«Нохчийн хелхар» конкурс

Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо вовшахтухуш, дIахьош ю хIора шеран къоман хелхаран «Нохчийн хелхар» республикин фестиваль-конкурс.

Конкурс дIайолийра оханан (апрель) беттан 10-чу дийнахь Хьалха-Мартан I.Димаевн цIарахчу кIоштан культурин цIийнехь.

«Нохчийн хелхар» конкурс 2010-чу шарахь дуьйна дIахьош ю.

Иза дIаяхьаран коьрта Iалашо ю хореографин искусствон ламасталлин культурин тоьлла агIонаш кхиор а, Iалашъяр а, кегийрхошна нохчийн къоман хелхаран хазалла, оьздангалла гайтар а, йоI-кIант хелхадаларехь лардан дезачу гIиллакхийн маьIнех кхетор а.

I.Димаевн цIенна кIоштан Культурин цIенна хьалхарчу зезагийн курсашца кечйинчу майданахь хелхарш дира ТIехьа-Мартан а, Соьлжан а, Грозненски а, Хьалха-Мартан а кIошташкарчу кегийрхоша а, мехкарша а.

ХIора а кIоштара итт-итт йоI а, кIант а дара хелхаршкахь. Республикехь бевзаш болу балетмейстерш бара жюрин декъашхой. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин халкъан артист Межидов Iадлан, республикин искусствон хьакъволу гIуллакххо Магомадов Абулайса, Халкъан кхоллараллин туьшан исбаьхьаллин кхоллараллин отделан методист Коева Малика.

Конкурсан дакъалацархой хелхарш дина бевлча жюрис шен болх бира. Дакъалацархойн къоман духарна а, хелхаран техникина а, шаьш реза доцург олуш, бехк баьккхира жюрин декъашхоша кегийрхой конкурсана кечбарна жоьпалле болчаьрга.

Яьхначу баллашца конкурсан 2-чу турехь дакъалаца пхиппа кIант а, йоI а къастийра жюрис.

Фестиваль-конкурсо болх бира иштта оханан (апрель) беттан 17-чу дийнахь Курчалойн кIоштахь а, оццу беттан 18-чу дийнахь Шуьйтан кIоштахь а, 19-чу дийнахь Невран кIоштахь а.

ТIаьххьара финальни тур Хелхаран дуьненаюкъара де долчу оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь хир ю.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрта тIехь: «Нохчийн хелхар – 2018» конкурсан жюри

№32, пIераска, оханан (апрель) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: