Къилбаседа Кавказан кегийрхойн «Кинокавказ» фестивалан шорт-лист довзийтина

ХIутосург беттан 3-4-чуй деношкахь дIахьур йолчу Къилбаседа Кавказан кегийрхойн «Кинокавказ» фестивалан конкурсан программашкахь 20 сов картина гойтур ду.

Кинофестивалан сайта (www.kinokavkaz.ru) тIехь довзийтинчу шорт-листа юкъахь йоцца метраж йолу 10 фильм а, документальни 7 фильм а, социальни 4 ролик а ю. Конкурсан программехь дакъалоцуш Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIебартойн-Балкхаройчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, кхечанхьара а конкурсанташ.

Къилбаседа Кавказерчу кинематографин проблемашна тIе тидам бахийтаран Iалашонца дIахьош ю кинофестиваль. Цу юкъахь масех номинаци (дакъа) ю къастийна: йоцца метраж йолу а, документальни а фильмаш, социальни видеокийсакаш.

Контакташ: Ажагоева Зарина — 8(928)078-17-81, Челикин Артем — 8(928)914-17-84, kinokavkaz@mail.ru, kinokavkaz.ru.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: