Халкъийн этнокультурин кхиарна а, къаьмнийн уьйраш а, махкахойн цхьаалла а чIагIъярна леринчу юкъараллин дIадолорашна гранташца гIо-накъосталла даран конкурс

2014-2020-чуй шерашна леринчу Пачхьалкхан «Нохчийн Республикера региональни политика а, федеративни юкъаметтигаш а» программин юкъара «Нохчийн Республикехь къаьмнаш кхиар а, къаьмнийн юкъаметтигаш а» подпрограмма (Нохчийн Республикин Правительствон 2018-чу шеран оханан (апрель) беттан 9-чу дийнахьлера №62 йолу Сацам) кхочушбаран а, Къоман политикин департаментан белхан планан а гурашкахь, къаьмнашна юкъахь къестамаш боцу кхетаме бахархой кхиоран декъехь юкъараллин организацийн болх бан дог даийтаран Iалашо а йолуш, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос дIахьош ю Халкъийн этнокультурин кхиарна а, къаьмнийн уьйраш а, махкахойн цхьаалла а чIагIъярна леринчу юкъараллин дIадолоршна гранташца гIо-накъосталла даран республикин конкурс.

Оханан (апрель) беттан 20-чу дийнера хIутосург (май) беттан 20-чу дийне кхаччалц болчу муьрана дIакхайкхийна конкурс.

Заявкаш хIутосург (май) беттан 15-гIа де тIекхаччалц схьаоьцу хIокху адресца: Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство (Соьлжа-ГIала, Дудаевн бульвар, Радион цIа).

Цу юкъахь дакъалаца луучу организацеша хIара кехаташ гайта деза:

1. Конкурсехь дакъалаца лаам хиларан хьокъехь долу дехар.

2. Организацина регистраци йина хиларан тоьшалла.

3. Юкъараллин организацин куьйгалхочо куьг яздина йолу, грантаца гIо-накъосталла оьшуш йолу проект.

Заявки тIехь билгалъяьхна йоцчу мероприятешна хьажо мегаш яц гранташ!

Конкурс дIаяхьаран къепе http://minnac-chr.ru сайта тIерачу «Пресс-Центр/Мероприятия» тIетовжарца карор ю.

№33, пIераска, хIутосург (май) беттан 4-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: