хIума карийча, сихонца хаийта деза полицин я бакъонашларъяран кхийолчу органийн белхахошка.
Контакташ: Федеральни кхерамазаллин службин (ФСБ) Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин гIазанчаллин дакъа — 62-80-14; Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон (МВД) гIазанчаллин дакъа — 22-32-33, 22-24-30, 62-40-20.