Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн къоман театран а, М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театран а, вайн республикин Къоначу хьажархочун театран а артисташа баккхийчу хьовсархошна лерина йолу спектаклаш гайтарал сов, кест-кеста къоначу хьовсархошна лерина туьйранаш а гойту.

Иштта, дукха хан йоццуш М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь къоначу хьовсархойн таро хилира кхин цкъа а шайна дукха беза артисташ ган а, церан башхачу ловзарех ирс эца а.
Берашна лерина рогIера туьйра «Ансар а, Заза а» дара. Нохчийн Республикин искусствийн хьакъволу гIуллакххо Аюбов Муса ву туьйранан режиссер-постановщик.
Туьйранан коьрта турпалхо майра а, доьналла а долу кIант Ансар ву. Цунна дика хеташ хилла йолу йоI жинаша дIалаьцна хуьлу. Иза цаьргара схьаяккха дуккха а къахьега а, халонех чекхвала а дийзира цуьнан. ЙоI паргIатъяккхаран оцу чолхечу новкъахь шена тIе мел хIиттинчу киртигех доьналлица чекхвелира Ансар.
Сцени тIехь актераша хIоттийначу суьрто тешийначу бIаьргашца дукха лерина хьовсура бераш. Гуш дара, Ансарах а, Зазех а церан дог лазар а, оцу кIанта Заза паргIатъяккхаре цара сатуьйсуш хилар а. Ансар шена хуьлучу новкъарлонех чекх моссаза волу а, шайна хуьлу хазахетар тIараш деттарца гойтура къоначу хьовсархоша.
Ткъа иза цо цаьргара схьаяьккхича, къаьсттина самукъадаьлла хьаьвзира бераш. Спектакль йолаеллачул тIаьхьа дуьйна цара сатийсина чаккхе яра иза.
Берийн бIаьргашна аьхна хир долчу сирлачу басаршца кечйина яра декорацеш а, ткъа иштта актерийн духарш а.
«Ансар а, Заза а» туьйранехь коьртачу турпалхойн ролаш ловзийнарш хIорш бу: Ансар – Элисханов Хьасан, Заза – Шамсудова Карина, Ешап – Музаева Залина, хьалхара «жин» – Исламов Висхан, шолгIа «жин» – Махаури Iальви, Ворон Вороныч – Зайтаев Рашид.
АБДУЛАЕВ МАМЕД
Суьрта тIехь: «Ансар а, Заза а» спектаклан кийсак
№32, пIераска, оханан (апрель) беттан 27-гIа де, 2018 шо