Газетдешархочун байташ

Терлоева ПетIамат Котар-Юьртарчу №4 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо ю.

Школехь доьшуш йолуш дуьйна а яра ненан мотт хьоьхуш хьехархо хила лууш. Иштта, 1980-чу шарахь итт класс чекх а яьккхина, дукха ойла а ца еш, Л.Н.Толстойн цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете заочни кепара деша йоьду ПетIамат.

Школехь болх а беш чекхйоккху иза. ХIетахь дуьйна цуьнан хIора де шен даго хаьржинчу балхахь долало. Оцу балхахь йоллушехь иза ларайо байташ язъян. Царах цхьаъ йовзуьйту оха.

Нохчийн мотт

Ас лору даима жималлехь дуьйна
Хастам беш, Делера хьо совгIат сайн.
Ирсаца яьхна со къилба деш хьох
Хьан хIора хьаьркана суо хилла лай.

ЛадегIна, яьккхина лергара потт сайн,
Йист йоцу хIорда чохь дог Iабадеш,
Тарбелла дахарехь жовхIарийн хIонс хьо.
Пондаран озаца хьо бекабеш.

Тахана юха а даредо хьуна,
Сан лерсина дуьххьара хезна сан мотт.
Сан ненан озаца, дахар луш суна.
Хьо-м суна кхаъ хилла, сан нохчийн мотт.

Цул тIаьхьа тахьтаргех хьан маттахь левзи.
Бераллин гIенаш а хьан маттахь гуш.
Безам а жималлехь хьан маттахь бевзи.
Деле ден доIанаш, доьзал боьхуш.

Сан ненан безам хьо, хIай ненан мотт сан,
Хьан орамаш, ткъа, сан ден махкахь ду,
Цундела олу Ненан мотт, Даймохк а.
Вовшех ца дала чIагIо йина ду.

Нохчийн мотт, сан мехкан дозалла ду хьо.
Хьо буьйцург, хьо хуург хьо лорург ву
Хьо бовр бу бохучех цатешнарг ю со.
Хьайн халкъаца даима хьо бехар бу.

Л.ДАУТОВА

№32, пIераска, оханан (апрель) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: