Селхане йиц ца еш…

(Историн Iилманийн докторан, профессоран Ибрагимов Мусан 70 шо кхачарна лерина)

2018-чу шеран кхолламан (январь) беттан 3-чу дийнахь арадаьллачу «Даймохк» газетан агIонаш тIехь цхьа башха статья яра. Статьян дIайолор йоккхачу цIарца хиларна, газет схьадоьллушехь, шена тIе тидам ийзабора цо.

«Дайн кешнаш доцург, нохчашка хьоьжуш цхьа а вацара» яра цуьнан цIе. Кийрахь дог доцуш я бIаьрзе хила везара шийлачу маьхьарца синкIоргене кхийда цIе йолу и статья ца йоьшуш, тесна юьтург. Хьалхарчу могIанца дуьйна газетдешархо йийсаре лоцуш яра статья. Вайн дайша хьегна къа-бала балхош, кIорггера и гIуллакх довзарца, вайнаха лайна къизалла Iеткъарца язйина а яра иза. Цул сов, цIеначу нохчийн маттахь, дешан говзаллица, хIора хьаьрк маьIнах юзуш, газетдешархойн сих хьакхайолуьйтуш а яра.

Статьян чаккхенехь бен цуьнан автор мила ву ца хиира суна я хьажа дага ца деара. Цуьнан чулацамо дIалаьцнера сан ерриге а ойла, дайша хьегначу халонийн декъа ийзош, декъазчу нохчийн къоман исторехь мел хилларг карладохуш.

МогIарера статья хилла Iаш яцара иза. Къеггинчу похIмица, говзаллин лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица язйина яра. Цуьнан шен бахьана хиллера.

Статьян чаккхенехь авторан цIе а, фамили а яра. Иза историн Iилманийн доктор Ибрагимов Муса хиллера.

КIорггера хаарш, ира хьекъал, Къилбаседа Кавказехь а, генна цуьнан дозанал арахьа а шуьйрачу гуонашкахь вевзаш, ларамца шен цIе йоккхуш.

Воккха Iилманча, вайн махкарчу кхаа университетан профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин декъашхо-корреспондент ву Ибрагимов Муса. 150 сов Iилманан болх бу цуьнан зорбане баьлла. Масех книга ю. Царах цхьаъ, лакхахь хьахийначу «Дайн кешнаш доцург, нохчашка хьоьжуш цхьа а вацара» статья тIехь доцца хьахийнарг, шуьйра довзуьйтуш, тIаьхьарчу тIаьхьенашна дайша хьегна къай-балий хаийта яздина «Чеченцы: выселение, выживание, возвращение. (1940–1950-е годы)» цIе йолуш ю.

2015-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь ара яьлла ю иза. Даима санна, дуккха а къахьегнера Ибрагимов Мусас бакъдолчунна тIетийжаш иза язъеш. Ша схьаваьллачу къоме болчу боккхачу безамца, ирчачу сингаттамаша йийсаре лаьцначохь, яхь дIа ца луш, доьналлица къизачу зерех чекхдаьллачу халкъах дог лазарца язйо автора.

Куьзганахь санна, гуш ду бакъволчу нохчичо иза яздина хилар, авторан кийрахь детталуш къонахчун яхь йолу дог хилар. И тайпа книга зорбане ялар цхьана Мусан кхиам хилла Iаш бац, дерриге а нохчийн къоман кхиам бу иза.

Бералла

Хийрачу махкахь 1948-чу шеран оханан (апрель) беттан 30-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Ибрагимов Муса.

1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь, Сталинан хьадалчаша вайнах махках бохучу муьрехь, хIусамнана ялийна, шен доьзал болийна вара цуьнан да Ибрагимов Муслим. Дуьххьарлера кIант вара Рукъетан карахь. Майрбек цIе тиллинера кIантана. Муслиман да Деникинан эскарна дуьхьал вайнаха бинчу тIамехь турпала воьжнера 1919-чу шарахь.

ТIехь да воцуш хьалакхиъначу Муслимна дуьненан меха хетара шен дуьххьара дуьнен чу ваьлла доьзалхо. Цунах воккхавийна ца волура иза. Амма вайнах махках бохучу деношкахь Марзойн-Махкара бахархой гIаш ЦIе-Ведана охьабалийна, Соьлжа-ГIала охьабига машенаш йоцуш, кхаа дийнахь, кхаа бусий, гIеххьа диллина ло долуш, шийлачу арахь латтийнера. Ткъа бер, дуьне дохахь а бер ду! Цуьнан шен хьашташ хуьлу. И хьашташ Майрбекан а ца хилча ца довлура…

17 шо бен доцчу Рукъета шен кIантана цIано шийлачу лайца йора. Декхаш бера карахь дара аьлла, Рукъетана я кхечу зударшна кхоьллина бегIийлаш яцара, хьулбала кечйина ур-атталла кхалораш яцара, бехк-гунахь доцу халкъ махках даккха къиза чалхаш кегочу Iедалан векалийн. Эххар а, машенаш схьакхаьчна ИбрагимовгIар а, кхиболу марзамахкахой а Соьлжа-ГIала охьабигна, цIерпошта тIеховшийра. Амма Рукъетана дай баьхначу лаьттах яккхар а дицдеш, доьхна даьхкира шийлачу некъан хьалхара денош. КIант дIавелира ненан карахь. ИбрагимовгIарна гуш дара хьарчош марчо доцуш, доккхуш сагIа доцуш, некъан бохалла салташа охьакхуьйсу кхидолу декъий.

Делан къинхетамца, Муслиман деваша вара кхаьрца цхьана вагон чохь. Цо ненера шега дIаийцира дIаваьлла кIант. ХIора социйлехь, жIаьлеш санна, чулелхачу салташна хилларг ца хаийта, хаза дIахьарчийна, шен маракъевлира цо Майрбек.

ЦIерпошт дIайолаелча охьадуьллуш, сецначохь каралоцуш, салтий болчохь дийна волуш санна, юкъ-кара хьаста а хьостуш, генарчу махка дIадаьхьира ИбрагимовгIар Майрбекан дакъа. Казахстанан Актюбинскан областерчу Курашасай юьртахь совцийра уьш. Цигахь лахьте верзийра Майрбек. Оцу бохамо Iадийна Рукъет ехха лийлира дуьненах чам баьлла.

Делахь а, хийрачу махка кхаьчна 4 шо кхочуш, кхин цхьа кIант велира хастам хиларо АллахI-Дала Муслимна а, Рукъетана а. КIантана Муса аьлла цIе тиллира. Муса школе воьду хан хилале Курашасай юртара Iен-баха Актюбинске дIакхелха ИбрагимовгIар.

Цигахь воьду Муса хьалхарчу классе деша а. Дика доьшуш хьалхара класс чекхйоккху цо. Нохчех волчу хIора стеган иэсехь маьлхан зIаьнарех дуьзна 1957-гIа шо ду иза.

ШолгIачу классе Муса деша дIаволавалале, катоьхнна шен доьзал балош, Нохчийчу цIадоьрзу Муслим а, Рукъет а. Амма шайн ворхIе да ваьхначу Марзойн-Махка хьалабоьлхийла доцуш, цкъачунна, Хьаьжин-Эвлахь совцу. Цундела шолгIачу классе деша Муса Хьаьжин-Эвлахь воьду. Муслиман дай баьхначу керташка са лаьтта.

Цо дукха къахьоьгу Марзойн-Махкахь адамийн Iер-дахар карладаккха лууш. 13 шарахь тесна лаьттинчу махкана хилла зе кIезиг дацара. Ков-керташ беркъадевллера, некъаш кондарша хьулдинера, шовданаш токхамаша лакъийнера.

Делахь а, «Доггах вилхинчунна бIаьргех цIий догIу» – бохург санна, адамийн хьаналчу къинхьегамо мелла а битаме балийра мохк. Шо шаре далале Муслима а, цуьнан хIусамнанас Рукъета а доггах къахьегарца цхьа беркате гечо доккху шайн дог лаьттаче доьзал цIаберзо. Буьйдачу кибарчигех цIенош дира. Даьхни кхаба меттиг билгалъяьккхира, дуьйш-дерзо ирзо кечдира.

Юьхьанцарчу школин йиъ класс Марзойн-Махкахь чекхъяьккхира Ибрагимов Мусас. КхидIа деша Ведана хьалаваха дийзира, Марзойн-Махкахь юьхьанцара школе бен цахиларна. Ткъа Веданахь, Нохч-ГIалгIайн Республикин ерриге а кIошташкахь санна, школа-интернат яра. Цигахь дешархой буьйсанаш йохуш Iара, мукъачу дийнахь бен цIа а ца боьлхуш. Деша луучунна боккха аьтто бара иза.

Хьехархой а, оьшучунна кертара аравала а ца дезаш, библиотека а уллехь яра. Ткъа Муса жимачохь дуьйна дешарна чIогIа тIера вара. Къаьсттина самукъадолура цуьнан книгаш йоьшуш. Веданарчу интернатехь итт класс чекхъяьккхина волуш, хетарехь иза ерриге а бохург санна, оьрсийн классикийн литература ешна ваьллера.

Цуьнца цхьаьна кIанта йоьшура малхбузерчу авторийн книгаш. Литература йовзарх а, иза ешарх а боккха пайда белира Мусана. Кхиъна вогIу жима стаг книгаша Iамавора ойла ян, дикане кхийда, амал яхчо, керлачу анайисте кхийда. Лакхарчу классашкахь доьшуш волуш, Муса байташ язъян а волавелира. Уьш кест-кеста гора Веданан кIоштахь арадолуш хиллачу «Колхозан дахар» газетан агIонаш тIехь.

Иштта, цуьнан байташ Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан агIонаш тIехь а хуьлура юкъ-кара.

Доцца аьлча, тахана историн Iилманийн доктор волу Ибрагимов Муса кхиъна вогIучу муьрехь, шен дахар литературина дIадала, дог-ойла ир-карахIуьттуш а, журналистан корматалла караерзо Iалашо лаьцна а вара.

1966-чу шарахь волу иза Веданарчу юккъерчу школин интернат кхиамца чекхйоккхий. ТIаккха генарчу ойланашка вийлар доцуш, Москварчу пачхьалкхан университете деша, журналистан корматалла караерзо воьду. ДIаэцаран зерех чекхволу вайн махкахо. Амма баккъал а Москварчу пачхьалкхан университетехь, журналистан корматалла караерзо Iалашонца деша лаахь муххале а, оьрсийн, нохчийн мотт хаарх тоьаш ца хилла, кхечу къаьмнийн меттанаш а хаа дезаш хилла.

Ткъа Мусас Веданахь доьшучу хенахь, ингалсан я немцойн мотт Iамо аьтто хилла вацара. Цундела МГУ деша вахар ца хилира вайн турпалхочун. Делахь а, халонех озавелла, юхаволачарех вацара иза. Абитуриентех цхьамма-м элира Ленинградерчу гIишлошъяран институте деша воьдуш ца оьшу кхечу къаьмнийн мотт аьлла. Цунах кхаъ хилла Муса сихонца Ленинграде вахара.

Делан къинхетамца цигарчу зерех чекхвелира, цхьана шарахь деша а дийшира. Амма хан мел ели а Мусана гуш дара, гIишлошъярхочун корматалла шен даго тIелоцуш цахилар. Цундела цхьа шо дIадолуш, цо шен кехаташ схьаийцира, кхечанхьа деша ваха дагахь. Амма и «ловзарш» Советийн Iедало гена ца довлуьйтура.

Ткъа шо кхачале Даймахкана «декхар» дIадала дезаш вара муьлхха а жима стаг. Ибрагимов Мусана тIех ца тилира и хан.

1967-чу шарахь вахара иза эскарехь гIуллакх дан.

Iилмане боьдучу новкъахь

1969-чу шеран гурахь Советийн Эскарехь гIуллакх дина ваьлла цIавирзира Ибрагимов Муса. Дехачу Iаьно институте деша ваха йолчу ойланца, книгашна тIевоьлла кечам беш вара иза. Цахуург Iамош, хуург карладоккхуш, шен йолчу таронца хаарш тIедузуш вара жима стаг.

ХIинца санна, ахча хьалхадоккхий ца воьдура цу хенахь деша. Цкъа делахь, доьзална напха латтадалар а доккха хьуьнар хеташ хене буьйлучу нохчашкахь совнаха ахчанаш дан а дацара, шолгIачу декъана, нагахь санна, и ахча хилча а, институте доьзалхо деша вохуьйтуш иза дала деза аьлла цхьанна дага а ца догIура. Хаарш мехала дара оцу муьрехь. Цаьрга гIертарг сийлахь а вара.

Цунна кхин цкъа а Ленинграде ваха лиира. СССР-хь тоьллачу дешаран лакхарчу кхерчахь корматалла караерзор сийлахь хийтира.

Цундела, 1970-чу шеран хаза еанчу аьхка, жима стаг новкъа велира кхин цкъа а шен ирсан седа зен йолчу Iалашонца. Ленинградерчу университетан историн факультетехь деша лаам болуш юьхьарлаьцна некъ бара иза.

Амма Мусас кехаташ чудалале билгалделира историн факультетехь йоккха конкурс хилар (1 метте 30 стаг гергга). Оцу терахьо мелла а дог-ойла шелйира вайн махкахочун. Делахь а, деша дIа ца тасалуш, юхаволийла-м дацара цуьнан.

ТIаккха ладоьгIна, ойла йина, цо сема бIаьргтуьйхира кхечу факультеташкахь долчу хьоле. Мелла а кхуьнан дегайовхо юьтуш философин факультет яра, цул сов, философига нийсса бохург санна, Iамош истори а яра цигахь.

Конкурс а, иштта йоккха яцара, цхьана метте – бархI стаг. Шен кехаташ философин факультете чуделира цо. Дукха халонаш йоцуш, зерех чекх а велира.

Иштта, 1970-чу шарахь Ленинградерчу университетан философин факультетан студент хилира Ибрагимов Мусах. Муьлхха а стаг деша воьдуш ву университете а, институте а.

Бакъду, вайн турпалхо санна сутара хааршка кхийдаш студенташ кIезиг хаало лакхарчу дешаран кхерчашкахь. Хьалхарчу курсехь дуьйна тоьлла студент ларалуш чекхваьлла Муса. Юьхьанца дуьйна а Iилманан белхашкахь ша зен лууш къахьегна. Дика кхиамаш баьхна. Цундела хьехархошна дукха а везара.

Цул сов, Ленинград (хIинца Санкт-Петербург) могIарера гIала хилла Iаш яц. Цунах, ерриге гIаланах а, «тхов кIел йоцу музей» («музей под открытым небом») олуш дара, цкъа мукъане а цига кхача ирс хиллачо. Ленинградера хIора гIишло, тIай, доьду хи, урам, бошмаш историн хIуо детталуш ю.

Театраш, концертийн залаш, музейш, библиотекаш, денна дIахьош болу художникийн гайтамаш, дуьне цецдаккхал доккха Iаламат ду. Массо маьIIе кхача а, царах марзо эца а ларийра Муса, ша студент волчу муьрехь. Цунна евзира бакъйолчу искусствон исбаьхьалла.

Йовзарал сов, Россин пачхьалкхан историх а, оцу исторехь бIаьрла лар йитинчу адамех а долу шен хаарш тIедуьзира. Цунна доккха ирс хетара, цкъа мацах Пушкин, Лермонтов, Гоголь, Репин, Брюлов, иштта дуккха а кхиболу оьрсийн сийлахь яздархой а, художникаш а дIасалеллачу урамашкахула волавала, царах бIаьргтоха аьтто балар.

Цкъа а йовр йоцу лар йитина Ибрагимов Мусана цо Ленинградехь даьккхинчу пхеа шарахь. Цунна хIинца а хета Ленинград доккхачу дуьненахь уггаре а хазачарех цхьа гIала.

Делахь а, дешна ваьлча цигахь Iойла дацара. Лаьмнаша, царах бухдуьйлучу шийлачу шовданаша цIа воьхура иза. Веданан кIоштана мел гена валарх, цуьнан ховха безам, дог-ойла даима Нохчийчоьнах а, да-нана дехачу Марзойн-Махках а хьерчаш яра. Университетан хьехархоша дукха хьистира Муса, иза кафедрехь саца лууш.

1975-чу шарахь кхиамца Ленинградера университет чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIала цIавирзира вайн турпалхо. Амма мел халахеташ делахь а, жимачу стагана Соьлжа-ГIалахь болх ца хилира. Ленинграде юхаверза цунна бегIийла ца хийтира, дехарш дешшехь ша цIаварна. Кхузахь билгалдаккха догIуш кхин цхьа бакъдерг ду. Студент волчу шерашкахь, хийрачу гIалахь кIант ша цхьаъ хила ца луучу ден, ненан лаам кхочушбеш, Ибрагимов Муса хIусамнана ялийна, 1975-чу шарахь шиъ бер долуш, къоначу доьзалан да вара.

Цунна чуверза меттиг езара. Мах луш нехан петаршкахула лела хьал долуш стаг вацара иза. Къона говзанча балха дIакхойкхуш масех гIала яра. Делахь а, доьзал чуберзо Мусана хIусам ялар тIелоцуш Уфа гIалара цхьа институт яра. Кхин дан амал цахиларна, 1975-чу шеран хьаьттан (август) баттахь Башкири дIавахара иза шен доьзал эцна. Уфарчу мехкадаьтта даккхаран говзанчаш кечбечу институте Салават гIалахь филиал хиллера.

Цигарчу студенташна философи хьехарца дIаболийра Мусас шен къинхьегаман некъ. Оцу гIалахь елира цунна шина чоьнах лаьтта петар а. Цуьнан шен долахь хилла дуьххьарлера хIусам ю иза, дай баьхначу лаьттана генахь хиллехь а. Деа шарахь болх бо къоначу философа башкирийн махкахь.

Эххар а, 1979-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан говзанчаш кечбечу институтехь белхан меттиг нислой, доьзал балош цIавоьрзу иза. ХIинца а оцу лакхарчу дешаран кхерчахь хьанал къахьоьгуш ву иза.

ХIинца-м Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институтах техникин университет хилла. Болх миччанхьа беш хилча а, хаддаза Iилманан кIоргенашка кхийдаш хилла Муса. Мукъа еанчу хенахь цхьацца талламаш беш, йозанаш кегош, ткъес санна, ойла серлайоккхуш, коьрта чу деанарг дIаяздеш, къахьегна цо.

Цунна къеггина тоьшалла ду 1988-чу шарахь Ибрагимов Мусас боккхачу кхиамца тIечIагIйина философин Iилманийн кандидатан диссертаци. Диссертацин цIе яра «Негативное отношение к труду и его преодоление в условиях социализма».

Диссертаци тIечIагIъяр М.Ломоносовн цIарахчу Москварчу университетехь хилира. Дуьненна гIарабевлла бевзачу Iилманчаша лаккхара мах хадийра вайн махкахочо бинчу талламийн. Лакхарчу дешаран кхерчан хьехархо волу Ибрагимов Муса студенташна деккъа цIена Iилма довзийтарх тоам беш вац.

Цунна Iаламат маьIне хета Iилманан къайленаш ястарца къоначу чкъураца кхетош-кхиоран болх дIабахьар. Нохчаллех къилба дина вехачу философа йовзуьйту шен студенташна ворхIе дас лардинчу гIиллакх-оьздангаллин хазалла. Йосту ширачу ламастийн къайленаш. Iамабо дай баьхна латта деза, цуьнан тIалам бан, къинхетаме, дог цIена хила.

Ибрагимов Муса ша а ду бакъволчу нохчичун къеггина масал. Даима лам санна, собаре, гIиллакхе ву. Къоьжачу лаьмнийн баххьаш санна, иза даима а сирла, цIена, массаьрца велавелла-векхавелла ву. Хьанна а орцанца гIатта кийча ву. Цундела бу цуьнга ларам. Цундела массарна дукхавеза иза. Дозалла до иштта хьуьнаре, кIорггера хаарш долуш, нохчийн къоман кIант кхиарх.

Массарна цхьабосса чолхе даьхкинера Нохчийчохь ХХ-чу бIешеран чаккхенан шераш. ТIеман буьрса цIе яра вайн махках хьаьрчина. Дукха адам махках даьллера шайн синош довдийна. Иза церан бакъо яра. Цхьа а хIуттур вац царна бехк билла.

Делахь а, чолхечу заманан деза дукъ шайн белшаш тIе лаьцна, Нохчийчохь бисинарш бара. Царах цхьаъ вара Ибрагимов Муса а. Цо цкъа а диц ца до ша хьехархо хилар, Нохчийчоьнна оьшу къона говзанчаш кхио ша декхарийлахь хилар. Буьрсачу тIеман кхийсарш лахъелча, балха араваьлла, студенташна хьоьхуш, шен болх беш вара профессор.

Цул сов, уггаре а луьрачу хенахь дара цо историн Iилманийн докторан диссертаци, 2003-чу шарахь Москвахь, тIечIагIъеш. ТIеман кIуьрлахь вайн махкахочо тIечIагIйинчу диссертацин цIе яра «Формирование и реализация государственной миграционной политики в России 1990-е годы». «Миграци» боху дош вайн матта-эшаре дирзина дукха хан яц.

Советийн Iедал дохаро жигараяьккхина термин ю иза. Хиллачу союзан массо а маьIIехь тIеман цIе кхарстар бахьанехь, адамийн сингаттамаш деба буьйлабелира. Иттанаш шерашкахь шаьш Iийна меттигаш дIатосуш, кхечанхьа дIакхалхар тIедуьйжира цхьаболчу мисканашна. Сема тидам бина, Iилманан буха тIехь талламаш бина, буьрсачу тIамо Iовжийначу пекъарийн да хьоьгур воцу дахар дуьненна дIадовзийта аьтто белира вайн махкахочун. Боккха, мехала болх бара цо бинарг.

Говзанчаша лаккхара мах хадийра Iилманчин къинхьегаман. Цуьнан амалехь ду иза, ша деш дерг даима а массарна юьхькIам боллучу агIор дар. Цундела беркатечу хорша доьрзий, халкъана, махкана пайде хуьлу Ибрагимов Мусан куьйгехула чекхдаьлларг.

Цунна къеггина тоьшалла ду, шен вешица, историн Iилманийн докторца Ибрагимов Мовсурца цхьана, вайн турпалхочо кечйина «Нохчийн Республикин пачхьалкхан къоман политикин концепци».

Дийца даьккхинчуьра аьлча, Россин Турпалхочо, Нохчийн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана лаккхара мах хадош, тIе куьг яздина, дуьххьара чекхдаьккхина документ ду иза. КIорггера хаарш долуш, Къилбаседа Кавказан дозанал генна арахьа, сийдарца, лоруш Iилманча вара аьлла, Нохчийн Республикин юкъараллин дахарна цкъа а юьстахлаьттина вац Ибрагимов Муса.

Цуьнан даима а бала кхаьчна, цо баккъал а сагатдина ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь, Нохчийчохь хьийкъинчу лазамашна.

Хьекъалечу къамелаца, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорбане дохучу йозанашца хила тарло бохамаш юхатоха гечонаш лехна. Цхьаннах а озавелла, шена хетарг дIа ца олуш ца Iийна. Делахь а, шена цхьанна хетарг а, хуург а бен бакъ хуьлийла дац бохуш чу ца гIиртина. Мусас даима а маслаIат лехна. Ша схьаваьллачу нохчийн къомана пайдехь дерг лехна.

Нохчийчоьнан Парламентехь

2005-чу шарахь хаьржина хиллачу Нохчийн Республикин хьалхарчу Парламентан декъашхо (депутат) вара Ибрагимов Муса. Нуьцкъала амал а, синъондалла оьшура оцу заманахь Нохчийн Республикин депутат хила.

Историн Iилманийн доктор волчу профессоран Ибрагимов Мусан доьналла, яхь, хьекъал хилира халкъана оьшучохь, цуьнан векал хилла хьалхавала. Уггаре а халачу муьрехь, шайн бераш Iамош, церан кхетош-кхиоран болх шен семачу тидамехь латтош, чекхваьлла хьехархо депутат вахийта лууш, иза хьалхатеттинарш Соьлжа-ГIалара бахархой бара. Церан лаамна жоп луш, Iилманчас шена тIелецира и деза дукъ.

Нохчийн Републикин хьалхарчу Парламента шен болх дIаболош, могIарерчу депутатан даржехь ца витира вайн турпалхо. КIорггера хаарш, сирла синкхетам, лам санна собар, болатан гIап санна, цхьаьнга а даккхалур доцуш гIиллакх-оьздангалла долу Ибрагимов Муса Республикин Советан законодательствон а, пачхьалкхалла кхиоран а, меттигашкахь шаьш урхалла даран а комитетан председатель хаьржира.

Цу муьрехь Нохчийн Республикин Парламенто тIеэцначу масех законан автор а ву вайн турпалхо. Къаьсттина тидам тIебохуьйтура цо дешарца, Iилманца, къоман историца, культурица, литературица доьзна долчу гIуллакхашна.

Цуьнан дIадолорца тIелаьцначарах цхьаъ ду «О науке, научной и научно-технической деятельности ЧР» цIе йолу закон. Ибрагимов Мусах даьлла беркат ду тахана вайн оцу мехалчу законах пайдаэца йиш йолуш хилар. Кхин масане дара уьш, халкъана, махкана оьшу законаш халкъан векалан Ибрагимов Мусан дIадолорца юкъадаьхнарш.

Цундела ларамаза дац аьлла хета Нохчийн Республикин Парламентан куьйгалло цунна орденашца, мидалшца дина сийлахь совгIаташ: «За развитие парламентаризма», «За честное исполнение депутатского долга», «За трудовое отличие», «За заслуги перед Чеченской Республикой», иштта дIа кхин а.

Царна юкъахь ду Россин Турпалхочо, республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дина мехала совгIат а, Баркаллин кехат а, Нохчийн Республикин Правительствон а, Парламентан а грамоташ, Россин Федерацин Советан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин Сийлаллин грамоташ а.

Ибрагимов Муса «Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу гIуллакххо» сийлахь цIе дозаллица лелош а ву.

Кхоллараллин хьаьрмахь

Хаддаза къахьоьгуш ву М.Ибрагимов. Хьалха вай билгал ма-даккхара, Iилманан 150 сов болх бу цуьнан зорбане баьккхина. Царна юкъахь ю Iилманан статьяш, дешаран-методикин хьехамаш, монографеш.

КIезиг болх бац цо Россин пачхьалкхехь дехачу къаьмнийн юкъаметтигаш беркатечу йовхонца серлайовларе сатесна бинарг а. Цунна лерина яра 2001-чу шарахь зорбане яьккхина «Миграционные процессы на постсоветском пространстве» цIе йолу монографи а. «Миграция и политика» цIе йолуш, монографи язйира Iилманчас 2002-чу шарахь.

Ерриге а Россин пачхьалкхера лазамаш бийцаре бина ца Iаш, дукха белхаш язбина Ибрагимов Мусас нохчийн халкъо лайна баланаш дуьненна бовзуьйтуш а. Беркатечу ламасте дирзина историкин вежарийн ИбрагимовгIеран цхьаьна болх бар а. Иштта, историн Iилманийн доктор волчу Ибрагимов Мовсурца цхьаьна язйина ю Мусан «Чечня: через круги ада. О депортации и переселении чеченского народа» цIе йолу книга а.

2003-чу шарахь Москвахь зорбане елира и говзар.

2012-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь зорбане елира Ибрагимов Мусас, А.Нуридова, А.Балаева соавторш болуш язйина «Вклад русской интеллигенции в социально-экономическое и культурное развитие Чечено-Ингушетии в годы советской власти» цIе йолу книга.

Россин Турпалхочун, вайн Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, нохчийн къоман тептар тIехь болх беш бара Нохчийн Республикера историкаш «История Чечни с древнейших времен до наших дней» цIе йолуш Iаламат боккха, чолхе болх бара дIаболийнарг.

Цу тептаран шолгIачу тома тIехь къахьоьгучу авторийн куьйгалхо а вара Ибрагимов Муса. Иштта, Нохчийн Республикин Iилманийн академис арахоьцучу «Вестник Академии Чеченской Республики» журналан редколлегин декъашхо ву иза. Цул сов, Нохчийн Республикин Академис Iилманан статьяш, монографеш, дешаран пособеш вовшахъетташ зорбане йохучу гуларийн жоьпаллин редактор ву иза.

Де-буьйса ца лоьруш, кIадвалар, гIелвалар ца девзаш, хьаналчу къинхьегамехь синтем карийна Iилманан хьаьттахь вецаш ву иза. Иштта къона Iилманчаш кхиорехь болх беш а ву. Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетехь вовшахтоьхначу историн Iилманехь докторан диссертацеш тIечIагIъечу кхеташонан декъашхо а ву Муса.

Вайх хIоранна боккха юьхькIам бу иштта кIорггера хаарш долуш, ламанах долу шовда санна, хьаьъна синкхетам болуш, цIена ненан мотт хууш, гIиллакх-оьздангалла долуш Iилманча нохчийн къомах схьавалар. Шен 70шаре могашаллица, сирлачу хьекъалца, иза хьуьнарца кхачар вайна массарна а мерза кхаъ бу.

Ша санна оьзда, кхетаме, хьанал доьзал кхиъна цуьнан. Ибрагимов Мусан а, цуьнан хIусамненан – Детин а виъ доьзалхо ву: ши кIант, ши йоI. Дети Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет чекхъяьккхина, дуккха а шерашкахь школехь лакхарчу классашна хьоьхуш ю. Церан доьзал а бу лакхара дешаран кхерчаш чекхбаьхна.

Ибрагимов Мусан воккхах волу кIант Аслан кхиамца бизнес дIакхоьхьуш ву. ШолгIа кIант Ислам Шелковски кIоштахь федеральни суьдхо, карарчу хенахь кIоштан суьдан предедателан декхарш кхочушдеш ву.

Нохчийн Республикин пенсионни фондехь болх беш ю цхьа йоI Луиза. Ткъа шолгIа йоI Элиза шен ден лорах йоьдуш ю. Иза Нохчийн Республикин хьехархойн университетехь болх беш ю.

А.ГАЗИЕВА

№32, пIераска, оханан (апрель) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: