Волгоградан пачхьалкхан медицинин университетан филиалан Пятигорскерчу медицинин-фармацевтийн институтан хьехархоша а, студенташа а Грозненски кIоштан 42 школин лакхарчу классийн дешархошца Йоккхачу-АтагIан №3 йолчу Пахаев Мовлдин цIарахчу школехь цхьаьнакхетар дIадаьхьира.
Лакхахь хьахийначу институто Къилбаседа Кавказан федеральни округан школашкахь дIахьош йолчу «КIелхьарадаккха дахар» проектана юкъайогIучу «Тхан классан профессор» Iилманийн-довзаран программина лерина дара и цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалоцуш бара Грозненски кIоштан дешаран отделан векалш Чагаева Залина а, Якубова Асет а.
Оцу цхьаьнакхетарехь дешархошна бовзийтира лоьрийн къинхьегам а, кхиамаш а, адамийн дахарехь медицино дIалоцуш йолу меттиг а. Манекен-симулятора тIехь медицинин хьалхара гIо муха дан деза гойтуш урок а дIаяьхьира. «КIелхьарадаккха дахар» проект кхиамца дIаяьхьна Ставрополан крайн а, Ростовн областан а, ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIебартойн-Балкхаройчоьнан а школашкахь.
Пятигорскерчу медицинин-фармацевтийн институтан директоран заместитела Говердовская Еленас дийцира адамийн могашалла Iалашъярна медицина оьшуш хилар а, хIора а денна иза кхуьуш хилар а, хинболу лоьраш, фармацевташ шайн корматаллина школашкахь дуьйна кечбан безаш хилар а.
– Тахана вай кхузахь цхьаьнакхетар вайна а, вайн гергарчарна а сихонца орца эшча хIун дан деза а хьоьхуш, лоьрийн говзалла адамийн дахарехь мел оьшу а, лор я фармацевт хила муьлха предметаш Iамон еза а дийцарна лерина ду. Тхан институтан хьехархоша дийца а дуьйцуш, студенташа гойтур ду манекен-симулятора тIехь дагна массаж а еш, садеIарна муха гIо дан деза, иштта кхидолу гIо дан а Iамор ду. Дукха хьолахь, хIара санна долчу цхьаьнакхетаршкахь лоьрийн говзалле безам а кхоллало дешархойн. Говзалла харжале хьалха, цунах лаьцна дерг девзина хилча дуккха а атта хуьлу оьшучу предметашкахула йолчу экзаменашна кечам бан. Проект дIаяьхьначу школийн дешархой оха хазахетарца тIе а оьцур бу, дола а дийр ду, – элира Говердовская Еленас.
Иштта цо билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказан федеральни округан школашкахь биологин а, химин а, физико-математикин а предметашкахула хаарш долчу дешархошца къаьсттина алсам болх дIабахьар мехала гIуллакх хилар. Оцу институтан хьехархоша а, студенташа а дешархошца цхьаьна ЕГЭ-хь хила там болчу хаттаршна жоьпаш лехира, дешархой царах кхета а бира.
Цул тIаьхьа Пятигорскерчу медицинин-фармацевтийн институтан истори а, студентийн дахар а довзуьйтуш йолу видеоролик гайтира. Хьеший тешна бара дешархошна юкъахь шайн институтан хинболу студенташ хирг хиларх.
Билгалдаккха лаьа оцу институтехь доьшуш вайн республикера 80 гергга студент хилар.
ВЕГИЕВА МАККА
№32, пIераска, оханан (апрель) беттан 27-гIа де, 2018 шо