Книгаш ешархойн кхерч

Библиотека юкъаралло пайдаоьцуш йолу книгаш гулъяран а, Iалашъяран а учреждени ю. Книго адамийн дахарехь йоккха меттиг дIалоцу.

Кхузткъа шо гергга хан ю №8 йолу библиотека – республикин къоман библиотекин филиал санна болх беш йолу. Йоккха яц цуьнан коллектив.

Коьртачу библиотекара Дачаева Айзана дийцира шайн балхах лаьцна:

– Вайн махкахь хиллачу тIеман хиламаша доккха зен динера библиотекина. 2009-чу шарахь библиотека юхаметтахIоттийча, дIаболийра оха болх.

Россин регионашкахула, вайн республикин Культурин министерствехула, кхечу библиотекашкара, ведомствошкара еара кхуза мохкбовзаран а, берийн а литература. Иштта вовшахтуьйхира библиотекин фонд.

Библиотеки чохь ешаран йоккха чоь ю, дIахIоттийна йийбар а йолуш. Чоьнаш сирла а, йовха а, цIена а ю. Стохка вайн республикехь дIахьош яра «СовгIатна книга ло библиотекина» акци. Вайн бахархой бахьана долуш кхин а тIеюьзира библиотекин фонд. Iилманан, исбаьхьаллин дуккха а книгаш еара наха.

Берийн а, кегийрхойн а книга ешарна тIе тидам бахийтарехь беш болх бу. ХIинцалера кегийрхой электронни ешаран кепе марзлуш бу. Цундела агитацин болх дIабахьа а, мероприятеш вовшахтоха а хьовсу тхо.

Иштта, тхан дика гергарлонаш ду №№60, 42 йолчу школашца а. Цигара дешархой кхуза схьакхойкху, царна лерина экскурси йо библиотеки чохь. Бовзуьйту библиотекарийн болх.

ХIора денна оха тIеоьцу дешархой, кегийрхой, кхиболу ешархой. Оха бинчу балхана тхуна делла совгIаташ, бераша куьйга бина говзаллин а, суьрташ дахкаран а белхаш бу шайн-шайн терхеш тIехь. Берийн боккха лаам бу книгаш еша а, цхьацца хIуманаш куьйга ян а.

Кхечу библиотекашкахь санна, тхан библиотекехь а ю юьхьанцарчу классашкара берашна лерина «Туьйранахь хьошалгIахь» клуб.

Берашца дIахьо мероприятеш, викторинаш, конкурсаш. Царна хазахета шаьш дешначу туьйранашна суьрташ дохкуш.

Иштта, хIора дезачу денна лерина республикин тIегIанехь дIахьочу мероприятешкахь а дакъалоцу оха.

Газеташна къастийна терхе ю, тIехь газетийн, журналийн таппаш йолуш. Ешархойн аьтто бу докладаш, рефераташ, сочиненеш язъеш газетийн, журналийн агIонаш тIехь шайна оьшу материал схьалаха а, цунах пайдаэца а.

Школашкарчу дешархошца а, студенташца а кхетош-кхиоран болх дIахьо. Дукхах йолу книгаш вайн культурин министерствос елла тхуна. Иза исбаьхьаллин а, студентийн а литература ю.

Ерригроссин библиотекийн денна лерина Сийлаллин грамоташца совгIаташ дина заведующина Закриева Хьавана, белхахошна Дачаева Айзанна, Умаева Маликина.

Библиотекехь лардан дезаш долу низам довзуьйту ешархошна. Иштта дIахьо берашна лерина библиографин дарсаш.

Библиотекин белхахоша берриге а ницкъ тIебохуьйту, уьнах цIена дахар берийн хилийтарна а, республикин патриоташ кхиорна а.

Ф.АЛИЕВА

№32, пIераска, оханан (апрель) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: