Нохчийн къоман генара йоцчу исторехь нисбеллачу хиламех уггаре а йоккха меттиг дIалоцуш, халкъан къеггина сурт хилла дисина ду Нохч-ГIалгIайн Автономни Республика меттахIоттарах лаьцна Советан Iедало 1957-чу шеран январь баттахь арадаьккхина Указ. Оцу Указо дог айдина, гучубевлира охьатаIийна, куьйгабакъо яйъина лаьттина нохчийн дика кIентий, похIма долу яздархой, Iедалан белхахой, вовшахтохараллин говзанчаш, артисташ: Гайрбеков Муслим, Мамакаев Мохьмад, Инаркаев Гихо, Индербиев Мохьмад, Умаров Мухари, Димаев Iумар, Мальсагов Зияуди, дуккха акхиберш. Оцу могIарехь къеггина схьакъаьсташ вара культурин, искусствон говзанча, доккха похIма долу куьйгалхо Татаев Ваха.
Татаев Ваха вина 1914-чу шеран 15-чу декабрехь Теркайистерчу ширачу юьртахь Девкар-Эвлахь. Цуьнан культуре болу безамдукха жима волуш дуьйна кхоллабелира. Пхийтта шо кхачале, 1929-чу шарахь Соьлжа-ГIалара рабфак чекхъяьккхина волуиза Горячеводскерчу клубан директор хIоттаво. Кхузахь цо жигара болх болабо халкъан кхоллараллин тайп-тайпана кружокаш вовшахтухуш, ша а царна юккъахь дакъа а лоцуш.
1938-чу шарахь цуьнан вовшахтохараллин похIма хилар гучудаьллачу куьйгалхоша 24 шо долу къона говзанча Татаев Ваха Нохчийн драматически театран директор хIоттаво. Кхузахь боккхачу безамца, жигара дIахьо цо нохчийн театран искусство айъаран болх, ша а спектаклашкахь ролаш а ловзош. Амма корматаллин актераш цахиларо болх ма-хетта дIа ца бохуьйту. Цундела Вахас дуккха а къахьийгира Московски театральни институтехь нохчийн актерийн студи схьаеллийтарехь 1939-чу шарахь цо сатийсина студи схьайоьллу, иза ша а цига деша воьду. Амма 1941-чу шарахь болабеллачу тIамо юкъадоккху дешар (нийсса 20 шо даьлча, 1961-чу шарахь заочно чекхйоккху цо ГИТИС). Нохчийн студи дIасайоккху, ткъа Ваха, юха а цIа волавой, Нохч-ГIалгIайн драматически театран директор хIоттаво. Театрехь болх бина ца Iаш, В.Татаевс вовшахтуху тIамехь болчу тIемалойн самукъадаккхаран концертийн бригадаш. Цара шайн болх дIахьо нохчийн исторехь уггаре а Iаьржачу муьрана – 1944-чу шеран февралана – тIекхаччалц.
Амма шен халкъаца махках ваьккхина, Казахстане вигначул тIаьхьа а ца хадайо Вахас культуриций, искусствоций йолу уьйр. Меттигерчу куьйгалхоша тидаме оьцу кхуьнан говзалла а, вовшахтохараллин похIма а. 1944-чу шарахь иза дIаоьцу Джамбулан областан театран директоран заместителан дарже х1оттаво. Цул тIаьхьа цо болх бо культурин тайп-тайпанчу кхерчашкахь. Ткъа 1948-чу шарахь иза Абайн цIарах йолчу операн, балетан театран директоран заместитель хIоттаво. Оцу балхахь а, цул тIаьхьа ша бинчу белхашкахь а В.Татаевс къеггина гойту ша культурин доккха похIма долу говзанча хилар а, муьлххачу а куьйгалхочун дарж дIакхехьа ша кийча хилар а. Казахстананреспубликин куьйгалхоша лаккхара мах хадабо цуьнан, культурин гIуллакхашкахь кIорггера хаарш долуш, говзанча иза хилар билгал а доккхуш. Иза тIечIагIдо В.Татаевна еллачу мидалша, Сийлаллин грамоташа, совгIаташа. Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIотторан хьокъехь долу Указ арадаьлчхьана Вахин са а, ойла а хьомечу Нохчийчу дIайирзинера.Казахстанан республикинкуьйгалхошна чIогIа ца лаьара хIара санна волу говзанча дIахеца. 1957-чу шарахь иза Нохч-ГIалгIайн Автономни Республикин культурин, искусствон урхаллин хьаькам хIоттаво, ткъа 1958-чу шарахь министран даржехь чIагIво. И дарж цо кхиамца дIакхоьхьу ткъа шарахь сов.
Татаев Ваха министр хилла цаIара. Иза лакхара говзалла, похIма долу куьйгалхо вара, шен ойланца, кхетамца, дахарехь леларца, шен дегIан куьцаца, лаккхарчу тIегIана тIехь лаьтташ волу. Тхуна, цуьнца болх биначарна, кхечу тайпана министр хилар дага а ца догIура, иштта бен кхин хила йиш а яц аьлла, хетара. Иза балхара дIаваьллачул тIаьхьа баьхкина, кест-кеста хийцалучу министрех ца дулуш дукха лийлира тхо, массо а цуьнца вустуш.
Суна Ваха 1968-чу шарахь вевзира. Хьехархойн институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа советски эскарехь цхьа шо а даьккхина, цIа веана волу со, Iилманан болх бар дезаш, республикин мохкталларан музей балха дIаэца аьлла, вахана вара. Цигахь директоран болх беш йолчу Зязиковас, цхьацца бахьанаш хьийзош, дIа ца оьцу аьлла, со министрана тIевахара. Де дика деш, со кабинета чоьхьаваьлча, шен гIента тIера хьалагIаьттира лекхачу дегIахь, куц долу, гIеметтахIоьттина стаг. Иза министрТатаев Ваха вара. Дика соьга ла а доьгIна, цхьацца хаттарш а дина, министра цIеххьана элира: «Музей-м, хьуна лаахь, дIаоьцуьйтур ву вай хьо. Кхузахь министерствехь болх бийр барий ахь?». Иза суна дагахь доцург дара, амма жима стаг Iехалун волу хIума дара. Оцу балхах лаьцна кхидIа дерг дийцийта, цо шен заместительна тIехьажийра со. Иштта, реза а хилла, со Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин министерствон лакхара инспектор хилира. Куьйгаллин даржашкахь доккха зеделларг долуш волчу Татаев Вахин цхьа шатайпа, къона культурин белхахой зуьйш долу тIегIа хиллера соьга делла дарж, культурин кхечаршка вохуьйтуш волу куьйгалхо кечвеш йолу институт санна. Цунах кестта со кхийтира. Цуьнца доьзна кхин цхьана хIуманах а кхийтира – Ваха Ахмедович шеца цхьаболчу хьаькамашка бегаш бойтур болуш ца хиллера.
1972-чу шарахь со Нохч-ГIалгIайн Республикин исбаьхьаллин искусствийн музейн директор вахийтира. Амма хIетахьлерчу советан Iедалехь цхьа а дарж Компартинкуьйгалхойх дагавалаза дала йиш йолуш дацара. Со гIалин Заводской районанхьалахара секретарь Куценко волчу барт бан хьажийра. Цо, со партехь воций хиъча, кхидIа къамел а ца дира, ша реза вац со оцу дарже вахийта аьлла, юхахьажийра.
«ХIун хилира хьан, кIант, вахарий хьо райкоме?», – хаьттира соьга Татаевс шолгIачу дийнахь. «Соьца кIезиг къамел ма ди цо-м, Ваха Ахмедович!» – аьлла, тхайн хилла къамел дIадийцира ас. Цуьнан шина бIаьрга юккъе шад хIоьттира. Чукхайкхинчу секретаре, ша Куценкоца зIене ваккха аьлла, омра дира цо. ТIаккха, телефон схьа а эцна, со цецвоккхуш, шога къамел дира цуьнца: «Накъост Куценко, со культурин министр ву хьуна. Со Правительствон декъашхо хилар диц-м ца делла хьуна? Ас хьайна тIеваийтина белхахо иштта юьхьза юхахьажо хIун бахьана ду хьан? Айса балха вохуьйтуш волчу стагах со жоп далалур долуш ву хьуна!». КхидIа хилла къамел дага ца догIу суна, вукхо дуьхьал хIун элира а ца хаьа, амма, шолгIа со тIевахча, кхин къамел-м дира Куценкос. Иштта, эвххьаза, ийза а ца луш, къамел дора цо муьлххачу а белхахочун кхоллам хийца йиш йолчу Компартин обкоман лаккхарчу хьаькамашца а.
Къаьсттина ша бакъ волчу хIуманна тIехьшен бакъо къовсур йолуш а вара, юхавер волуш а вацара. Иштта вара иза, ша хьакъволчу меттехь хиларна шен болх а, дахар а девзаш хиларна. ХIумма а хьесталуш а, озалуш а вацара иза РСФСР-нкультурин министерстверчу хьаькамех а.
Цхьана дийнахь цигара веана хьаькам, цо деана гIуллакх чекх а даьлла, лома сакъера вигнера оха. Малар совдаьлла, воккха хьаькам эвхьаза къамел дан волавелира. Вахас, кхидIа вах а ца волуьйтуш, кIоршаме дIасацийра иза. Дегабаам бинчу вукхоIоттар йира Татаевна, хьаькам лара, цхьадолу гIиллакхаш хьайна Iамийча бакъахьа дара ахь аьлла. «Накъост, – элира Вахас, – суна сайн дайн гIиллакхаш дика девза хьуна, хьаша лара а хаьа, амма ахь хIинца деш долу къамел оха цхьаьнгга а ца дайтина, куьйгабакъо яйъина кхойтта шо доккхучу хенахь а». Хьаькам хаъал ваставелира, ойла йина-а, Вахина тIе а вахана, мара кхийтира иза, бехк ма биллалахь суна аьлла. Цул тIаьхьа цуьнан, Татаевца болу ларам кхин а совбелира, и шиъ воккха ши хьаша хилира.
РФСР-н культурин ерриге а министерство а яра Ваха лоруш. Иза варе сатесча санна, хуьлура цу чохь мел верг, къаьсттина зударий, цо зезаг кховдадой, хаза дош олий, шаьш хьосту дела.
Цкъа гина суна и сурт. Вайн республикин культурин министерствехь болх беш волчу хенахь шеца Москва вигинера со В.Татаевс. Нах бовзуьйтур буша хьуна, шеца чувола аьлла, цо чувигира со РСФСР-н Культурин министерствон юкъарчу отделе. «ХIа, жимачу республикин воккха министр!», – аьлла хьалагIевттира чохь мел берш. Цхьаберш маракхеташ, вукхара хьал-де хоттуш, мала чай дуттуш, тIеийцира воккха министр а цуьнца волу со а. Иштта тIеоьцура иза «Москва» цIе йолчу хьешацIа чохь болчу белхахоша а. Гуттар а цигахь соцуш вара иза. Цо ваийтина аьлла, тIевахача, вайн культурин муьлхха а белхахо а тIеоьцура, «меттигаш яц» аьлла, дIатоьхна хаам боллушехь.
Ларамаза даьллачух кхеташ а, собаре а вара, амма, хаа а хууш, балха тIехь ледарло ялийтинчунна таIзар чIогIа деш а вара. Бакъду, атта балхара дIа а ца воккхура цо, лахавоккхий а, кхечу балха вохуьйтий а, вуьтура. Суна дага а догIуш, цхьа куьйгалхо балхара дIаваьккхина, рицкъанах хадийна вацара иза, белхахой лоруш а, ларбеш а вара. Цундела оха иза а лорура. Цхьа хIума тхайгара даьлча, цунна дуьхьал ца хIотта хIуъа а дан кийча хуьлура.
Иштта вара «воккха министр» Министр хилла ца Iара иза а, вай лакхахь хьахийна цхьамогIа хIетахьлера Iедалан белхахой а. Царна юккъехь хьахо хьакъ ву Хамидов Iабдул-Хьамид а, гIараваьлла халкъан яздархо Айдамиров Абузар а. Уьш пачхьалкхан гIуллакххой, Казахстанан, Юккъерчу Азин аренашкахь къийсамашкахь бахчабелла, диканан а, вуонан а хама хууш болу къонахий. Къонахаллех ца воха, нохчалла лардан цу хенахь мел хала дара хIетахь баьхначарна, Iедалан болх биначарна бен ца хаьа. Къаьсттина хала дара республика меттахIоттийначу хьалхарчу шерашкахь, лакхарчу куьйгаллехь цхьа а нохчи воцуш, цигахь болчу куьйгалхоша нохчийн гIуллакх дIа ца дахийта шайн ницкъ мел кхочург лелочу хенахь. Цара иза эвххьаза лела а дора.
Вахина а ца дитира «боссаша» шайца эвхьаза хилар, кIеззиг бахьана ма деллинехь, къинхетамза вохийра балхара. ДIаваьккхира, масийтта мидал елла хилар, Лакхарчу Советан масех гуламан депутат хилла хилар тидаме ца оьцуш, цо мел динарг нехашла хьакхийна… ГIо даккха вацара бакъдуьнена дIаваханаволу Гайрбеков Муслим а…
Шаре ца велира иза балхара дIаваьккхинчул тIаьхьа. Къийсамехь дуткъаделлачу даго ца лайра шена тIехь кхоьллина харцо.
Дала гечдойла цунна а, цул хьалха дIабаханчу нохчийн дикачу къонахашна а.
УСМАНОВ Iарби,
Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо